Йоккха хазна йукъайиллина нохчийн берийн литература кхиорна

(Гайсултанов Iумаран 105 шо кхачарна лерина)

Нохчийн исбаьхьаллин литературехь мехала меттиг дIалоцуш йу Гайсултанов  Iумаран кхолларалла. Цуьнан дуьххьарлера говзарш, коьрта долчу декъана берашна а, кегийрхошна а лерина йара. Хьаххийначуьра аьлча, нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин говзарш леррина берашна а, кегийрхошна а йазйеш хиллачу йаздархойх хьалхарниг вара иза. ХХ-чу бIешеран 50–80-чуй шерашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кест-кеста арайовлура йаздархочун говзарш.

Гайсултанов Iумар вина 1920-чу шарахь Шелахь ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олуш хилла Гайсултанов Iумара.

Йуьртара ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Соьлжа-ГIаларчу рабфаке деша вахара Iумар. Дика доьшуш чекхбаьккхина цо дешаран и кхерч. Дукха хан йалале дIаболабелла Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. 1941–1943-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакхдина I.Гайсултановс.

Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь, 1944–1957-чуй шерашкахь, ГIиргIизойчохь финансийн органашкахь белхаш бина. Даймахка цIа вирзича чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. 1958-чу шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран киншкаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх бина.

Гайсултанов Iумар исбаьхьаллин говзарш йазйан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-гIа шераш йуккъе даханчу хенахь. Шен дуьххьарлерчу говзарийн куьйга йозанаш цо деша дIалуш хилла лингвисте, литература таллархоче Мальсагов Дошлукъога. ХIетахь ГIиргIизойн университетан оьрсийн меттан кафедрин доцент хилла Дошлукъо. Лаккхара говзалла йолу и Iилманча нохчий а, гIалгIай а шайн Даймахка цIабирзинчул тIаьхьа а Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь профессор вара. Цо гIо дина волалуш волчу йаздархочунна литературин болх караберзорехь.

Iумаран дуьххьарлера «Болат-ГIала йожар» киншка арайаьлла 1959-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Ширачу хенахьлерчу нохчийн дахарера гIуллакхаш ду «Болат-ГIала йожар» повестехь дуьйцуш дерш. Повестехь автора гайтина хьалхалерчу заманахь, ширачу хенахь хилла вайнехан дахар, хIетахь адамийн вовшашца хилла йукъаметтигаш, гIиллакхаш, амалш, церан Iер-дахарехь Iитталуш хилла гIуллакхаш. Цу тIехь билгалдолу хьалхалерчу заманахь маьршачу адамийн дахар муха хилла, цара хIун халонаш лайна, церан доттагIий а, мостагIий а муьлш хилла.

Йаздархочунна оцу хенахьлерчу адамийн гIиллакхаш, амалш, дахар довзарехь гIо дина халкъан барта кхолларалла йевзаш хиларо, ширачу дийцарех пайдаэцаро. Повестехь вайна го нуьцкъалчу адамийн васташ, маьршачу дахарехьа къийсам латточу халкъан доьналла, вайна девза тайп-тайпанчу къаьмнех болчу дикачу кIентийн вовшашца долу тешаме доттагIалла, цхьабарт болуш гIевттинчу маьршачу наха шайн мостагIий эшош хиларан хьелаш.

Йаздархочо леррина гойту повестан турпалхой, церан гIиллакхаш, духар, лелар: Iаьржачу кхакханан месала куйнаш, логе кхаччалц долу ветанаш дIа а доьхкина йолу цIахь дечу кIадих тегна гIовталш, пезагашна тIехула кога йуьйхина, кIеда ча чу а диллина, наьIаран мачаш, гIовталшна тIехула дихкинчу доьхканех кхозуш йеха шаьлтанаш. Иштта духар а дуьйхина воккха ши стаг Нажий, Цицкий кхайкхина луларчу йуьрта воьдуш ву. Шайн уггаре кегийчарах цхьацца бер Лечий, Кхокхий ду цу шимма шайца дуьгуш. Дуьне хаздеш, Iалам самадоккхуш йогIуш йолчу бIаьстенан дезде тIекхачарна, иза даздеш дакъалаца хьошалгIа кхайкхина воьдуш ву воккха ши стаг. Повеста тIехь къеггина гойту оцу ширачу заманахь дезде тIедеача, йа цхьа вон-дика Iоттаделча, адамаша беш хилла лерамаш.

Талорхоша, тешнабехкаца тIехьашха тIелетта, воккха ши стаг Нажий, Цицкий охьа а тухий, куьйгаш доьхкий, йийсар во. Изза дира Нажин кIантана Лечина а. «Буьрсачу лаьмнашкарчу буьрсачу Болат-ГIала дIадигира талорхоша йийсарш». ГIалин дайша-талорхоша, шайна къар ца велча, Нажий, Цицкий кIоргачу Iин чу кхоьссина, Леча Гуьржийчу вигна, воьхкина. Йуьхьанца гуьржийн цхьана элан жа дажош хилла Леча, цул тIаьхьа реми тIе хIоттийна. Цигахь йалх шо доккхуш ша санна болчарна йуккъехь накъостий а карийна, мелла а дуьне, адам а девзаш, лата а Iемаш, андаваьлла Леча. Леча а, цуьнан накъост гуьржи Хвичо а, даима бохург санна, цхьаьна гойту повестехь. И шиъ барт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн чIогIа терго йеш хилар гайтина йаздархочо. Цу шиннан ойланаш цIена йу, Iалашонаш беркате йу. Оцу некъа тIехь чIагIвала, шайн Iалашонаш кхочушйан цу шинна гIо до воккхачу стага Иагос. Иза шена кIентан терго йеш хилла, цо бийцина Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, вада аьтто а баьккхина, ваккха ма-веззара новкъа ваьккхира Иагос ши кIант. Лечин а, Хвигон а хьуьнарш кхиарехь, цу шиннан гIиллакх-оьздангалла кхиарехь мехала хилла, ши кIант эла волчохь волуш, Иагос церан терго йар.

Лечас чIагIо йинера Болат-ГIаларчу талорхошца тIом латто. Кхуьнан йуьртахоша а сацам бинера: «Дийнахь а, буса а саццаза, бохийна дIабаххалц, Болат-ГIаларчаьрца тIом латто, церан бен, лаьттина меттиг ца йуьтуш, бохийна дIабаккха». Болат-ГIалара талорхой тIаьхь-тIаьхьа нахана даккхий зенаш деш, чIогIа зуламе бевллера, уьш боха а бина, церан гIала йожийчий бен адамаш паргIат дехар дацара. Лечас а, цуьнан накъосташа а воккхачу стеган Чалин куьйгаллица говза а, майра а тIелетарца паргIат бехира йийсарехь латтийнарш, эшийра талорхой, йожийра церан туш хилла лаьттина Болат-ГIала.

ЦIеначу маттаца, исбаьхьаллин сурт хIоттош, йазйина йу повесть. Талорхоша йийсар а дина, «хьалхаваьлла куьйгаш дихкина воккха ши стаг а, йуххе хIоьттина йоьлхуш йогIуш Кхокха а йолуш», и турпалхой дIабигар гайтинчул тIаьхьа, автора боху: «Новкъахь Кхокхас даьхна зезагаш охьакхиссинчохь дисира, маргIал а делла». Зезагаш адамийн дахарехь а, Iаламехь а сирланиг, хазаниг, исбаьхьаниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара бIаьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дикачунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, хIаллакдо. Кхузахь маргIалделла зезагаш шатайпа метафора йу, цо кхин а чIагIдеш санна хетало талорхоша дина зулам. Иштта меттигаш алссам йу повестехь.

Маьршачу халкъо Iазап ца лов, цо шена паргIато йоккху, цо эшабо муьлхха а мостагIий. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика кIентий, цара халкъ вовшахтуху паргIатонехьа болчу къийсамна, иза толаме кхачадо. Иштта ду «Болат-ГIала йожар» повестан коьрта маьIна.

1960-чу шарахь арайаьлла йаздархочун шолгIа киншка. «Кавказан лаьмнашкахь» йу цуьнан цIе. Дийцарш ду цу тIехь зорбатоьхна. Цул тIаьхьа ши шо даьлча арайаьлла «Сема лергаш» цIе йолу дийцарийн гулар. Цунна тIаьххье арайевлла «Къийсаман новкъахь» (1963), «Керлачу дахаре» (1964), «Тешаме доттагI» (1965) киншкаш.

Оцу говзарийн коьрта тема йара берийн, кегийрхойн дахар, церан уьйраш, лехамаш. Шен говзарийн турпалхойн ойланаш, гIиллакхаш, гIуллакхаш говза гайтина автора, берийн синкхетамца догIуш ду цо кхоьллина исбаьхьаллин васташ, суьрташ. Киншкаш берашна, кегийрхошна лерина йу. Иза нохчийн литературехь керла дара. Йаздархочо шен йерриге а кхолларалла берашна лерина хилар вайн къоман литературехь даьржина дацара, оцу гIуллакхехь Гайсултанов Iумар хьалхарниг вара.

1965-чу шарахь Москахь «Детская литература» издательствехь оьрсийн матте йаьккхина арахоьцу «Iаьрби» цIе йолу повесть. Украинхойн маттахь а арайаьлла и повесть. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арайаьлла «Массарна а боьлийла малх» повесть. И повесть тIаьхьарчу шерашкахь берашна лерина арахецначу говзаршна йукъахь тоьлла лерира 1969-чу шарахь Нальчикехь берийн литературин хьокъехь дIайаьхьначу кхеташонехь. Молдаванийн маттахь а арахецна «Массарна а боьлийла малх» повесть.

Масех басня а йазйина Гайсултанов Iумара. Царах йу «Барзо амал ца хуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIераш йерш. Дукха хьолахь баснешкахь, уьш дIайолалуш йа чекхйовлуш даладой авторера дешнаш хуьлу. Оцу дешнашкахь къеггина билгалдолу баснин коьрта маьIна. Амма и коьрта маьIна шайца гучудолу авторан дешнаш доцуш а хуьлу баснеш. Ишттачарех йу «Кхо стуй, борззий» басня. Оцу тайпанчу баснин маьIна а, цо луш болу кхетам а цуьнан чулацамца билгалболу. Борз басни тIехь мекарло йолуш гайтина, цо шен йамарта Iалашо мекарлонца кхочушйо. Барт болуш цхьаьна болчу кхаа старна дуьхьал ца йалало борз, цундела барт бохийна, цхьацца а дохий, хIаллакдо цо стерчий. Вовшашна йукъара барт боьхча, хIаллакьхилира кхоь а сту. Йуьхьанца, кхаа стеран барт болчу хенахь, царна цуьрриг а кхераме йацара борз. Гуттара а уьш бертахь хиллехьара, вовшийн лардеш, Iалашдеш, берзан эладитане ла а ца доьгIуш леллехьара хIаллакьхир дацара. Авторан шегара жамI дар доцуш, баснин текстехь гучудолу маьIна.

Нохчийн Республикин тайнигийн театрехь йеххачу хенахь кхиамца хIиттийна I.Гайсултановн «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа» пьесаш. Цуьнан «Малика», «Мила ву хьо?» повесташ йаздархочун кхоллараллехь керла агIо йара. «Малика» повестан коьрта турпалхо – нохчийн къона зуда Малика, библиотекарь йолчуьра дIа а йаьлла, йуьртабахаме балха йоьду. Къинхьегамехь, йукъараллин дахарехь дакъалаца Iалашо йу цуьнан. Шен нийсархошца цхьаьна йуьртабахам кхиош йу иза. ХIайттараллица вовшахтуху Маликас шен звенон болх, кхечаьрца йохье бевлча, толам боккху цуьнан звенон декъашхоша.

Малика къинхьегамехь гайтарца цхьаьна цуьнан синхаамаш, безам, ойла гайтина йаздархочо. Маликин оьзда васт цуьнан хьаналчу къинхьегамехь, цуьнан адамашца йолчу дог-ойланца, цо шена хьалхахIиттош йолу Iалашонаш гайтарца, уьш кхочушйарехь цо дечу гIуллакхашца билгалдаьккхина автора.

Повестан персонажех хIора а шен сибат-амалца, кхечарах къаьсташ йолчу амалца, шен меттан башхаллица, вовшех къаьсташ йу.

Шен хенахьлерчу йуьртабахаман проблематика йу йаздархочо «Малика» повестехь къастийнарг.

«Мила ву хьо?» шина киншкех лаьтташ йоккха повесть йу. Кегийчу нехан васташ кхоьллина йаздархочо, церан дахаран Iалашонаш, лехамаш гайтина. Замано дохьуш долу керланиг, беркатениг чIагIдан новкъарло йеш долчуьнца къийсам латтош кхуьуш бу кегийрхой.

1974-чу шарахь арайаьлла Гайсултанов Iумара исторехь хиллачийн буха тIехь йазйина «Александр Чеченский» повесть. Историн тема ойъу автора шен керлачу говзарехь. Паччахьан Iедало олаллин Iалашонаш кхочушйеш Кавказехь тIом латтийначу хенахь а оьрсийн прогрессивни нехан нохчашца хилла беркате йукъаметтигаш гойту йаздархочо шен повестехь. А.С.Пушкин бовхачу безамца вийцинчу Раевский Николайс тIе а лаьцна, кхиийначу нохчичун Чеченский Александран кхоллам гойтуш йу повесть. Нохчийчуьра тIеман цIергара дIавигна кIант Н.Раевскийн доьзалехь кхиъна. Москвара университет чекх а йаьккхина, лаккхара дешар дешна а, культура йолуш а волчу Чеченский Александра шен хенан тIеман говзалла карайерзийра. Инарла-майоран чине кхечира иза. ТIамехь тIехмайралла, хьуьнарш гайтарна коьртабуьйранча М.И.Кутузов а сий-ларам беш хилла Чеченский Александран. Оьрсийн поэт а, тIемало а волчу Давыдов Дениса а дуккха а диканиг йаздина шеца партизанийн отрядехь хиллачу Чеченский Александрах лаьцна.

Историн дуккха а хиламаш чулоцуш йу повесть. Уьш авторна эшна шен турпалхочун дахар а, цуьнан амал а кхиаран хьелаш кIорггера довзийта. ХVIII-чу бIешеран шолгIа эхе йукъал тIехйаьллачу хенахь Алдара Ушурма (Шайх-Мансур) коьртехь а волуш нохчий а, Къилбаседа Кавказера кхидолу халкъаш а паччахьан эскаршна дуьхьал шайн паргIато ларйеш гIовттар гойтуш дIайолало повесть. Говзачу исбаьхьаллин кепехь гайтина говзарехь историн и бакъдерш. Повестан композици чолхе а йоцуш, турпалхойн васташ дика гойтуш а, авторан идей къеггина билгалйоккхуш а йу.

Кавказера, Россера, Францера хиламаш буьйцуш а бакъдолчунна тIера ца волу йаздархо. Говзара тIехь ша гойтуш долу гIуллакхаш I.Гайсултановс кIорггера теллина хилар хаало киншка йоьшучу хенахь. Халкъан патриотизм, майралла билгалйолучу суьрташца, говза кхоьллинчу исбаьхьаллин васташкахь гайтина 1812–1814-чуй шерашкахьлерчу Даймехкан тIамехь оьрсийн халкъо Наполеонан эскарш эша а дина, Даймохк паргIатбаккхар.

Оцу тIамехь къаьсттана билгалдевлла нохчичун, Чеченский Александран бIаьхочун хьуьнарш хьакъ доллучу исбаьхьаллин басаршца гучудаьхна йаздархочо. Амма цо тоам ца бина шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш дийцарх, цуьнан васт дуьззина кхоьллина автора.

Повестехь вайна гайтина Чеченский Александран ойланаш, цуьнан цIена безам, йовха доттагIаллин уьйраш, даймахкана, халкъана иза хьанал хилар. Ша вина меттиг, дай баьхна мохк – Нохчийчоь дагайеача, цуьнан дог дуткъадалар хаало вайна. И дерриге а Гайсултанов Iумара кхочушдина дагах хьакхалуш долчу исбаьхьаллин васташца а, суьрташца а. Говза йазйинчу говзаран билгалонаш йу уьш.

Повестан хиламаш 1816-чу шарца чекхбовлу. Амма эпилогехь автора хаийтина шен турпалхочун цул тIаьхьа хиллачу дахарх дерг а.

Нохчийн историн прозехь дикачарах йу «Александр Чеченский» повесть. Кхоллараллин таронаш йаккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Цуьнан кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиорехь мехала йара. Цундела ларамза дац йаздархочун говзарш хIинца а ишколашкахь а, лаккхарчу дешаран заведенешкахь а Iамош хилар, къоначара уьш хазахетарца йоьшуш хилар.

ПохIме йаздархо Гайсултанов Iумар кхелхина 1980-чу шеран чиллин беттан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIалахь шен 60 шо а кхачале.

I.АРСАНУКАЕВ, филологин Iилманийн кандидат

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: