Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьалхара гIулчаш

Партин лаккхарчу органийн сацамна тIе а тийжаш, СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на йукъахь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» Указ арадаьллачул тIаьхьа дIадолийра нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн автономи меттахIоттор. Нохч-ГIалгIайн АССР-на йукъайахийтира: Грозненски областера Соьлжа-ГIала а, Грозненски, Гуьмсан, Каргалински, Красноармейски, Междуреченски, Надтеречни (Теркан), Новосельски, Наурски (Невран), Советски (Шуьйтан), Шелковски кIошташ; Дагестанера (цунах дIатоьхна хилла) Андалалски, Веданан, Ритлябски, Шурагатски кIошташ, БотIлихан а, ЦIумадин а кIоштийн малхбузера дакъа (ЧIебарлойн а, Шаран а кIошташ хиллачу дозанашкахь); Къилбаседа ХIирийн АССР-ра – Малгобек гIала а, гуонахара меттигаш а, Коста-Хетагуровски кIошт, Правобережни кIоштан къилбаседа-малхбален дакъа (Ачалукин кIоштан хиллачу дозанашкахь).

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитет чIагIйаран хьокъехь» долчу Указаца юридически чIагIдира белхан ханна йолу и орган кхоллар. Цуьнан куьйгалхо Гайрбеков Муслим вара, махках ваккхале хьалха ВКП (б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман секретаран болх бина волу. Вовшахтохараллин Комитетан секретарь хIоттийра Комаров Михаил. Iедалан кхочушдаран лаккхарчу органан декхарш тIедехкина хиллачу оцу органна йукъавахийтира: Ф.Баранов, Е.Брыскин, А.Гагиев, Г.Дементьев, Х.Дукузов, Д.Мальсагов, Н.Петров, В.Русин, С.Струлев, К.Сулейманов, I.В.Тепсаев, В.Хозиев, У.Цутиев, А.Яковлев, М.Яндиев.

Нохчий а, гIалгIай а бохийначу хенахь шайн цIераш хийцинчу кIошташна шайн хьалха хилла цIераш йухайерзийра 1957-чу шеран чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнахь. Иштта, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман сацамца Новосельски кIоштах йуха а ТIехьа-Мартан кIошт хилира, Шуршатских – Курчалойн, Коста-Хетагуровских – Назранан (Несаран), Андалалских – Нажи-Юьртан, Ряитлябских – Сесанан, Красноармейских – Хьалха-Мартан, и.дI.кх.

Оцу шеран чиллин беттан йуьххьехь дIайаьхьначу СССР-н Лакхарчу Советан йалхолгIачу сессехь а дийцаре дира махках даьхна халкъаш шайн махка йухадерзоран хьокъехь долу гIуллакх. Цигахь билгалдаьккхира халкъаш цхьаьна хенна меттах а девлла, Къилбаседа Кавказехьа дIататталахь йаккхий халонаш, дагахь йоцу чолхаллаш кхоллалург хилар. Цул сов, уьш дIанисбар а дара тIех хала гIуллакх. Цундела оцу сессехь чIагIдира адамаш кегийчу тобанашка а доькъуш, леррина денош билгал а дохуш, новкъадаха дезаш хилар. ХIора халкъан доккхалле (адамийн дукхалле) хьаьжжина билггал хенаш хIиттийнера республикаш меттахIитто а, халкъаш цIадерзо а, дIанисдан а. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторна билгалдаьхнарш 1957–1960-гIий шераш дара.

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 30-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитето а, КПСС-н обкомо а КПСС-н ЦК-н бюро йахьийтира РСФСР-н Министрийн Советан «Нохч-ГIалгIайн АССР-на гIо дарехь тIаьхьа ца тоьттуш дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь болчу сацаман проект. Оцу документехь (30 агIо йолуш долчу) довзуьйтура нохчийн а, гIалгIайн а бахархой Даймахка йухабалорехь а, керлачу меттигашка дIанисбарехь а кхочушдан деза гIуллакхаш. Оццу шеран чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь РСФСР-н Министрийн Совето тIеийцира «Нохч-ГIалгIайн АССР-на гIо даран гIуллакхийн хьокъехь» болу сацам.

Пачхьалкхо сацам бира республике йухабоьрзучарна гIо дан. 1957-чу шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь арабаьллачу РСФСР-н Министрийн Советан сацамца нийса а догIуш билгалдеш дара цIенош дан хIора (йа цхьана) доьзална 10 эзар соьме кхаччалц кредиташ далар, цIа чу кхелхина кхо шо даьллачул тIаьхьарчу 10 шарахь дIадаккхар. ЦIенош а, кертара кхин гIишлош а тойарна кхаа эзар соьме кхаччалц кредиташ дара луш. Тодинчу цIа чохь кхо шо даьккхинчул тIаьхьарчу кхаа шарахь кредиташ дIа а токхуш. Кредиташ луш дара даккхий даьхни эца а (бежанаш, говраш, и.дI.кх.). Бакъду, могIарерчу стагана данне а атта дацара кредиташ схьаэца. Царна уьш буьззинчу барамехь схьалуш а дацара.

1958–1960-чуй шерашкахь ахча делира ишколаш йарна а. Йинарг 60 ишкола йара. Оцу ишколашкахь деша аьтто бара 24 440 дешархочун. Цул сов, ши ишкола-интернат а, болх беш болчу кегийрхойн ши ишкола а, хьехархойн ши училище а, санаторно-хьуьнан ши ишкола а, берийн ши цIа а, 24 берийн беш а йира оцу шерашкахь. Билгалдеш дара 47 промышленни предприяти йар. ХIусамаш йаран декъехь дан леринарш а дара дукха гIуллакхаш. Кхаа шарахь пачхьалкхан харжийн чоьтах 311 эзар кв. метр йукъара майда йолу хIусамаш йар дара билгалдеш. Республика меттахIотторехь доккха гIо дора Къилбаседа Кавказерчу а, Россин кхечу республикашкарчу а, крайшкарчу а, областашкарчу а халкъаша.

Йуьртан бахам кхидIа а кхиоран планашца нийса а догIуш, Нохч-ГIалгIайчохь 12 совхоз а, 63 колхоз а вовшахтохаран белхаш дIаболийча Волгоградан а, Саратовн а областаша кхузахь дохнан фермаш йайта 3 эзар бежана а, 15 эзар уьстагI а баийтира. Цо таро йелира цхьамогIа кIошташкахь даьхнилелоран гIуллакх сихха когахIотто.

1958-чу шеран кхолламан (январь) бутт тIекхочуш Казахстанера а, ГIиргIизойчуьра а цIакхаьчнарг 52 934 доьзал бара (йа 201 746 стаг). Шайн цIеношкахь Iаш вара 37 960 стаг, керла динчу цIеношкахь – 15 608 стаг, кхечеран хIусамашкахь дIатарвелларг – 14 077 стаг. ЦIенош дан латтанаш деллера 2 645 стагана.

Iедало боккха тидам тIебохуьйтура дешарна, Iилманна, культурина. Хьалхалаьтташ долу декхарш хьесапе а эцна, 1957-чу шарахь республикин бюджетехь дешарна билгалдинарг 107 миллион сом ахча дара, йерриге а бюджетах 25 процент. Вуно дукха ахча ду иза оцу хенахь. Республикин Iедало халкъан дешаран органашна хьалха декхар хIоттийнера нохчийн а, гIалгIайн а доьзалшкара доьшу хан кхаьчна дерриге а бераш ишколе дахийтар тIедуьллуш. Оьшуш меттигаш йолчохь кечамбаран классаш йуьхьанцарчу а, ворхIшеран а, йуккъерчу а ишколашкахь схьайоьллура.  Ишколе даха хан йолчу 26 683 берах школехь доьшуш дара 20 918 бер.

Йоццачу хенахь вовшахтуьйхира йуьхьанцарчу классийн а, нохчийн а, гIалгIайн а меттанийн а 250 хьехархо кечваран а, йухакечваран а шина беттан курсаш. Соьлжа-ГIалин ишколал хьалхарчу а, хьехархойн а училищех Нохч-ГIалгIайн хьехархойн училище йира, ши отделени а йеш – ишколин а, ишколал  хьалхара а. 1957–1958-чуй дешаран шарахь нохчийн а, гIалгIайн а къомах волчу 150 стагана цигахь деша меттигаш а кхуллуш.

Махках дохучу хенахь йукъахбаьккхина хилла болх 1957-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь йуха дIаболийра нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Ленинан некъ» а, гIалгIайн маттахь арадолуш хиллачу «Сердало» а газеташа. Иштта, республикехь арахеца долийра кIоштийн 17 газет, царах 10 газет нохчийн а, гIалгIайн а меттанашкахь дара.

Йуха а арахеца долийра литературин-исбаьхьаллин «Орга» (нохчийн маттахь), «Лаьмнийн Iуьйре» (гIалгIайн маттахь) альманахаш.

Оццу шеран асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь меттахIоттийра историн а, меттан а, литературин а Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институт.

Цул тIаьхьарчу шерашкахь цигахь белхаш бира цIейаххана болчу Iилманчаша, йаздархоша, шайн мехкан бакъболчу кIенташа, йоIарша. Царна йукъахь бара: Эльмурзаев Серажди, Мальсагов Дошлакъа, Ошаев Халид, Музаев Нурди, Мальсагова Тамара, Гойгова Зарема, Алироев ИбрахIим, Чентиева Марем, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Хасбулатов Асланбек, Манкиев Абубакар, дуккха а кхиберш.

1958-чу шеран мангалан (июль) баттахь шен неIарш йуха а схьайиллира (дейтта шо даьллачул тIаьхьа) Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро.

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан Вовшахтохараллин Комитетан а, цуьнан Куьйгалхочо Гайрбеков Муслиман а къинхьегаман хьуьнар бахьанехь аьтто белира и гIуллакхаш дан.

Ибрагимов Муса,

историн Iилманийн

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: