Нохчийн Республике веана МЧС-н министр Куренков Александр

Белхан гӀуллакхца Нохчийн Республике веана Россин Федерацин МЧС-н министр Куренков Александр.

Иза хилира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь. Цигахь хьешо зезагаш дехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, генералан Зиничев Евгенийн а хӀолламашна хьалха. Оцу мероприятехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а вара.

Иштта, цигахь совгӀаташ дира балха тӀехь билгалбевллачу МЧС-н белхахошна.

Билгалдаккха догӀу, Куренков Александр Нохчийн Республикин Мехк-Деца Кадыров Рамзанаца цхьаьнакхета лерина хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: