Кадыров Рамзана ОАЭ-н Президент волчохь марха даьстина

Ӏаьрбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президента Мухьаммад Бен Зайед Аль Нахайана кхайкхина, марха даста вахана хилла Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Со чӀогӀа дика тӀелецира Шейха Мухьаммад Бен Зайед Аль Нахайана. Цуьнца хуьлуш долу хӀора а цхьаьнакхетар чӀогӀа мехала ду суна, иза сийлахь лидер а, цӀена бусалба стаг а ву. Со чӀогӀа воккхаве цуьнца долчу доттагӀаллех, йукъаметтигех», — йаздина Кадыров Рамзана.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ОАЭ-н Президент хьекъале, адамалла йолу пачхьалкхан гӀуллакххо хилар. Халкъан хьашташ кхочушдарехь дукха куьйгалхошна иза масал хилар а хаийтира цо.

«Ас баркалла боху хьомечу, воккхачу ВЕШИНА Шейхана Мухьаммад Бен Зайед Аль Нахайанна марха даста кхайкхарна а, иштта дика тӀелацарна а. Сийлахьчу Дала Шен доза доцу къинхетам бойла цуьнах», — йаздина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: