Муха кхоллайелла Нохчийчоьнан пачхье

Соьлжа-ГIалин шира истори йу. XIX-чу бIешарахь Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха промышленностан, мехкадаьттадаккхаран туш хилла иза. Историкаша дийцарехь, масех бIе шо хьалха доладелла Соьлжа-ГIалахь нохчийн дахар.

Уггаре а шира археологин хIолламаш Соьлжа-ГIалахь билгалбаьхна вайн зама (эра) тIекхачале 3 эзар шо хьалха. Соьлжа-ГIалахь хилларг берриге а 30 археологин хIоллам бу. Уьш, дукха хьолахь, гIалин Заводской кIоштахь (хIинца – Шайх-Мансуран цIарах кIошт) хилла. Цу хенахь нохчий баьхна меттигаш – Суьйра-Коьрта, ГIалин Барз, Соьлже, Ханкала (Ханкальское 1-е, 2-е городище) хилла. Царна йукъахь уггаре а йевзаш йолу меттиг хилла Ханкалан 2-гIа гIала. Цунна йуххехь карийна сарматийн заманан кешнаш. Вайн зама йолайеллачу хенахь «Грозный» гIап йинчу меттехь хилла Ханкалан 2-гIа гIала.

Мехкан талламхоша-Iилманчаша тайп-тайпана йаздо нохчийн исторех лаьцна. Керлачу заманан I-чу бIешарахь Теркан а, Соьлжин а йистошкахь йаккхий гIаланаш хилла хилар чIагIдеш йазбина дуккха а белхаш бу церан. Гуьржийн гIараваьллачу историка (XVI-гIа бIешо) Мровели Леонтис «Картлис Цховреба» аьллачу шен гулдаршкахь йазйо цу хенахь хиллачу гIаланийн цIерш: Дедяков, Iалхан-Юрт, Суджа. Дагадаийта лаьа, 1268-чу шарахь барт бина вийначу Владимиран паччахьан Боголюбски Андрейн кIант шен ненахой болчу Судже ведда вахнера.

XIII-чу бIешарахь йерриге Нохчийчоь а, Къилбаседа Кавказ а гIезалойн-монголийн олалли кIелахь йара. Церан хилла туш Татартуп Къилбаседа Кавказан коьрта шахьар хилла дIахIоьттира.

XIV-чу бIешарахь кхузахь кхиира йаккхий гIаланаш, схьадиллира къепалан некъаш.

Соьлжа хи Терках кхетачу Баса-ГIалахь (ст.Ильиновская), хьалхабевлла майра полководцаш Тохтамыш, Тамерлан волуш, нуьцкъала ши эскар Iоттаделира дуьхь-дуьхьал. Ондда дуьхьало йира нохчаша Тамерланна. Даккхий зенаш дира мостагIчо халкъана а, махкана а. 1405-чу шарахь Тамерлан веллачул тIаьхьа цуьнан эскар дIасаделира, амма, Теркан а, Соьлжин а йистера кIошташ ногIаша а, кхидолчу кхелхаш лелаш долчу тукхамаша а дIалийцира.

XVI-чу бIешеран шолгIачу декъехь Орган басешкахь а, Соьлжин йистошкахула а йуха а баха охьахевшира нохчий. Цу йартийн цIерш йаьхна топономехь.

Оцу шерашкахь кхиа йуьйлайелира нохчашний, оьрсашний йуккъера махлелоран а, политикин а зIенаш. Орган басешкахь а, Соьлжин йистошкахь а йехкинчу йарташкахь цхьаьна бертахь баьхна ца Iаш, цара цхьаьна къийсам латтабора гIирмийн-гIезалойн а, ирански а тIелатархошна дуьхьал.

XVI-чу бIешеран шолгIачу декъехь дуьйна Россин а, Къилбаседа Кавказан а Малхбалехьа пачхьалкхашца йолу махлелоран зIенаш чIагIйарехь доккха маьIна хилла дIахIоьттира ГIирмера Иране боьду некъ («Османова дорога»). Оцу некъан коьрта стратегин меттиг ларалуш йара Соьлжа-хина тIехула йолу дехьаволийла (переход). Цунах «Сунженски» йа «Османов» дIасалелар олура. Къилбаседа Кавказехь махлелоран коьрта туш хилла лаьттира иза XVII-гIа бIешо чекхдаллалц.

Дукхах болчу историкаша Кавказан тIеман йуьхь йузу инарла Ермоловс йиллинчу «Грозный» гIопаца. Делахь а, стратегин Iалашонаш а йолуш йина гIап, тIеман-администрацин туш йолчуьра, экономикин а, махлелоран а зIенийн меттиг хилла дIахIоьттира. 1860-чу шарахь эла Барятинскийс нахана бакъо йелира бIаьстенан а, гуьйренан а йармаркаш дIайахьа. Цо мелла а аттачу даьккхира адамийн дахар. Цул сов, дахар кхуьуш хиларан тоьшалла дара Соьлжин аьтту агIор кхоллалуш йолу нохчийн йарташ.

1870-чу шарахь Сенатан Указца «Грозный» гIопана гIалин статус йелира. Соьлжа-ГIалина пхеа шарна тайп-тайпана бакъонаш а, бегIийлаш а йелира. Россин провинциальни гIала хилира Соьлжа-ГIалех.

70–80-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалахь йехкира дуьххьарлера заводаш а, фабрикаш а (кибарчигийн, дамадаккхаран, нехчайаккхаран, сабадаран), гIишлош, вовшахйетта йолийра ярмаркаш, базарш.

Соьлжа-ГIалин промышленностан истори йолайелла XIX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь. 1893-чу шарахь гIалина 15 км. йуьстаха бакински промышленнико Ахвердовс куьйгалла дечу мехкадаьттадаккхаран фирмано дуьххьара мехкадаьттанан скважинна буру туьйхира.

XIX-гIа бIешо чекхдолуш Къилбаседа Кавказехь йоккха промышленни туш хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. Европехь а, Россехь а дика дIаоьцура вайн мехкадаьтта. 1900-гIа шераш дуьйлалуш Соьлжа-ГIалахь мехкадаьттанах гIуллакхдаран 4 предприяти йара. Цу декъехь болх беш йара 13 фирма. Царна йукъахь бара Нобелан совгIат диллархой-вежарий НобелагIар. 80 процент промыслаш кхечу пачхьалкхашкарчу компанешна дIайеллашехь, боккха пайда бора вайн махкана мехкадаьттанан сурсаташа.

1913-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Беликовски тIай долчу меттехь, кхин а керла мехкадаьттадаккхаран скважинаш схьайиллира. 1917-чу шарахь вайн гIалахь шарахь доккхуш долчу мехкадаьттанан барам 1 млн. 770 эзар тонна бара. Россехь доккхучу дерриге а мехкадаьттанах 22 процент йара иза.

Соьлжа-ГIалахь хиллачу бIедийнан тIемашкахь йерриге а промыслаш хIаллакйира. Ондда къахьийгира белхалоша уьш меттахIиттош. Уьш меттахIитторна, 1924-чу шарахь Соьлжа-ГIалина Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орден йелира.

XX-чу бIешеран йуьххьехь Соьлжа-ГIалахь мехкадаьттадаккхаран коьрта кIошташ кхоллайелира: Старопромысловски, Новопромысловски (Октябрьски), Заводской. ГIалин коьртачу декъехь, тIехIиттайеллачу микрорайонашца цхьаьна, Ленински кIошт (хIинца – Ахматовски) а кхоллайелира.

1922-чу шеран лахьанан беттан 30-чу дийнахь Нохчийн автономни областан, 1934-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн областан туш хилла дIахIоьттира Соьлжа-ГIала. 1936-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР кхоллайелира, шен пачхье Соьлжа-ГIала а йолуш.

30-чу шерашкахь вайн республико пачхьалкхана 80 процент мехкадаьттанан сурсаташ латтадора: мехкадаьтта а (керосин), хьакхар а.

1931-чу шарахь «Грознефть» производственни цхьаьнакхетараллина, пхеашеран план шина шарахь эха шарахь кхочушйарна Ленинан цIарах орден йелира.

Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болчу шерашкахь Соьлжа-ГIалин а, Бакун а мехкадаьттадаккхаран кIошташна тIедогIу некъаш лардинчарех йу вайн гIала. Хьакхарца кхачам боцуш долу немцойн эскар, шен ма-хуьллу, Соьлжа-ГIалина чукхача гIерташ дара. «Майкопан а, Соьлжа-ГIалин а мехкадаьттанна со тIе ца кхачахь, ас тIом сацор бу», – аьллера Гитлера.

Вайн бIаьхоша шайн Iалашоне ца кхачийтира фашисташ. Цара йухатуьйхира мостагIчун эскар. ТIеман тIаьхье хала йеанехь а, сихачу боларца кхиа йолайелира промышленность а, совдала доладелира мехкадаьттадаккхар.

1973-чу шарахь «Грознефто» 18 млн. тонна мехкадаьтта даьккхира. 90-чу шерашкахь 30 сов пачхьалкхо оьцуш дара вайн республикера мехкадаьттанан сурсаташ.

XX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Соьлжа-ГIала Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха промышленностан, культурин, Iилманан туш ларалуш йара. 1991-чу шарахь гIалахь вехаш 401 эзар стаг хилла. Индустриальни нуьцкъаллица Ростовл тIаьхьа, шена чохь дехаш долчу адамийн барамца Ростовл, Краснодарал тIаьхьа йогIуш йара Соьлжа-ГIала. Цигахь болх беш йара 159 йоккха а, йуккъера а промышленни предприяти. Цара арахоьцуш долу сурсаташ йерриге а Ставрополан махкахь кечдечул сов дара.

Нохчийчоьнан экономикин коьрта дакъош хилла дIахIиттинера мехкадаьттадаккхар, мехкадаьттанах гIуллакхдар, мехкадаьттанан хими. Доккха маьIна долуш йара мехкадаьттадаккхаран оборудовани йаран а, цунна ремонт йаран а предприятеш. Иштта мехала йара машенаш а, прибораш йаран а, эчиг кечдаран а предприятеш.

Соьлжа-ГIалахь болх беш йара 3 лаккхара, 9 йуккъера дешаран заведенеш, 11 Iилманан-талламан институт. Цигахь Iамадора мехкадаьттадаккхаран хьокъехь дерг, иза чекхдаккхаран процессаш, гIишлошйар, экономика, мехкан истори, этнографи.

1994-чу а, 1999-чу а шерашкахь хиллачу тIемаша хIаллакйира Соьлжа-ГIала. Дерриге а йухаметтахIотто дийзира. Тахана Къилбаседа-Кавказехь уггаре а хазачех цхьаъ хилла дIахIоьттина Нохчийчоьнан пачхье. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, республикин халкъан а доккха хьуьнар ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: