Дешаран керла шо тIекхача йисинарг башха дукха хан яц. Школехь дешна бевлларш шаьш хаьржина говзаллаш караерзоран Iалашонца тайп-тайпанчу ВУЗ-шка кехаташ чулуш бу.
ХIора университетехь, институтехь болх беш тIеэцаран комиссеш ю. Иштта, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а 19-чу июнехь дуьйна тIеэцаран комиссис дIахьош бу шен болх. Консультантийн тобанна юкъахь хьехархойн институтан студенташ бу. Институте деша хIотта кехаташ чудала баьхкинчу абитуриенташна оьшучуьнга хьовсу уьш: заявлени яздаран кеп хьоьху, цара деллачу хаттаршна жоьпаш ло, институтан хьокъехь царна хаа луург дуьйцу.
Къоначара дукха хьолахь хоржучу корматаллех ю лерринчу психологин а, экономикин а, урхаллин а, юьхьанцарчу классийн хьехархойн а, историн а, Iаьрбийн, ингалсан меттанийн а факультеташ. ХIокху шарахь керла кхин а говзаллаш юкъаяьхна: Рекреативни-могашалла тояран гIуллакх а, духарийн дизайн а. ДIадаханчу шарца дуьстича, хIокху шарахь кIезиг бу кехаташ чуделларш. Институте деша чекхвала 140 балл хила еза.
Хьехархойн институте деша хIуьттучарна юкъахь техникум я лаккхарчу дешаран учреждени чекхъяьхнарш а бу. ЕГЭ-н баллашца деша хIуьттурш алссам белахь, церан баллашка хьаьжжина (лакхара баллаш ерш хьалха а бохуш) дIаоьцу уьш. Ткъа институт я техникум чекх а яьккхина, кхуза деша богIучеран тIеэцаран экзаменаш дIаяла еза.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо