ТӀеман лерринчу операцин хьашташна машенаш эцна АйдамировгӀеран доьзалша

Нохчийн Республикехь а, арахьа а бевзаш болчу АйдамировгӀеран доьзалша тӀеман лерринчу операцехь болчу нохчийн бӀаьхойн хьашташна лерина машенаш йалийна. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

«Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н тылан хьаькама Айдамиров Денилбека Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н министран заместительца – полицин хьаькамца Айдамиров Деница цхьаьна шайна йукъахь пхиъ «Нива» а, итт «УАЗ» а йолуш, 15 машен йелла. Тхо цхьаьна хьаьвсира технике», – аьлла Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, бӀаьхошна и транспорт тӀеман декхарш кхочушдеш чӀогӀа пайде хирг хилар.

Цо иштта элира, АйдамировгӀар – Вадутан Залпаа а, Зебатан Мусас а дика бераш кхиийна хиларх лаьцна. Даймахкана пайдехь а болуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь къахьоьгуш бу уьш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: