
Карарчу беттан 7-8-чуй деношкахь Нохчийн Республикехь хир йу «Толаман ЦӀерпошт».
Гуьмсехь соцур йолчу цуьнга маьхза хьовса йиш йолуш хир бу оцу гӀалин а, вайн республикин а бахархой а, хьеший а.
Делахь а, билгалдаккха догӀуш цхьа хӀума ду — цуьнга хьажа луург 🌐поездпобеды.рф портала тӀера маьхза билет эцна хила везаш ву.