5000 стагана лерина маьждиг схьадоьллур ду Соьлжа-ГӀалахь

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан Соьлжа-ГӀалин Мухьаммад Ӏалин цӀарахчу урамехь маьждиг дечохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Кхузахь деш 5000 стагана лерина башха маьждиг ду. Пхи минар йолу горга гӀишло  йу иза. ХӀора а минар нохчийн халкъан йахь йолчу кӀентийн, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тешамечу накъостийн цӀарах йу — Хьасайнан, Юсупан, Рамзанан, Алхазуран, Абубакаран. 1998-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжина кӀело йинчу хенахь кхелхина бу уьш.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас Эдильгириев Амруддис хаам ма-барра, белхаш шен хенаца дӀахьош бу. ГӀирсашца а, говзанчашца а, ахчанца а халонаш йац. Цо тоьшалла ма-дарра, маьждиг хӀутосург беттан 9-чу денна схьаделла кийча хир ду», — йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира дӀахьош болчу белхашна ша реза хилар. Иштта цо баркалла элира цигахь къахьоьгуш болчу белхалошна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: