Соьлжа-ГӀалахь теннисан школа схьайиллина

Соьлжа-ГӀалахь теннисан школа схьайиллина. «Физически культура а, спорт а кхиор» федеральни проектан гурашкахь йина йу иза. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

«Ас хазахетарца дакъалецира цигахь. И мероприяти Соьлжа-ГӀалин а, РФ-н Президентан Путин Владимиран цӀарахчу кӀоштан а шарна лерина а, «Соьлжа-ГӀала – Россин культурин пачхье-2025» проектан гурашкахь а дӀайаьхьна йара. Мехала ду оцу объекто 84 белхан меттиг лург хилар.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хӀинца «АХМАТ» цӀе йолу футболан «Терек» клуб меттахӀотторца республикин спорт кхиоран бух биллира», — йаздина Кадыров Рамзана.

Спортан школа шина декъах лаьтташ йу: администрацин а, тховна кӀеллахь йолу теннисан кортан а. 200 стагана охьахаа меттиг а йу цигахь кечйина. Тхоьвна кӀеллахь а йоцуш, арахь кхин а 4 корт а йу комплексехь.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас баркалла элира Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министрана Кадыров Ахьмадна шена хьалха хӀиттийна долу декхарш дика кхочушдарна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: