Нашха

Нашха Нохчийчоьнан малхбузерчу декъехь, Гихта хин хьостанехь йу. Малхбузехьа цуьнан доза Аьккхийн-Махкаца, къилбехьа ТIерлаца, малхбалехьа Пешхаца ду. Нохчийн ширачу дийцаршца нийса а догIуш, йуккъерчу бIешерашкахь нохчийн пачхье Нашхахь хилла. Кхузахь дуьненчу ваьлла Нохчийчоьнан цIейаххана турпалхо – Турпала Нохчи. Цигара схьадевлла ду нохчийн орамера дерриге а тайпанаш. Уьш, Нашхара арадевлла малхбалехьа а, къилбаседехьа а агIор дIакхелхаш, Нохчмахкахь а, Соьлжан а, Теркан а йистошца а даха хевшина.

ХIХ-гIа бIешо йуккъе даххалц Нашхахь Iалашбеш хилла боккха цIеста йай. Цу тIе йазйина хилла нохчийн орамерчу тайпанийн цIераш. И йай вовшахбаьккхина хилла имам Шемалан омранца. Иза даима а гIиртина нохчийн ширачу историца доьзна мел дерг, хуьлийла иза бIаьвнаш, къоман тептар, кхидерш хIаллакдан. Къоман тептарехь дуьйцуш хилла нохчийн (цIена) орамера тайпанаш кхолладаларх лаьцна. Иштта къоман мухIар а хилла вайн. Иза а Нашхахь Iалашдеш хилла.

Нашхахь йеххачу хенахь вовшахкхеташ хилла Мехкан-Кхиэл. Оцу йукъа богIуш хилла нахийн маьршачу йукъараллийн векалш. ХIХ-чу бIешарахь баьхначу нохчашна хетарехь, Нашхахь шаьш кхолладеллачу кепара Iалашдаделла хилла нохчийн Iадаташ. Нохчийн Iадаташца цхьа хIума листа дезаш хьал хилча, иза къовсаме даьлча, къаноша цига стаг вохуьйтуш хилла бина сацам йа йина кхиэл нийса йу-йац хьажийта. Цо тIечIагIдо Нохчмахкарчу а, ЧIебарларчу а дукхах долчу тайпанийн шаьш Нашхара хиларан хьокъехь долу дийцарш шен историн бух болуш хилар.

Нашха, хетарехь, нохчийн тайпанашна малхбузехьара малхбале а, къилбехьара къилбаседехьа а дIакхелхачу хенахь совцуш йолу шатайпа меттиг хилла. Хууш ду ширачу хенашкахь нахийн тайпанаша Кавказан малхбузехьара мехкаш ГIобанна а, Кавказан Коьртачу дукъан къилбехьара басенаш а дIалецна хилла хилар. Цунна тоьшалла до оцу меттигийн топономино. Иза тIечIагIдо историн цхьадолчу хьостанаша, масала  Анания Ширакацин «VII-чу бIешеран Эрмалойн географис».

Хетарехь, ХIV–ХVI-гIий бIешераш тIекхаччалц (нохчий алссамчу барамехь малхбузехьара малхбалехьа а, къилбехьара къилбаседехьа а дIакхелха мур) Нашха йуьхьанца кхин а боккха мохк лоруш хилла, ткъа тIаьхьа – нахийн мехкан пачхье.

Ю.Д.Дешериевна хетарехь, нохчий къам санна вовшахкхетта Органан чIожана малхбузехьа агIор болчу махкахь. Билггал цигахь кхетта шаьш цхьа халкъ хиларх а, шайн цхьа мохк хиларх а. Кхузахь кхоллабелла нохчийн синан культурин бух, кхоллайелла динан культаш, нохчийн мифологи.

 Йуккъерчу бIешерашкахь а, шаьш миччахь а Iаш хиларх, Нохчийчоьнан малхбалехьа агIор йолчу йистехь йа Дагестанан дозанехь йа малхбузехьа агIор Iассий хин чIожехь – нохчаша шаьш цхьаъ лоруш хилла, мотт а, мохк а цхьаъ болуш, да цхьаъ волуш.

Кхалхаза а ца бевлла дIакхелхинчуьра шайн махка йухабоьрзучу хенахь нохчаша дицдеш ца хилла шаьш мичахьара ду, шайн орам мичахь бу. Ур-атталла вайн заманахь а, дукха хан йоццуш а. Къаноша стаге иза муьлхачу меттера ву хьожуш, цуьнга хоттура: «Шун тайпа Нашхара схьадаьлла дуй?». Оццул шира а, доккха а халкъ дерриге а оцу, дIора боккха боцчу, боьрара схьадаьлла ца хилар гуш делахь а.

ГаланчIожан боьрахь йисина дуккха а культан меттигаш. Цаьрца йоьзна тайп-тайпана легендаш йу. ГаланчIожан Iам беза лоруш хилла. Цуьнца чIагIонаш йеш хилла. Легенда йу и Iам кхоллабаларан хьокъехь. Легендехь дийцарехь, «Ялхара йуьрта йуххехь, Амка олучу меттехь хьалха Iам хилла. цкъа цхьа зуда шен йоIаца цхьаьна Iома йисте а йахана, жовхIар санна цIена долчу хи чохь беран боьха лоччарш йитта йолайелла. Хи бехдарна Iоман сино цу шиннах тIулгаш дина. Уьш хIинца а гуш ду Амки йистехь. Амма Iомана ца лиъна ша сийсаздинчу, бехдинчу меттехь кхин Iан. Иза инзаре боккхачу старе бирзина, тархийн регIал дехьа а баьлла, дукха йуьхьара болчу берда тIехула охьабоьссира. Цул тIаьхьа сту хIинца Iам болчу метте бахара, цигахь хьалха дуьйш-лелош латтанаш хилла. Аренийн белхаш беш хиллачу адамашна гина иза. Цунна тIедахана уьш. Адамаш цецдевлла хилла цуьнан боккхаллех. Йуха вовшашца къовсаме бевлла уьш: цхьаболчара иза готана дIабожа беза вай бохуш хилла, вукхара цунна тIе ма-гIерталаш, иза делан сту бу шуна, аьлла. Делахь а, делан сту дIабожа беза бохурш туьйлира. Цара цунна дукъ кочадоьллира. Хьалхар харш доккхуш, старана тIехь хатт гучубелира, шолгIа харш доккхуш иза кхин чIогIа бешна-тIадийна дIахIоьттира, кхоалгIа харш доккхуш лаьтта бухалара хи хьаладала доладелира, доьалгIа харш доккхуш хи лаьтта бухалара чIогIа хьаладетта долийра, аре а, инзаре сту дIабоьжна адамаш а хи буха дахана, къайладевлира.

ГаланчIож Iам а, цунна гонахара меттигаш а цкъа мацах нохчийн культан туш хилла лаьттина. Къаьсттана сий деш хилла кхузахь, нохчийн кхечу культел совнаха, йалта хьекъийтаран Тушоли цIунан. Оцу меттигашкахь йисина оцу цIун тIулгех йина хIуманаш.

ХVIII-чу бIешерахьлерчу историн хьостанашца нийса а догIуш, ГаланчIож шен хенахь нохчашна йукъахь керста дин даржоран туш хилла йу. Некъашгездархоша тоьшалла дарехь цигахь ХVIII-чу бIешеран чаккхенехь а керстанийн килсаш хилла. Бакъду, оцу хенахь динан маьIна лелачуьра дIайевлла хилла уьш.

Нашха исбаьхьа мохк бу. Лаьмнийн къилбехьа агIор йолу басенаш легIана йу, цигахь вайн зама тIекхаччалц йисина ширачу терхенийн лараш. Оцу терхенашна тIехь кIа, мукх, Iаьржа кIа, хасстоьмаш кхиош хилла. Къилбаседа агIорхьара лаьмнаш тархаш, Iаннаш долуш ду, къаьсттана Гихта хин дохалла. Инзаречу суьртехь долчу тIулгийн тархаша, чухчареша, хьехаша, тIулгийн баххьашна тIехь лаьттачу цхьаначу зезан дитто оцу меттигашна исбаьхьа хазалла ло. Гихта хи, буткъачу лаьхьанах тарделла кIоргачу Iинахь детих лепа. Йуха цIеххьана лаьтта бухахь дIадов, йуха а гучудала.

Нашха – иза беркате мохк бу. Кхузахь чIогIа дукха йу стоьмийн бошмаш. Iаьржачу мангал комарийн, цIечу комарийн кондарша кхуза марзйина алссамчу барамехь черчий.

И йерриге а исбаьхьалла, хазалла йолчу Нашхахь Iаш адамаш дац. Цигахь бехаш хилла берриге а бахархой 1944-чу шеран шийлачу Iай, цIийнах, цIарах бохуш, махках бехира, ткъа НКВД-н (чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссариатан) эскарша йарташ йохийра. Йагийра. Нах чохь Iаш хиллачу бIаьвнех йисина пирамидийн суьртехь тхов болчу вайнехан классически кепарчу бIаьвнан гIишло. Иза ХVII-чу бIешарахь йина йу. Цунна рестовраци йина вайн заманахь. БIаьвнан пенашна тIехь дукха йу тайп-тайпана петроглифаш, ткъа пирамидан суьртехь болу тхов берзош йу буьххье хIоттийна конусан кепара цIурко тIулг. Н.К.Зейдлица ХIХ-чу бIешеран чаккхенехь цуьнан хьокъехь иштта йаздина: «Хьайбаха йуьртахь… лекхачу можачу киранан тархашна кIелара кхин а цхьа ира бохь болу хаза бIов Шемала йоха ца йеш йисина, Шена муьтIахь боцчеран бIаьвнаш йохочу хенахь». ТIеман бIаьвнна къилбаседехьа – тIеман а, нах чохь Iаш хиллачу а бIаьвнех лаьтташ хиллачу комплексах йисина саьлнаш йу. Оцу бIаьвнех цхьа дакъа бен ца дисина.

МоцIарх йуьртахь саьлнашка йерзийначу, тIаьхьа йина хиллачу гIишлошца цхьаьна йуккъерчу бIешерашкахьлерчу нах чохь Iаш хиллачу бIаьвнийн а ХIХ-чу бIешерахьлерчу маьждиган хьакхлагIаш а йу, пенаш тIехь петроглифаш йолуш. МоцIарх йуьртана малхбузехьа агIор болчу Нашхой–Ломахь дийна йисина тархех хоьттина йина бIов.

Дийцарехь, МогIуст йуьртана къилбаседа агIорхьа некъан хьешацIа хилла шех Хьаша бен олуш. Цу тайпана хьешацIенош дукха хьолахь шовданашна йуххехь деш хилла. Уьш кегий цIенош хилла, чохь кхерчаш долуш. цхьана хьешацIа чохь буьйса йаккха аьтто хилла шина-кхаа стеган. И хьешацIенош махкара боцчу хьешашна, таллархошна, жаIушна, бежаIушна лерина деш хилла. Дукха хьолахь, цу чохь буьйса а йаьккхина йа садаьIна дIавоьддуш волчо цигахь шен кхачанах цхьа дакъа дуьтуш хилла, ткъа таллархоша цIоканаш, саьн а, хьехан а маIаш йуьтуш хилла, некъахойн аьтто беш болчу «делашна» совгIатна.

ТIийста йуьртахь нах чохь Iаш хилла масех бIов йисина. Царна чохь адамаш даьхна 1944-чу шарахь махках даххалц.

ЧIармаха йуьртахь йисина йуккъерчу бIешерашкахьлерчу нах чохь Iаш хиллачу кхаа бIаьвнан саьлнаш. Йуьртана гена боццуш, ширачу кешнашна йуххехь лаьтташ бу жIаран суьртехь стелла-хIоллам. Цуьнца йоьзна шира легенда йу дегалчу, шен амалехь хиллачу йоьIан хьокъехь. Шена ца везачуьнга маре ца йоьдуш тIулг хилла цунах.

Амма, цу тайппана долу цхьа каш аьхкича, гучуделира антропоморфни стелана-хIолламна бухахь ХVIII-чу бIешарахьлера бусалбанийн каш хилар. Бусалбанийн жIаран суьртехь долчу антропоморфни стелан-хIолламан кепара чуьрташ Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а кхечу кIошташкахь а нисло.

ИЛЬЯСОВ Леча, историк, Iилманийн доктор

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: