Вайн дийцар, Делан Элчанан Мухьаммадан (I.с.в.с.) бераллина тIера долор вай.
Маккин сийдолчу доьзалера схьаваьлла иза. Цуьнан да – Iабдул-МутIалибан кIант IабдуллахI шен гIиллакхца а, оьздангаллица а оцу шахьарахь а лоруш жимастаг хилла. Цундела мел гиначунна, мел вевзинчунна дукхавезаш хилла. Цуьнан нана – ВахIабан йоI Аминат – Къурайшийн тайпанах схьайаьлла, цIейаххана дикачу цIийнах дика йоI хилла. Элчанан дай Iаьрбийн элех чIогIа оьзда нах хилла. Элчан ЦIа – дика ЦIа ду, Элчан ЦIа – сийлахь ЦIа ду. ТIаккха шу цец ма довла, Дала шен Элча дикачу цIийнах хаьржина хиларх.
IабдуллахIа Аминат йалийра шен берхIитта шо долуш. Захало кхочушхилча, Iаьрбийн Iадатехь, стунцахошкахь кхо де даьккхира цара. ТIаккха шаьшшиннан хIусаме дIадахара.
Хаза, ирсе дехаш дара и шиъ. Амма и дахар дукха доца хиллера. Аминат доьзалхочух йолуш, Шема махлело вахар нисделира IабдуллахIан. Цигара цIавогIуш, Сирлачу Мединатехь садаIа сецира иза. Циггахь цамгар кхетта, цIеххьана дIакхалхар а, Мединатехь дIаволлар а нисделира цуьнан. IабдуллахI кхелхинчу хенахь ши бутт бара Аминат доьзалхочух йолу. ТIаккха Мухьаммадах буобер хилира, ша дуьненчу а валале. Дена Iабдул-МутIалибана хезира, шен кIант IабдуллахI Мединатехь дIакхелхина аьлла. Цунах чIогIа гIайгIане вара иза. Иштта гIайгIане хилира IабдуллахIах йисина Аминат а.
Аминат собаре хилийта, цуьнан бала байбан лууш, Iабдул-МутIалиба элира:
– Дела къинхетаме ву хьуна. Ас Цуьнга доьху вайна хилла бохам диканца меттахIоттор, ас Цуьнга воьху ден метта хIуттур волу дика кIант.
Дала цуьнан доIина жоп а делира. Оцу доьзална велира дерриге а Iаламах Ша къинхетам беш ваийтина доьзалхо.
Шен ненан кийрахь волу исс бутт кхаьчча, мийлад терахьашца лерича, (тахана вай лелош долу терахьаш), пхи бIе кхузткъе цхьайтталгIачу шеран ткъолгIачу апрелехь оршот дийнан Iуьйранна девешин Абу-ТIалибан хIусамехь дуьненчу велира (Делан Салам хиларг) Делан Элча Мухьаммад. И цIа серлонах хьаладуьзира. Элча (I.с.в.с.) дуьненчу ваьлча, цуьнан нанас Амината, хазахетаран кхаъ боккхуш, хабар дахьийтира Iабдул-МутIалибе. Воккхавеш веара тIаккха деда, нанна совгIаташ дохьуш. КIентан ворхI де кхаьчча, Дала цунна дагатесира, Шен Элчанна (I.с.в.с.) Мухьаммад аьлла цIе тиллар.
Мухьаммад дуьненчу вар билгалдоккхуш, къурайшийн тайпанах болу шен нах кхайкхира Iабдул-МутIалиба. Оцу хIусаме керла доьзалхо вар даздеш, самукъадаьлла, той дууш, баккхийбеш Iачу цара, хаьттинера дедега: «ХIун цIе тиллина ахь кIантана?» – аьлла.
«Мухьаммад – сийлахь хастаме бохург ду, и цIе тиллина ас, – дозалла динера дедас. – Делан лаамца стиглахь а, лаьттахь а нахана йукъахь хестош хилийта».
Дуьненчу валале байлахь висира Мухьаммад. Шен да гина вацара цунна. ХIетте а, АллахI-Дела вара даима цуьнан терго еш. Деда чIогIа воккхавера шен кIентан кIантах. Иштта, цкъа Аминате аьллера цо:
– Схьалохьа, карэцийтахь соьга Мухьаммад.
ТIаккха нанас и дIавеллера цуьнга. ЧIогIа лерина, ларвеш схьаийцира дедас кIант. Ирсах воккхавечу Iабдул-МутIалиба аьллера:
– Ас даггара декъалйо хьо хIокху исбаьхьачу доьзалхочуьнца. Вай чIогIа гIайгIане ма дара кхуьнан да IабдуллахI дIаваьлча. Дела дика ву. Дала, и бохам байбеш, цуьнан метта доккха дика делла вайна, Мухьаммад дуьненчу ваийтарца. Хьажахь кхуьнга, сан йоI, ма чIогIа тера ву шен дех. IабдуллахI хIинца дийна велахьара, кхоччуш ирсе хир дар-кха вай. Хьажахь кхуьнан шина бIаьрге, баккъал а шен ден ши бIаьрг бу-кха. Хьажахь йуьхьа тIе, дечух ма тера йу-кх иза. Кхул хаза бер хила йиш йуй-те дуьненахь а?
Iабдул-МутIалибе хьаьжира Аминат. Иза ирсе а, чIогIа воккхавеш а карийна, йела а къежна, элира цо:
– Кхунах воккхавеш лелийта, Дала хан йахйе хьан.
ХIетахь дуьйна Iабдул-МутIалибан Iедал дара дийнахь шозза Мухьаммад (I.с.в.с.) волчу вогIуш: Iуьйранна а, делкъал тIаьхьа а.