
Соьлжа-ГӀаларчу Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь дӀадаьхьна Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар.
Дезде билгалдаккхарна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а, НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а, Администрацин куьгалхо Таймасханов ГӀалас а, НР-н Правительствон Председателан хьалхара заместитель – автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Ӏийса а, Нохчийчоьнан Мехк-Ден гӀоьнча, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, НР-н дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди а, НР-н культурин министр Ибрагимов Ӏийса а, кхиберш.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан салам-маршаллин кехат дӀадийшира Даудов Мохьмада.
«Хьоме махкахой, ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Нохчийн мотт вайн къоман коьрта билгало йу. Матто кхиош йу къоман амал а, гӀиллакх-оьздангалла а.
Нохчийн маттана къаьсттина тидам беш, иза Ӏалашбеш вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа(Дала гӀазот къобалдойла Цуьнан). Вайн мохк машаран новкъа боккхуш, цо уггаре а хьалха терго йиначарах бара нохчийн меттан говзанчаш. Цуьнан беркат бахьана долуш нохчийн маттахь эфире йевлира теле а, радио а передачаш, болх бан йолайелира культурин хьукматаш, сиха меттахӀоттийра нохчийн маттахь долу газеташ, журналаш арадовлар, вайн маттахь арахеца йолийра книгаш.
Нохчийн меттан хьал тӀаьхь-тӀаьхьа толуш ду, цуьнга болу сий-ларам совболуш бу. ХӀора а шарахь вай даздеш долчу Нохчийн меттан денца гуш ду иза. Тахана пачхьалкхан меттан даржехь бу нохчийн мотт. Массо а меттехь лела маршо а йолуш, хьоьхуш а, Ӏамош а, толлуш а бу иза.
Нохчийн мотт вайн къоман бахам бу, иза Ӏалашбар а, кхиор а, кегийчаьрца дӀакховдор а вайн массеран а декхар ду.