
ТкъоалгIачу бIешеран 50-чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис йаздина Сулейманов Ахьмадах лаьцна: «…И поэт вара шен амалца. И поэт вара шен дуьненехьажарца. И поэт вара адамашка, Iаламе болчу безамах дуьзначу шен тем боцчу деган дагарца. Сулейманов Ахьмадан поэзи къаьста нохчийн къоман барта кхоллараллин хьу шеца хаайаларца, произведенийн чулацаман кIоргаллица, мотт цIена а, хьалдолуш а хиларца, исбаьхьаллин васташ къегина хиларца. Йерриге а цуьнан поэзи йуьзна йу вайн чолхечу, карзахечу заманан лазамех, адаман дахаран маьIнех, адаман сийлаллех а, цуьнан жоьпаллех а лаьцна йолчу ойланех. Поэта балхабо шен тембоцу деган лаамаш, сатийсамаш».
Сулейманов Ахьмад вина 1922-чу шеран хIутосург беттан 1-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь МуртазIелин Сулейманан доьзалехь. Ахьмадан да Сулейман нахаца йаккхий уьйраш йолуш, Нохчийчохь вевзаш стаг хилла, «нохчийн шира гIиллакхаш, дийцарш дика хууш, вайн махкара оьзда, цIейаххана нах шен хIусамехь соьцуш стаг хилла. Цаьрга ладоьгIуш, церан хьекъал, амалш схьаоьцуш кхиира Ахьмад», – йаздина йаздархочо Ахмадов Мусас.
Йуьхьанца шайн йуьртахь дешна кIанта, 1940-чу шарахь Соьлжа-ГIалара №6 йолу ишкол чекхйаьккхина, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна. Суьрташ дахкаран говзалла йолуш хилла Ахьмад. Соьлжа-ГIаларчу суьрташдахкархойн гуламехь хуьлуш хилла иза. Суьрташдахкархойн суьртийн гайтамашкахь дакъалоцуш а хилла. Цуьнан суьрташ гайтаме дIаоьцуш хилла хиларан тоьшалла хIинца а долуш ду. Масала, 1939-чу шеран эсаран беттан 26-чу дийнахь йелла исправка йу «Смерть Асланбека Шерипова» цIе йолу сурт Соьлжа-ГIалахь рабфакан гIишло чохь дIахьош болчу гайтаме дIаэцна аьлла.
Сулейманов Ахьмада 1940-чу шерийн йуьххьехь белхаш бина Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан серлонан комиссариатехь инструктор волуш, цул тIаьхьа Итон-Кхаьллан кIоштан комсомолан комитетан секретаран даржехь а.
Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь СулеймановгIар Казахстанерчу Семипалатински областан Урджаран кIоштан Науалы йуьртахь Iийна. Цигахь 1945-чу шарахь кхелхина Ахьмадан да Сулейман. Оцу муьрехь Урджаран кIоштан Аксаковски йуьртан Советехь Уполнаркомзаган агент лаьттина Ахьмад. 1948-чу шеран эсаран беттан 15-чу дийнахь Науалы йуьртарчу йуккъерчу ишколе библиотекаран а, хьехархочун а балха дIаэцна иза. Семиполатинскера хьехархойн училище заочно чекх а йаьккхина, 1950-чу шарахь йуьхьаьнцарчу ишколан хьехархочун корматалла карайерзийна цо. Науалински ишколехь хьехархочун болх бина 1958-чу шарахь Нохчийчу цIаверззалц.
Сулейманов Ахьмад 1955-чу шарахь Семипалатинскерчу хьехархойн институтан оьрсийн меттан а, литературин а факульете заочно деша дIахIоьттина, амма шен даймахка цIавар бахьана долуш дешар йукъахдаьлла. Ткъа 1964-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институт чекхйаьккхина цо. Нохчийчохь дешаран системехь белхаш бина 1959–1981-чуй шерашкахь: ГIойтIарчу йуккъерчу ишколехь директор лаьттина, Хьалха-Мартан кIоштан халкъан дешаран отделехь инспектор хилла, Хьалха-Мартан №2 йолчу йуккъерчу ишколехь директоран, цул тIаьхьа Олхазар-КIотарарчу ишколехь директоран белхаш бина.
Кхечу меттигашкахь а къахьегна А.Сулеймановс: историн, меттан, литературин Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтехь Iилманан белхахо лаьттина, Нохч-ГIалгIайн Республикин Йаздархойн союзехь исбаьхьаллин литературин пропагандин бюрон куьйгалхочун, тIаккха Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь литературин декъехь ассистентан белхаш бина.
Сулейманов Ахьмада 1935-чу шарахь Бадуев СаьIидана гайтина хилла ша йазйина байт. «Кавказ» цIе йолу и байт Бадуев СаьIида мага а йина «Серло» газета тIехь зорбатоьхна. Нохчийн литературин бухбиллархочо кIентан дог хьаьстина. «Хьох поэт хила веза», – аьлла, шена тIе а диллира цо олий, дуьйцуш хилла Ахьмада.
А.Сулеймановн поэтически кхолларалла эвсараллица кхиа йолайелла 1960-чу шерашкахь. Цуьнан байташ зорбане йийлина «Ленинан некъ («Даймохк») газетан, «Орга» журналан агIонашна тIехь, тIаьхьуо – йукъарчу гуларшкахь. Поэтан шен киншка дуьххьара арайаьлла 1967-чу шарахь. «Безаммий, шаьлтий» цIе а йолуш, байтийн, поэмийн гулар йу иза. Оцу киншкех лаьцна Сулаев Мохьмада иштта йаздина: «Машарехьа, интернационализмехьа, адамаллин оьздангаллехьа йиллина кхойкхуш а, даймахкехьа болу безам йешархойн дегнаш чохь гIиттош а йу поэтан и тайпа произведенеш, шаьш цуьнан «Безаммий, шаьлтий» цIе йолчу сборникехь зорбатоьхна йолу. Сборникана йукъайахана поэтан цхьайолу стихаш, поэмаш хьалха дуьйна а периодически зорбанехь арайевлла йевзина йара йешархошна. Ткъа уьш шайна тIехь йешархойн бIаьрг сецна а, вайн прессо а шен хенахь билгалйаьхна а йара, шайн чулацам психологически нийса, буьйцу мотт говза а болуш, дохкучу суьртийн басарш акварельни куьцехь цIена хиларна. И сборник арайаьллачул тIаьхьа вайнехан литературоведенехь а, критикехь а къобалйеш тIеийцира поэтан цIе».
«Безаммий, шаьлтий» арайаьлла цхьа шо даьлча зорбатоьхна поэтан шолгIа киншка. «Дог дохден цIе» (1968 ш.) йу цуьнан цIе. Байташший, поэмий, иштта оьрсийн литературин классикийн гочдаршший ду гуларехь. Цул тIаьхьа арайийлина цуьнан поэзин хIара киншкаш: «Ламанан хьостанаш» (1971), «Даймехкан некъаш» (1982), «Цхьа-ши дош» (1988), «Даймахках илли» (2012), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь, поэта А.Шерешевскийс гочйина, арайаьлла «Симфония гор» цIе йолу байтийн, поэмийн гулар (1977), гочйинарш Г.Гусаков, Л.Шерешевский волу «Рассвет в горах» байтийн киншка а.
Сулейманов Ахьмад дукха йаздан гIерташ ца хилла, амма шен байтийн дикаллин гIайгIа беш хилла. Оцу хьокъехь Мамакаев Мохьмада йаздина: «А.Сулейманов … шен долчух кIеззигчух тоам а беш, амма шен поэтически дог-ойла лекха йолчех ву».
Нохчийн мотт, нохчийн дош, байтан исбаьхьалла лаккхара лоруш хилла Сулейманов Ахьмада:
Хьан дош хир ду дешин меха,
Ахь са диллахь цунна чу!
Даим дагах кхеташ нехан,
БIешарахь и дехар ду!
***
Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийсса лерина.
Шаьлтане ца хададелларг
Дайша дашца дерина.
(«Ламанан хьостанаш»)
Нохчашлахь стеган дош цIена хила дезаш хилла, шеца хIилла доцуш, хьарамло йоцуш, инкарло йоцуш. Стаге болу лерам а хилла цуьнан дош шалхе йоцуш хиларе, цIена хиларе хьаьжжина. Поэта а иштта лору дош:
Дош-м дац дош доцург,
ГIуллакха-м дац цIена доцург!
ЦIаро-м деши а лаладо.
Дашо-м дегнаш а лаладо.
Деши а дош дац, цIена дацахь…
Дош а дош дац, цIена дацахь…
(«ЦIена книга» я «Iеса поэма»)
Сулейманов Ахьмадан поэзехь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш йу. Уьш кхайкхош, уьш чIагIйаре хьажийна йу цуьнан тоьлла говзарш. Оцу къоман гIиллакх-оьздангаллин лаккхарчу тIегIане кхойкху поэта. Нохчийн халкъан педагогикехь, философехь «къонах» боху кхетам бу стаг шен халкъана, махкана хьанал хилар, пайдехь хилар, лаккхара гIиллакх-оьздангалла йолуш иза хилар билгалдоккхуш. Поэта ойла йо оцу кхетаман, цуьнан маьIна дан хьожу иза:
«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» –
Хаьттира ахь соьга шуьнехь Iаш вай.
– Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!
ХIара дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай!
***
Къонаха – дахаран синпхенийн мерз бу!
Къонаха – дуьненан гIайгIанийн шад!
Цо ларйо дахаре вайн йолу марзо!
Къонаха – пха кхосса дуьйлина Iад!
Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,
Даймехкан сий лардеш, вала а ле!
Ле иза, кхин ваха ца лууш санна,
Ленвоцчу сийлалле кховдаеш цIе!
***
Терзан тIе ца дуьллу цо деший, даьхний
Халонгахь хадочохь хьуьнаран мах.
Ах-дуьне мах болу шен корта буьллу,
Вайн маршо ларйечохь сагIа до шех.
Къонахийн собар ду – лекха лам баккхал,
Собар ду сов доккха, кхача ца луш!
Къонахийн и собар кхачийча-м, баккъал,
ХIар маьлхан вайн дуьне духур ма ду!
(«Шуьнехь дош»)
Поэта билгалйаьхна къонахчун амалш цхьаьнайогIу нохчийн иллешкахь бийцинчу «йахь йолчу дика кIентийн» амалшца. Турпалаллин иллешкахь чIагIдо даймохк безар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар, вовшийн лоруш, цхьабарт болуш хилар, гIийлачун гIолоцуш, доттагIалла лардеш стогалла гайтар, адамийн оьздангалла, сий лардар:
Ницкъ хиларх хуьлуш вац йахь йолу дика кIант,
ХIилланах хуьлуш вац тешаме дика кIант,
Тешамо, гIиллакхо, собаро веш ву-кха,
Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха
ГIиллакхах вуьззина йахь йолу дика кIант.
(«Жерочун кIентан, Жуман Акхтолин илли»)
Иллешкахь а санна, ницкъ, хьал цуьнан хиларца ца хадабо поэта а къонахчун мах. Сулейманов Ахьмада къонах лору шен мехкан лаьттахь хьанал къахьоьгуш волу ахархо а, цо къонах лору тешам, собар, къонахалла кхайкхош волу илланча а, поэта къонах лору даймахка герзаца веанчу мостагIчунна дуьхьал гIаьттина тIемало а. Ахмадов Мусас даладо цкъа шаьш цхьаьна гулделлачохь шуьнехь Iаш Ахьмада аьлла дешнаш: «Ас хIара шуьнан дош олу, мацах цкъа дечиган нахарца дуьххьара хIокху мехкан хьена латта а аьхна, дезчу йалтин хIу дийначу ахархочун сийнна; ас хIара шуьнан дош олу, хьуьнхахь ирахь йакъайелла къахьаштун дечиг а хадийна, иза нисйина, шарйина, тойина, цу тIе кхо мерз а оьзна, дечиг-пондар а бина, цу тIехь дуьххьара къонахаллех, тешамах, собарх илли аьллачу илланчин сийнна; ас хIара шуьнан дош олу вайн мохк лолле лаца, цуьнан сийлахь кхерчаш, оьзда мехкарий сийсазбан баьхкина мостагIий эшийна, хьаьшна дIабаьхначу нохчийн тIемалойн сийнна!»
Иштта бу поэтан лирикин турпалхочун хьежамаш а. Къонахаллин тема поэтан байташкара поэмашка кхаччалц йерриг а кхоллараллех чекхйолуш а йу, нохчийн къоман кхетамца йозайелла а йу. Дайн ламасташ лоруш, цаьрца вехаш, уьш кхидIа а цIиндан Iалашо йолуш ву поэтан лирикин турпалхо. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, Iожалла тIеэца а кийча ву иза:
Даймахке сайн безам гайта,
ДоттагIий, аш таро ло!
Цуьнан дуьхьа муха веха,
Муха ле ас гойтур ду!
(«Лойша суна»)
Сулейманов Ахьмадан поэзи кIорггера йозуш йу къоман гIиллакхашца, ламасташца, Iадаташца. Нохчийн хIусаман йовхо, адамийн комаьршалла, къоман оьзда гIиллакхаш тайп-тайпанчу васташца, синхаамийн айамца гайтина цо.
Iаьржа буьйса, буьрса буьйса.
Дарцо левси кхийсайо.
Дино лергаш дуьхьалтуьйсу.
Халчу новкъа вогIу со.
***
Сан дин, сой – шиъ дарцо, гIорош,
Шело даге кхийдайо.
Хьеше кхойкхуш, цхьаьннан-м корехь
ГIийла серло йеттало.
***
«ХIей нах!» – олий, ас мохь туху.
Серлаболу корехь чиркх.
Вевзаш вацарх ломахь наха
Даим оьцу хьаша чу.
«Беркат шорта хуьлда хьоьца.
Воссал динара, хьаша, хьо!»
Олуш, ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво
***
Божлахь сан дин паргIатбаьлла,
ХIинца паргIатвер ву со,
Кхача кечбеш, марсайаьлла,
Пешахь кхерсташ хир йу цIе.
Цу кхерчарчу цIарочул а,
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Йу вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош!
(«Дог дохде цIе»)
Сулейманов Ахьмадан поэзи нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ шен бухехь а долуш, халкъан бартан кхоллараллица йуххера уьйр а йолуш кхиъна хилар къеггина гуш ду цуьнан «Дахаран генаш», «Безаммий, шаьлтий», «Беттан тIулг» цIераш йолчу поэмашкахь, «Ламанан хьостанаш», «Маьлха-Аьзни», «Къечу илланчин хелхар», «Лекхачу ножана…», «Дог дохде цIе» байташкахь, «Ненан бIаьрхиш» дийцарехь, дуккха а кхийолчу говзаршкахь.
Поэтан байташ къаьсташ йу шайн чулацам а, кеп а цхьабосса исбаьхьаллин лакхене гIерташ хиларца. Иштта йу цуьнан безаман лирика а. Алссам йу А.Сулеймановн безамах лаьцна байташ, царах йу «Кхин цкъа а хьожур вац…», «Хьан бIаьрхиш…», «Хьо йаре сатуьйсу», «Батте», «Календаран тIаьххьара лист», «Хьо марша Iойла», «Ма ала соьга», «Малхе кхевдий…», «Весет», «Ала цуьнга», «Йерриг шело дIаэцалахь!», «Хан йоцчу хенахь а…», «Йехийла гIоза», «Полла», «ЙогIур йу, хьомениг, хьоьга!», «Батто сагатдо», и.д.кх.
Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо…
ЦIестан кIудал нохчийн йоIа
Шовдана кIела сецайо
Хета баттах схьадухдуьйлуш,
КIудал йузу шовдано,
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу
ЙоIах хьерчаш, цу батто.
КIудал йуьзна… Iанаоьху
БIаьрхих терра дато хиш.
Ткъа, йоI гича, дог а лехий,
Нохчийн кIанта лоькху йиш…
Дашна говза ву Сулейманов Ахьмад. Цуьнан поэзин мотт шеца лаккхара исбаьхьалла йолуш бу. Ша гойтучу хIуманца догIуш доллу исбаьхьаллин дош карадо цунна. Кхечара далоза долу дустар, эпитет йа метафора йало хаьа цунна. Поэтически сурт кхуллуш Iаламера хIума, адаман хьесапе даладой, исбаьхьа йуьхье дерзадо цо. Цуьнан исбаьхьаллин васт шеца чолхалла йоцуш, аьхна, даге кхочуш, милла а кхетар волуш хуьлу.
Поэтан безаман лирика шен билггал къастамаш болуш йу. Оцу синхаамах лаьцна йолу цуьнан байташ нохчийн безаман лирикех къаьсташ йу шайн чулацамца а, маьIница а, исбаьхьаллин басаршца а. Оцу хьокъехь Нохчийн Республикин халкъан йаздархочо Ахмадов Мусас йаздина: «Безамах йолчу Ахьмадан стихашкахь гучудолу и синхаам цо, ийзавалар доцуш, ма-барра, шен чолхаллица, марзонца, къахьонца буьйцуш хилар. Цуьнца цхьаьна цо дохадо нохчийн фольклорехь долу цхьацца бехкаме гураш. Оцу гурашкара аравийлар а оьзда а, товш а хуьлу Ахьмадан, цуьнца цхьаьна цо схьадоьллу нохчийн безаман лирика кхиаран тайп-тайпана а, керла а некъаш».
Сулейманов Ахьмада кхиамца болх бина лиро-эпически жанрехь а. Литература йезархошна дика йевзаш йу цуьнан «Безаммий, шаьлтий», «Ламанан суьрташ», «Беттан тIулг», «Безаман шовда», «Дахаран генаш», «Iеса безам, Безамна гимн», «ЦIен книга» я Iеса поэма» поэмаш. Оцу поэмашкахь гойтуш дерг къоман дахар ду, шен тайп-тайпанчу агIонашкахь. Нохчийн къоман дIадаханчун а, хIинцалерчун а шен хьежамашца ойла йо поэта. Жанрийн башхаллашка диллича, лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьаьнаийна йу цуьнан поэмашкахь.
Iаламат мехала бу Сулейманов Ахьмада Нохч-ГIалгIайчоьнан топономи хIоттош бина болх. 1976–1985-чуй шерашкахь арайаьлла цуьнан йеа киншкех лаьтташ йолу «Топономия Чечено-Ингушетии». Цул тIаьхьа кхузза арахецна оьрсийн маттахь йазбина болу и мехала болх. Цу тIехь йалийна лаьмний, раьгIнийн, бIаьвнийн, шовданийн, хинийн, йартийн, хьаннийн, аьрцнийн, чIажжийн, ирзойн, ма-дарра аьлча, вайн мехкан йерриге а меттигийн цIераш. Царах лаьцна халкъалахь лелаш долу легендаш, шира хабарш, кицанаш, эшарш, иллеш дIайаздина. «Нохчийн паспорт» аьлла, цIе йахана шен маьIнийн мах хадийна ца валлал мехала болчу оцу белхан. Пачхьалкхан совгIат (преми) луш билгал а баьккхина и болх.
Поэта, мохкталлархочо Сулейманов Ахьмада беркате къахьегна гочдарш деш а. Цо нохчийн матте йаьхна А.С.Пушкинан «Iаьнан Iуьйре», М.Ю.Лермонтовн «Суо-цхьалха буьйсанна со араволу», «Кхачделла можа ялташ аренгахь техкаш…», «ГIалагIазкхийн аганан илли», «Баркалла», «Тамаше шийлачу ахмаски тIехьара…», «ХIан-хIа! Хьо яц суна езарг чIогIа», «К.Л. (Байронах тардеш)», «ИрахьIер», «Къовсам», «ДоIа», «СагIадоьхург», «Аьзнаш», «Кавказ», Муса Джалилан «Сан иллеш», «Ма тешалахь», «Суд йечу дийнахь», гуьржийн халкъан поэзина йукъара «Хьан майрачух со-м ца веша», кхийолу говзарш а.
А.Сулеймановс болх бина нохчийн халкъан барта говзарш лохуш а, уьш дIайазйеш а. Пхьарматах долу шира дийцар дуьххьара дIайаздинарг а ву иза.
Къоман культурин, нохчийн литературин мехала цхьа дакъа ду Сулейманов Ахьмадан кхолларалла. Нохчийн халкъан поэт боху сийлахь цIе шена хьакъ а йолуш лелайора цо.
«Даймехкан некъаш» цIе йолу Сулейманов Ахьмадан киншка дIайолалуш зорбатоьхначу шен статья тIехь Сулаев Мохьмада йаздина: «Кху сборнико чулоцу нохчийн поэто Сулейманов Ахьмада деххачу шерашкахь язйинчех цхьайолу стихаш, поэмаш… Семачу бIаьргашца цуьнан агIонашка хьаьвсичахь – цхьабосса дика го поэтан шен чухулара син-сибат а, вайн даймекхан къонахаллех дуьзна долу васт а.
Иштта ца хила йиш а яц поэзин книга, и бакъволчу поэтан книга йелахь: хIор а вуьззина поэт шен даймехкан хьанала меже а, винчу халкъан сема мотт а бу. Поэто дуьйцург цIеначу даггара хила деза – тIаккхий бен дешархойн дегнашка и дIакхочур вац. Амма поэтан дог мел цIена хиларх, иза шен даймехкан дагах хоттаделла дацахь – цо дуьйцучух марзо оьцур яц кхиболчу наха: цхьана готтачу гурахь дуьсур ду цо мел дуьйцург, дешархойн шуьйрачу могIаршка дIа ца кхочуш. Бакъволчу поэтан дог цIена хилла ца Iаш комаьрша а, доккха а хила деза, дерриге а халкъан дог-ойланаш, сатийсамаш шена чухудуш, шена чу уьш тардолуьйтуш. ТIаккха хуьлу поэт – шен халкъан поэт. Ишттачех ву Ахьмад Сулейманов».
Хила а хилла Сулейманов Ахьмад бакъволу поэт, шен мехкан, халкъан тешаме кIант. Ткъа цуьнан говзарш бакъйолу поэзи йу. Уьш йехар йу нохчийн халкъ мел деха, шайх дог хьоьсту, ойла тIома йоху, халкъ хьуьнаре до иллеш хилла.
АРСАНУКАЕВ Iабдулла, филологин Iилманийн кандидат, литература таллархо