Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондо республикерчу а, дозанал арахьарчу а бусалбанашка марха дастийтар вовшахтоьхнера кху деношкахь. Фондан Президентан Кадырова Айманин лаамца дIаяьхьна яра билгалъяьккхина йолу дуьненаюкъара гIоьналлин акци. И бахьанехь 210 эзар гергга стеган марха даста аьтто хилира.
Ерриге а билгалонашца догIуш, Лайлатул-къадри буьйса хила тарло аьллачу суьйранна дIадаьхьира и меле гIуллакх. Республикин ерриге районийн центрашкахь а, «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, иштта Йоккхачу а, Жимачу а АтагIахь, Iалхан-Юьртахь, Хоси-Юьртахь, Гелдаганахь, Цоци-Эвлахь, Гихтахь, Iаларахь, Хошкалдахь, Керла Бенахь, Жалкхехь, кхечанхьа а бахархошка мархадастийтар вовшахтоьхнера цу суьйранна.
Ши эзар сов бусалба стаг марха даста вовшахкхийтира вайн мехкан пачхьенехь Москвахь а. Маккахь, Мединатахь, Урдунехь, ГIирмехь 60 эзар гергга стага марха даьстира фондан чоьтах.
Хонкаран Сивас, Конья шахьаршкахь 56 эзар стаге марха дастийтира региональни фондо. Меттигера бахархой хилла ца Iаш, ОвгIанера, Шемара тIамах бевддарш а, нохчийн диаспорийн векалш а, билгалъяьхначу шахьарийн мэрийн белхахой а, Хонкаран Парламентан депутаташ а бара царна юкъахь. Мархадастаран веза хьаша вара Хонкаран Парламентан Председатель Йылмаз Исмет. Шайн Парламентан цIарах нохчийн региональни юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а, Сивас шахьарахь йолчу нохчийн культурин туьшана а баркаллин кехаташца совгIат дира И.Йылмаза.
Билгалдаккха деза, цу тайпа меле гIуллакхаш вовшахтохар вайн республикерчу региональни фондан дикачу ламасте дирзина хилар.
А.ХАСБУЛАТОВА
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо