Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира Республикин Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца, цуьнан хьалхарчу заместительца Тумхаджиев Iийсаца, заместительшца Тумхаджиев Абубакарца, Магомадов Iабдуллица, Хакимов Хьасанца, кхечаьрца. Цигахь дийцира карарчу хенахь экономикин декъехь йолчу проблемех а, республикин бюджет кхечаьрца кхочушъярах а, кхиаран некъех а лаьцна.
Правительствон Председателан инвестицийн политикехула волчу заместитела Хакимов Хьасана ша белхан гIуллакхца Белоруссехь хиларх а, цигахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетаран жамIех а лаьцна дийцира. «Белоруссхой вайца цхьаьна болх бан а, тайп-тайпана бизнес-проекташ кхолла а лууш хилар хиира тхуна. Масала, Нохчийн Республикехула Къилбаседа Кавказан кхечу регионашка шайн кхачанан сурсаташ а, юьртабахаман техника а кхачо лаам бу церан. Иштта цара билгалдаьккхира шайн лерринчу службийн белхахой шаьш Нохчийчохь Iамабайта дагахь хилар а», – хаам бира Хь.Хакимовс.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира белоруссхошца дика юкъаметтигаш кхоллаеллачуьра, цаьрца йолу экономикин зIенаш чIагIъян езаш хилар. «Белоруссехь белхазалла ян а яц ала мегар ду. Республика кхиаран дика гайтам бу иза. Цундела, вайн доттагIашца белхан юкъаметтигаш чIагIъян а, вовшашна зеделлачух пайдаэца а деза вай», – элира республикин Куьйгалхочо.
Бюджет кхочушъяран декъехь бан лерина берриге белхаш бан ма-безза кхочушбеш хилар билгалдаьккхира Эдельгериев Абубакара. Цо дийцарехь, цуьнан бахьана ду республикехь налогаш дика гулъеш хилар. Иштта, мехала ду республикин Правительство бюджетин организацешна декхар цахилар а.
Республикера некъаш тодарх лаьцна дийцира автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара. «Карарчу хенахь Ищерски – Оьрза-ГIала – ГIизлара некъ тобеш ду тхо. Иштта, плана юкъа мел йогIучу объекташкахь а ду дIахьош белхаш. Соьлжа-ГIалахь а оьрнаш дIа а дукъуш, оьшучу меттигашкахь керла некъаш а дохкуш, белхаш бина. Цул сов, машенаш дукха гулло меттигаш, къаьсттина «Минутка» майда а, Маяковскийн а, Старопромысловски а урамаш къаьста меттиг а, некъаш къасторан кхузаманан кепаца догIуш, тойийр ю», – дийцира А.Тумхаджиевс.
Иштта, кхеташонехь дийцаре дира республикехь дуккха а керла школаш еш хиларан а, бахархойн могашалла таллар (диспансеризаци) кхоччуш дIахьош цахиларан а хьокъехь долу гIуллакхаш. Тумхаджиев Iийсас дийцира республикехь керла 32 школа еш хиларх лаьцна. Царех 8 школа дешаран керлачу шарна кийча хир ю. Кхин 22 школа 2015-гIа шо чекхдалале йина ер ю, йисина 2 школа тIедогIучу шарахь чекхйоккхур ю.
Кхеташо ерзош Кадыров Рамзана билгалдаьккхира бахархойн могашалла талларна къаьсттина терго ян езаш хилар. Цул сов, хазаллин салонашкахь болчу белхахойн зударийн тайп-тайпана хьашташ кхочушдан бакъо луш долу сертификаташ, медицинин декъехь хаарш ду-дац талла дезаш хиларна а тидам тIебахийтира. ХIунда аьлча тIаьхьарчу хенахь алсамдевлла косметикин операцеш ледара яран хьокъехь долу аьрзнаш. «Шайн говзаллехь кхоччуш хаарш а, зеделларг а доцучу белхахошна хазаллин салонашкахь болх бар дехка деза», – тIечIагIдира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№ 79, еара, 16 июль, 2015 шо
