Эхашеран жамIаш довзийтира

SPhNRFgpas-630xx225

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон органийн а, подразделенийн а ханна йолчу оперативни группировкин (ВОГОиП МВД РФ) а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а кхеташонехь. Цигахь бийцаре бира дIадаханчу эхашарахь бисина болу зуламхой хIаллакбарехь а, профилактикин декъехь а бина белхаш.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, республикин экономикин, юкъараллин кхерамазаллин советан секретарь Усмаев Вахьид, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, дIадаханчу эхашарахь бакъонаш талхор а, зуламаш дар а лахделла. И бахьана долуш цо даггара баркалла элира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахошна.

– Де а, буьйса а ца къестош Нохчийчохь маьрша дахар  латтош схьадогIуш ду шу. Шуна шайн белхан декхарш дика хаар а, уьш дика кхочушдар а бахьана долуш, республикехь нийсо а ю, лелаш закон а ду. Цундела суна шуна даггара баркалла ала лаьа, – бохура цо.

– Республикехь Iедало лардеш закон ду, бахархой вайх тешаш бу. Нахана гуш ду вай церан дуьхьа къахьоьгуш хилар. Цундела вайн бакъо яц малдала. Гуттар а дагахь хила деза мостагIий вайн республикехь юха а тIемаш хилийта лууш хилар. Уьш кийча бу шайн аьтто баьлча зуламаш даржо, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа Р.Кадыровс дакъалецира тоьлла белхахой билгалбохучохь. Россин Федерацин Президента Путин Владимиран Указца капитанна Хабибулаев Резванна «За мужество» орден а, сержантана Жанхотов Аьрзуна «За отвагу» мидал а, майорана Паньков Дмитрийна «За отличие в охране общественного порядка» мидал а елира.

Совг1аташ далар чекхдаьлча Р.Алхановс бовзийтира карара шо доладелчахьана шаьш бина болх. Цо дийцарехь 1476 зулам гучудаьлла. 21,6 процентана лахделла къаьсттина луьра зуламаш а. Бакъонаш ларъяран органийн белхахойн дахарна тIекхийдар, кхерамаш тийсар – 50 процентана. Иштта, 24 процентана лахделла кхиазхойн бехкана хуьлуш долу зуламаш. Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос а, Россин МВД-н ВОГОиП-о цхьаьна леррина мероприятеш дIаяхьар бахьана долуш, 6 бандит вийна, 49 схьалаьцна.

Шен къамел дерзош чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна баркалла элира шайна оццул лерина терго ярна. Цо билгалдаьккхира шаьш кхидIа а республикин бахархойн дуьхьа къахьега кийча хилар.

 

Р.МУСЛИМОВ

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: