Нохчийчоьнан куьйгалло кегийрхойн гIолоцу

Снимок

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хаддазчу тергонехь латтадо къоначеран жигаралла айъаран, юкъаралла кхиорехь цара лоцуш долу дакъа алсамдаккхаран, уьш регионехь хуьлуш болчу мехалчу политикин, экономикин, социальни, культурин хиламашна юкъаозоран гIуллакхаш. Цунна тоьшалла лара мегар ду кху деношкахь цуьнан кегийрхойн боламийн жигархошца хилла долу цхьаьнакхетар а. Цигахь дакъалоцуш бара юкъараллин-политикин «Ахьмад» боламан, патриотически «Путин» клубан, Нохчийн региональни «Иман» организацин векалш.

Кадыров Рамзана цкъа хьалха марха даьстира кегийрхошца а, мехкаршца а цхьаьна. Цул т1аьхьа цигахь дакъалоцуш хиллачара Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна дийцира шайн дешарх, балхах, юкъараллин гIуллакхех, кхечух лаьцна. Вовшийн ларам хиларан, гIиллакх лардаран хоршахь дIадоьдура къоначеран къамел.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира кегийрхойн организацийн жигархоша дуккха а дика гIуллакхаш дина хилар. Цу юкъахь ду къона тIаьхье могаш, оьзда, гIиллакхе, яьхь, доьналла долуш кхиорна тIехьовсийна а, наркоманица къийсам дIабахьарна а лерина долу гIуллакхаш. Иштта, кегийрхойн организацийн декъашхоша къаьсттина дика гIуллакхаш дина тIекхуьу къона тIаьхье шен даймохк, халкъ дезаран, царна муьтIахь хиларан ойланехь кхетош-кхиорехьа. «Шен мах хадийна ца валлал доккхачу маьIне гIуллакх ду кегийрхой патриотически ойланехь, ийманехь кхетош-кхиор, кегийрхой эскарехь гIуллакхдан кечбар. Цу декъехь а дика болх бина кегийрхойн организацеша»,  – элира Кадыров Рамзана.

Цаьрга иштта гIуллакхаш далур дацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кегийрхойн боламашна, клубашна, организацешна оьшучунна тIехь комаьрша гIо деш ца хиллехь, церан балха тIехь хаддаза сема терго латтош ца хиллехь, уьш кест-кеста ир-кара хIиттош ца хиллехь.

Кадыров Рамзана тIелецира кхул тIаьхьа а кегийрхойн организацийн жигархошна цара деш долчу мехалчу гIуллакхашкахь массо агIор гIо-накъосталла дан. Делахь-хIета, шайн оццул тешаме тIетовжийла хилча кхин а жигарабаккха беза оцу организацеша шайн болх.

 

С.ХАМЗАТОВ

№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: