
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо Мамакхин-КӀотарарчу доьзална керла цӀенош дина. Оцу доьзалехь 1-чу группин заьӀапхо ву.
Керлачу хӀусаман догӀанаш дӀадаларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочо Эдилов Валида а, Грозненски кӀоштан администрацин куьйгалхочо Налаев Илеса а.
Хьалхо, тишачу цӀенош чохь, заьӀапчунца Ӏаш йолчу йахархочо Нохчийн Республикин Мехк-Дега Кадыров Рамзане хӀусамца гӀо дар дехнера. Цул тӀаьхьа оцу доьзална керла гӀишло йан сацам хилира.
Цара даггара баркалла элира Кадыров Рамзанна а, РОФ-н Президентана Кадырова Айманина а шайна керла хӀусам йарна.