Нохчийн Республикин ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юьртара вахархо хилла волу Акаев Даша – дуьххьарлера нохчийн летчик, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, майор, Балтин ЦIечу Байракхан флотан ТIеман-хIаваан ницкъийн хIаваан тIелатарийн 9-чу дивизин 35-чу авиаполкан командир.
Дуьненан хьалхара тIом болчу хенахь паччахьан Николай ШолгIачун тIедилларца инарла Д.П.Багратиона ламанан къаьмнех лаьтта Кавказан къаьмнийн (туземни) дошлойн дивизи вовшахтоьхна. Цу йукъахь нохчийн, гIалгIайн, балкхаройн, жIайхойн (суьйлийн), чергазийн, гIезалойн дошлойн полкаш хилла. Акаев ИбрахIим Нохчийн полкан дошло хилла.
Малхбузерчу фронтехь мостагIашца майра летарна, «Акха дивизи» цIе йахана цунна. ИбрахIиман Урус цIе йолуш, тешаме, дика дин хилла. 1918-чу шарахь, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, цуьнца цIа а веана иза…
XX-чу бIешеран 20-чу шерийн йуьххьехь Советийн Iедал дIахIуттучу хенахь ИбрахIим, шен доьзал балош, ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юрта ваха схьакхелхина.
Акаев ИбрахIиман доьзалехь 1910-чу шеран оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь дуьненчу ваьлла Акаев Даша. Iалхан-ГIаларчу школа-интернатехь а, йуха Ростоверчу ФЗУ-хь а доьший, Даша «Ростсельмаш» заводехь слесаран балха хIутту. Балхана мукъа йеанчу хенахь аэроклубе эха волало.
1931-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Акаев деша Бийскан граждански авиацин пилотийн хьалхарчу цхьаьнатоьхначу школе воьду. Кхиамца иза чекх а йоккхий, 1933-чу шарахь Закавказан йуьртан бахаман авиацин пилот хуьлу цунах. Оцу хенахь кхиа йолало техника, авиацин лаккхара чехкалла, хIетахь дуьйлало кеманаш гена дIасалела.
Йуьртабахаман белхаш бечу хенахь, кеманца Закан-Юьртана тIехула кхузза дIасавоьду иза. ДIасауьду бахархой цец а бохуш, йуьрта йистехь охьахаадо цо кема.
1934-чу шарахь Одессера тIеман летчикийн школехь доьший, Ейск гIалин хIордан авиацин летчик хуьлу Дашех.
Амуран ЦIечу Байракхан флотилехь иза лакхара лейтенант волуш болало Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Цо хьем ца беш, рапорт йаздо тIаме вахийтар доьхуш. Амма куьйгалло, иза тIаме ца вохуьйтуш, эскадрилан командиран заместитель хIоттаво. «Генарчу Малхбалехь а бала тарло тIом… хьо могIарера командир вац», – олий.
«Даймахкана тIехIоьттина кхерам болуш, со кхузахь, тIамна генахь, хьаькамашна тIе а оьхуш, дехарш деш, аьшнаш веш лелаш ву. МогIарерчу командиран метта дехьа а ваккхий, Москва гIала мостагIех ларйан вахийта со. ХIаваэхь лела кхоьллинарг, текха ма ца ло», – олий, оьгIазвоьду Акаев. Даша шен лаамна тIера вала ойла йолуш вацара. Цо хаддаза рапорташ йаздора. Эххар а, Дашин лаамна тIетайра куьйгалла.
1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан 24-чу дийнахь Амуран ЦIечу Байракхан флотилин авиаэскадрилан а, авиаполкан а куьйгалло тIаьххьара иштта аттестаци йо Акаев Дашина:
«Забайкалан тIеман-хIаваан декъан (ЗАЭ 117 АП АКФ) лакхара лейтенант Акаев ИбрахIиман Даша…. Низам лардеш а, шеца, шен куьйга кIелахь болчаьрца лехаме а ву. Цунна дика хаьа шен тIемалойн тIамна дог ир-карахIотто. Амма, цкъацкъа, шега дие аьллачун меттана, цо шена луъург бен ца деш а нисделла. Цкъа, балхахь цхьана гIуллакхехь ша резавоцуш хIума нисделча, цо дIахьедира: «МогIарерчу летчикан метта дехьаваккха». Массара лоруш а, шен куьйга кIелахь болчеран гIайгIа беш а ву. Йукъараллин балхахь жигара дакъалоцуш а ву.
Дийнахь а, буьйсанна а, хIаваэхь кеманца лелар тешшош ду цуьнан. 1941-чу шарахь цо стигалахь йаьккхинарг 122 сахьт 55 минот йу. Царах бIаьрзе – 9 сахьт 35 минот, буьйсанна – 39 сахьт 47 минот, лакхаллин (высотный) – 5 сахьт 50 минот, маршрутан – 20 сахьт 54 минот, мархашна йукъахь – 4 сахьт 57 минот, прожекторан зIаьнарехь – 1 сахьт 50 минот.
МБР-2, У-2 кеманаш лело хууш ву. ГIуллакхна пайдехь долчун дуьхьа шена хетарг тидаме ца оьцуш дита хьуьнаре а ву. Доьналла долуш, гIуллакх дIадолорна тIера, майра, хадам боллуш командир ву.
ЖамI: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман зеделларг Iаморехь гIуллакхдеш долчу эскаре командировке вахийта.
ХIаваан 117-чу полкан командир, майор Мухин.
Оццу полкан лаккхара политкуьйгалхо Салло.
1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан 24-гIа де»
1942-чу шеран кхолламан беттан чаккхенехь Акаев Даша Балтин ЦIечу Байракхан флотан ТIеман-хIаваан ницкъийн куьйга кIелахь гIуллакхдан вохуьйту. Цкъа хьалха МБР-2 кеманца стигала вуьйлу иза.
Чиллин (февраль) беттан деа дийнахь буьйсанан 12 тIеман гIаттар до цо. Шена тIедехкина тIеман декхарш дика кхочушдарна, цунна, 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь, ЦIечу Седанан орденца совгIат до.
СовгIатан кехатна (наградной лист) йукъара схьайаздар: «Лакхара лейтенант Акаев балхаца тIехдика ларийна. 1942-чу шеран чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь мостагIий хIаллакбеш, кхиаме, кеманца кхо гIаттар дина. Экипажо пулеметаца совцийна шайна тоьпаш йетташ берш. Нийсса Iалашо лоцуш тоьхна бомбанаш. Тоснорчу цIерпоштнекъан станци йагийна. Цунна тоьшалла до цуьнца цхьаьна хиллачу вукху экипажо.
ШолгIачу буьйсанна кхиаме ши гIаттар дина Тосно поселкан цIерпоштнекъана а, Тосно-Шапкин боккхачу некъа тIерачу машенашна а бомбанаш тоьхна цIерпоштнекъ а, некъаца йолу гIишлош а йохийна.
1942-чу шеран чиллин (февраль) беттан 4-чу буьйсанна Шапка поселкан цIерпоштнекъана кхиаме 3 гIаттар дина. ЦIе йаьлла меттиг а йу.
Оццу беттан 17-чу дийнахь Мга станцина кхиаме тIеман ши гIаттар дина. Куьйгалла реза хилла оцу жамIашна.
Дерриге а 12 тIеман гIаттар дина – 17 сахьт 51 минот.
МВФ ВВС ОАЭ-н командир, майор Каминский,
ТIеман комиссар, МВФ ВВС ОАЭ-н батальонан комиссар Соболев»
Акаев Дашас мостагIийн эскарна бомбанаш тоха буьйсанна динчу хIора тIеман гIаттарх ма-дарра дIайаздина ду лерринчу хаамашкахь.
Масала, чиллин беттан 2-чу дийнахь дина 1-ра тIелатар:
«Хьалхара кхочушдар. Заозерни цIерпоштнекъана 1500 метр локхаллера бомбанаш тоха, некъана а, машенашна а пулемет йетта.
ТIедиллар кхочушдар: Заозерни цIерпоштнекъана тIехь лаьттачу шалонашна 1500 метр локхаллера 4 сохьтехь 58 минотехь тIейиттина. Хьуьнан йистошна а, платформина тIе а пулемет йиттина.
Зенитан-артиллери кхетта кеманна. Аьрру агIор кхаанхьа дIаьндаргаш чекхйевлла. Аьтту агIор охьахиъна. ТIелатар – 1 сахьтехь 19 минотехь».
Акаев Дашас гайтина майралла а, доьналла а Балтин ЦIечу Байракхан флотан ТIеман-хIаваан ницкъийн дерриге а дакъойн дозалла хилла дIахIоьттира. 1942-чу шеран чаккхенехь, бомбанаш йеттарехь вовшашна зеделлачух пайдаэцархьама командирашца а, эпсаршца а цхьаьнакхетаре кхайкхинера Даша.
Цигахь цо хаийтира МБР-2 санна долчу фанеран-гатанан гидрокеманца фашисташца тIом барна кхачам боцуш гIуллакх хилар. «Нуьцкъаллин, сихаллин кеманан штурвал ло соьга, тIаккха ас довзуьйтур ду шуна сайна зеделларг», – дIахьедира цо. ТIеман летчикаш тIетайра Акаевна. Миччанхьа а бакъдерг дIаолуш волчу цунах цецбуьйлура тIеман накъостий. Куьйгалло, дика ла а доьгIна, циггахь хьахийра цуьнга ИЛ-2 кема (цуьнан чехкалла сохьтехь – 400–410 километр) Iамон авиашколе деша вахар. Вайн махкахо тIетов оцу гIуллакхна. Иштта, 1942-чу шеран чаккхенехь цига деша воьду. Иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа Балтин ЦIечу Байракхан флотан хIаваан-тIеман тIелатарийн 9-чу дивизин 35-чу авиаполке вохуьйту.
1943-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь майор цIе ло цунна, оццу полкан командир а хIоттош…
ХIетахь дуьйна дIахьош дара Ленинград мостагIех паргIатйаккхарна а, цуьнан бахархой мацаллах кIелхьарабахарна а лерина хIордан а, хIаваан а, гIашлойн а эскарш кечдар. Леррина беш бара оцу гIуллакхна кечамаш. Советийн куьйгаллин барт хилира ЦIечу Эскаран тIелатар Ленинградан, Волховн, Балтйистан шолгIачу фронташца дIадахьа. Цунна йукъаозийнера Балтин ЦIечу Байракхан фронт а, цуьнан ТIеман-хIаваан ницкъаш а, геналлехь гIуллакхдаран авиаци а.
1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 14-чу дийнахь Ленинградан фронто, гIо деш БЦIБ-н авиаци а йолуш, тIелатар дира. ХIора а чIагIонан куп схьайоккхуш, тIех чIогIа къахьега дезаш нислора. Фашисташа луьра дуьхьало йира… Ленинград паргIатйаьккхира…
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 22-чу дийнахь НКВД-н салтех йуьзна йолчу Закан-Юьртарчу Акаева Зане, цо чIогIа сатийсина, кIантера Дашера кехат кхочу. Цуьнан хазахетар цхьаьнадогIу тIеман дакъалацархойн доьзалш ЦIечу Эскаран дезчу денца декъалбеш, йуьртахула эпсар чекхваларца.
Шен накъосташца цхьаьна иза шаьш долчу чувеача, хазахетар совдаьллачу Занас, шена оьрсийн маттахь деша цахаарна, кехат а, цуьнца цхьаьна сурт а, «Правда» газетан цхьа дакъа а хьешашка дIакховдадо. Эпсара мохь туххуш дIадоьшу кехат.
«Нана, хIинца хIаваан тIелатарийн полкан эпсар ву со. Суна шиъ Орден а йелла. Ленинград мостагIех паргIатйоккхуш а, цуьнан бахархой мацаллах кIелхьарабохуш а дакъалаьцна оха.
Ткъа хIинца со сайн тIеман накъосташца цхьаьна немцойн мохкдIалацархой вайн хьомечу Даймехкан дозанал аралохкуш ву. Вайн гIаланаш, йарташ йохор а, бехк боцу адамаш хьийзор а дIадоькхуш ду тхо царна. Нана, тхан йиш йац садаIа. Дийнахь а, буьйсанна а мостагIий болу меттигаш а, шалонаш а, хIордакеманаш а, аэродромаш а лоьхуш, уьш хIаллакйеш ду тхо.
Нана, шун хIинца паргIат даха йиш йу, шун машаречу дахарна цхьаьнггара а кхерам бац, шу фронтана генахь ду. Хаалаш, со даима а шуьца ву, ас даима а лардийр ду шу. Нагахь санна сан валар хилахь, со Даймехкан Турпалхо волуш лийр ву. Шу, нана, Даймахкана цкъа а дицлур дац!»
Жимачу дегIехь йолчу, эсалчу зудчо бIаьрхиш дIа а дохуш, леррина ладугIура кехат доьшучуьнга. Цо дозалла дора шен кIантах.
Ткъа Iуьйранна… кехат дешна волчу эпсара, салташца цхьаьна Даймехкан турпалхочун Акаев Дашин хIусам чу а веана, цуьнан нана шен кхерчах а йаьккхина, генарчу, цабевзачу махка дIахьажийра.
Даймахках къастар, массара санна чIогIа хала ловра Занас а. ХIора дийнахь бохург санна, боккхачу некъа тIе а йуьйлуш, Казахстанан йистйоцчу аренашка бIаьргбетташ шен кIант ларвора. Стигалахула кеманахь схьа а веана, ша кIелхьарайаккхаре сатуьйсура цо. Амма кIант ца вогIура…
Сталине а, Молотове а, Ворошилове а, Берийга а дукха кехаташ йаздо Занас, шен кIант волу меттиг хаийтар доьхуш. Тайп-тайпана хуьлуш хилла цунна дуьхьал догIу жоьпаш: «1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахь майор Акаев тIеман тIедиллар кхочушдеш дIаваханчуьра цIа ца веана» йа «ДIаваханчуьра йуха ца веана».
Шен кIентан кхолламах дерг хаа доьгIна ца хиллера нанна. 1953-чу шеран бIаьста кхелхина, Семипалатинскехь дIайоьллина иза.
Цул тIаьхьа Акаев Дашин гергара нах арабевлира иза лаха. Тайп-тайпанчу архивашка 40 шарахь кехаташ йаздо цара. Царна доуьйтуш долу жоьпаш цхьатерра хуьлу «Кеманца тIеман тIедиллар кхочушдеш дIаваханчуьра йуха ца веана».
Эххар а, 1993-чу шарахь Акаев Дашех дерг къастор доьхуш дахьийтина кехат «Хьуьнар» лахаран туьшан куьйгалхочуьнга С.Кашуркога кхочу. Цу тайппана волу Даймехкан Турпалхо цхьа а лар йоцуш ван йиш йац олий, иза араволу цунах дерг хаа. Дийнна шарахь бахло лахаран болх. Архивашкахь цунна карайо Закан-Юьртарчу летчикан дахарх долу дерриге а кехаташ.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 26-чу дийнахь, нохчийн халкъ махках даьккхина кхо де даьллачул тIаьхьа, Даша а, цуьнан ворхI накъост а Эстонерчу Раквере гIалина тIе бомбанаш тухучу хенахь кхелхина.
Акаев Даша Советийн Союзан Турпалхочун цIе йала шозза хьалха теттина, амма йалаза йисина.
Ленинградерчу «Новоорловская» промзонехь а, Аргунехь а ду летчикан Акаев Дашин цIарах урамаш.
«ЦIечу Байракхан», «ЦIечу Седанан» орденашца а, «Ленинград паргIатйаккхарна» мидалца а совгIаташ дина цунна.
Зорбане кечйинарг – Л.ИБРАГИМОВА