Путин Владимиран кӀоштахь 20 эзар гергга белхан меттиг хир йу

Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а, энергетикин а министра Зайпуллаев Муслима  Йерригроссин «Молодой специалист – строитель будущего» кегийрхойн 30-чу форумна леринчу пресс-конференцехь.

Журналистийн хаттаршна жоп луш, министра дийцира гӀишлошйаран декъехь Нохчийчохь кхочушйеш йолчу коьртачу проектех лаьцна. Цо билгалдаьккхира Соьлжа-ГӀалин Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт йарна леррина терго йеш хилар.

«Республикин гӀишлошйаран объекташ йийца дуккха а хан йезар йу. Уьш кхочушйарца регионан куц хийцалуш ду. Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца йеш йолчу Соьлжа-ГӀалин керлачу кӀоштана лаккхара терго йеш йу. КӀошт йина йаьллачул тӀаьхьа цигахь 20 эзар гергга белхан меттиг хир йу», — аьлла Зайпуллаев Муслима.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: