Рамадан беттан дозалла


БисмиллахIиррахьманиррахьийм
Марха кхабар – иза Делан дуьхьа ниййат а дина, марха 
дохош долчу хIуманех йухавалар ду, сатесначул тIаьхьа, малх чубуззалц йолчу ханна.

Лекхаволчу Дала вайл хьалхалерчу умматашна а 
тIедиллина хилла марханаш кхабар (3 марха хIора баттахь).

Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «ХIай ийман диллинарш! Шуна тIедиллина марха кхабар, шул хьалха баханчарна тIедилларх терра, хилийтархьама (Делах) кхоьруш». (Къуръан, 2 сурат, 183 айат).

Амма, Рамадан бутт, иза кхабар парз деш билгалбаьккхина бац, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда 
цунна) умматана бен.

Иза билгалдоккху Лекхаволчун дашо: «Шух (Рамадан) батте ваьллачо, иза кхобийла». (Къуръан, 2 сурат, 185 айатан чаккхе).
Бухарис а, Муслима а (Дела резахуьлда цаьршинна) 
дийцинчу хьадисо гойту Рамадан бутт кхабар Ислам-динан  баххех цхьаъ хилар.

«Ислам – ахь тоьшалла дар ду, АллахI воцург кхин Дела 
цахиларх а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) – АллахIан Элча хиларх а; ахь ламаз дар а ду; ахь закат далар а ду; ахь Рамадан баттахь марханаш кхабар а ду; ХьаьжцIа вахар а ду, хьан некъана ницкъ кхачахь».

ХIокху айташкара а, хьадисашкара а, хIорш доцучех, кхечарах а вайна хаьа Рамадан беттан марханаш кхабар хIора бусалбанна фарз-Iибадат дуйла. Иза иштта дац бохуш верг керсталла деш хуьлу, Дала вай лардойла цуьнан 
декъах хуьлучех.

Къинхетаме волчу Дала Шен лайшна лело ницкъ ца кхочург цхьа а хIума тIедиллина дац. Цомгаш верг а, некъаца верг а, воккхастаг а, йоккхастаг а, кийрахь йа дакхош бер долу зуда а, пхийттара валаза верг а – массо а шарIехь хьахийна ву. Царах цхьаберш марха дохо а, кхечу деношкахь доькхуш кхаба мегарш а бу, хIора ца кхаьбначу денна шайна тIера каффаратана (къинойх цIанбаларна) цхьа кана йалта (цхьа стаг вуззал даар) сагIина дала дезарш а бу, шайн жималлина парзаш хIинца а тIехь доцурш а бу.

(КхидӀа йеша «Даймохк» газетан 16-чу лоьмарехь)

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: