1941-чу шеран мангалан беттан 26-чу дийнахь зорбане даьллачу «Ленинан некъ» газетан хьалхара агIо цу муьрехь гвардин капитан хиллачу танкистах Мазаев Маташах лаьцна дуьйцуш йу. Алссам довха дешнаш ду турпалхочух лаьцна йазйинчу статья тIехь. Маташан а, цуьнан ден Хамзатханан а суьрташ ду газета тIехь, кегийрхой йохье баха санна тIетоьхна.Фашисташ йамартлонца СССР-на тIелетта хан йу иза. Мазаев Маташ хила а хилла бакъволу турпалхо.
Дера лом санна летта иза мостагIчух. Цунах лаьцна вайна дукха дийцина. Маташан майраллех, доьналлех даьхна иллеш а кIезиг дац. Халкъан а, мехкан а дозалла ду и йахь йолу кIант, шен дахар, кхерамна хьалха бIаьрнегIар ца тухуш, Даймехкан сий лардеш дIаделла цо. Делахь а, цхьа дагахьбаллам бу, къоман турпалхойх хIинца а вайна дерриге ца хаар. Маташан йиша Есимат ма хилла цу тIамехь жигара дакъалоцуш. Цунах дерг, мел халахеташ делахь а, ца хууш дисина, къаьсттана къоначу чкъурана. И лазаме кIайдаргаш дIайоху хан тIекхаьчна аьлла хета суна.
Маташан а, Есиматан а ден цIе Хамзатхан хилла. Церан нана Алероева Бала хилла. Вайнехан кхерчашкахь хуьлуш ма-хиллара, боккха доьзал хилла МазаевгIеран. Цкъа цхьана хенахь, кулакаш бу бохуш, таIзар латтийна хилла цаьргахь советийн Iедало. Бакъду, и Iазап советийн Iедало вайнах боцчаьрга а такхийтина. Хийла гIалагIазкхи махках ваьккхина, нилха йаьхна церан станицаш. Ткъа йассайеллачу станицашка, «раскулачить» бина олий, вайнах баха ховшош хилла. Иштта, Итон-Кхаьллан кIоштарчу Басхарахь, шен долахь жа а, бажа а болуш Iаш-вехаш хилла волу Мазаев Хамзатхан а кхаьчна Лакха-Невре. Цигахь, 1920-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь дуьненчу йаьлла вайн турпалхо Мазаева Есимат. Дукха хан йалале, берашка дешийта йолчу Iалашонца, шен доьзал балош Серноводске Эна-Хишка дIакхелхина Мазаев Хаммзатхан. Цигахь чекхйаьккхина йоIа йуккъерчу ишколан ворхI класс. ТIаккха хьехаройн курсашка деша йоьду иза. Амма цунах тоам ца бо Есимата. Жимачохь дуьйна лор хила лууш йара йоI. Амма лоьраш кечбен училище Соьлжа-ГIалахь бен йацара, ткъа Есиматан дена йоI шена гена йалийта ца лаьара. ВорхIе дегара схьадогIучу вайнехан гIиллакхашна тIегIертара Хамзатхан, зудабер бIаьргана гучохь хилар бIегIийла хеташ. Таккха шен веше, Маташе орца даьккхира Есимата, дас цо аьллачуьнга ладугIий хууш. Баккъал а Маташах доккха беркат делира. Эххар а да тIеверзийра цо йишин лаамна.
Иштта шен Iалашоне кхаьчна, Соьлжа-ГIалара медицинин училище чекхйаьккхина, фельдшер хилира Есиматах. Цунна дукхабезара шен болх. КхидIа а деша дагахь йара вайн турпалхо, шен говзалла, дарбадаран къайленаш кIорггера йовза лууш. Амма дагахь доцуш болабелира луьра тIом. Маре йахана, карахь жима йоI йолуш Соьлжа-ГIалахь Iаш йара Есимат 1941-чу шеран асаран беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIом болалуш.
Дуьненна хууш ду, и буьрса тIом болалуш, итт эзар сов вайнехан жима стаг ЦIечу Эскаран могIаршкахь гIуллакх деш хиллий. ТIеман хьалхарчу деношкахь шайн лаамехь кхин а кхойтта эзар стаг а вайн махкара фронте дIавахара. Царна йукъахь вара Мазаева Есиматан хIусамда а. ТIеман хьаьттахь мостагIех леташ вара Есиматан воккхах волу ваша Маташ а. ТIаккха, цунна хетарехь, йуьстах йаьлла Iойла дацара Есиматан а. Цунах тIеман фельдшер хуьлу, кхиболу лоьраш санна, лазийначу салташна гIо-накъосталла дан арайолу иза. Соьлжа-ГIала–Малгобек маршрутаца, тIаьхьо Кропоткински станце кхаччалц хаддаза санитарни цIерпошта тIехь дIалела лоьраш, чевнаш хилла салтий Соьлжа-ГIаларчу госпиталашка схьабалош.
Аьттехь дац и некъаш маьрша хилла бохург. БIаьрг белла ца кхуьуьйтуш, де-буьйса ца лоьруш, немцоша деш авиатохарш дара. Кхин хIумма а ца хилча 1942-чу шеран эсаран беттан 10-чу дийнахь немцойн фашисташа Соьлжа-ГIалахь хIоттийна къемат де тоьар дара, кхидерг ца дийцича. Фашистийн ши бIе гергга «Юнкерс» хьаьвзира цу дийнахь Соьлжа-ГIалина тIехула Iожаллин дарц даржош. Нохчийчоь схьайаккхарх а, Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттана тIекхачарх а шайн гIуллакх ца хилча фашисташа йиъ бIе сов бомба кхоьссина сийначу цIаре йиллира вайнехан коьрта шахьар. Цу къаьхьачу эрчонехь Соьлжа-ГIалина герга кхочуш йара, чевнаш хилла салтий балош йогIу Мазаева Есимат тIехь йолу цIерпошт. Лоьрийн хьуьнар, доьналла бахьанехь дархошна даккхий зенаш ца хуьлуьйтуш, цIерпошт йухайаьккхина, Делан къинхетамца хила тарлучу бохамах бевлира уьш. Амма иза данне дац луьрачу тIеман къиза кхийсарш вайн турпалхчух ца хьакхалуш йисира бохург. 1943-чу шарахь дара Кропоткинехь хиллачу немцойн авиатохаро вайн турпалчу махкахочунна чевнаш йеш. Чевнаш йеза а, йаккхий а йара. Цхьана шина баттахь Кропоткинерчу госпиталехь Iилла дийзира медицински службин капитан йолчу Мазаева Есиматан. Чевнаш хуьлучу муьрехь масех мидал йара вайн турпалхочунна йелла. ТIехIоьттинарг, доьналлица ловш а, муьлххачу халонах бIаьрнегIар ца тухуш чекхйолуш а йара и ламанхойн оьзда йоI. Шен нуьцкъала амал а, бакъйолчу нохчийн йоьIан синондалла гайтира цо чевнаш хиллачу мIаьргонехь. Белхан накъостийн чIогIа бIаьрг буьзнера Мазаева Есиматах. Чевнаш кхачамболлуш йирзина йовлале, госпиталера йодий, йуха а шен балхана тIейоьрзу и турпала йоI. Амма хIинца беха ца бойту Мазаева Есимате и болх…
Ирча гIан санна, къинхетамза йогIий схьакхочу 1944-чу шеран чиллин беттан 23-гIа шийла Iуьйре. Сталинан хьадалчаша махках доккху дерриге а нохчийн халкъ. Шен жима йоI марайуллий, къена нана а оьций, цу къаьхьачу новкъа йолу Мазаева Есимат а. Маташ тIеман хьаьттахь воьжна. Иштта воьжна Есиматан хIусамда а. Даймехкан сий лардеш дIаделла цара шайн къона дахар. Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш йаьхнера Есимата орденаш а, мидалш а. Кийрара мерза са ца кхоош, шайн цIий Iенош нохчаша йаьхначу орденийн а, мидалийн а мехалла цкъачунна йайнера. Цунах дика кхетара 24-чу шаре йирзина нохчийн жима зуда. Бакъдерг дийцача, цу муьрехь Есимат уьш дагайогIучохь йацара. Даймехкан турпалхо кхиийна шен нана, луьрачу тIеман хьаьттахь да воьжна жима йоI хене йаккха напха лаха дезара хийрачу махкахь.
ХIара пекъарш уггаре а шийлачу метте кхаьчнера, уллехь цхьа а гергара стаг а воцуш. Акмоленск гIалин йистошца йара ЕсиматгIар цкъачунна дIатарбина йурт. Шийла Iуьйренаш а, йоьхна суьйренаш а лан дийзира кху мисканийн. Делахь а, заманан йохалла, хастам хиларан АллахI-Делан къинхетаман орца кхиира кхарна тIе а. Цигара цхьа казах Маташаца тIом бина, иза дика вевзаш а хиллера. Шайн йуьрта кхаьчнарш тIеман накъостан наний, йиший йуй хиъча, йуьхьанца йуучуьнца-молучуьнца доккха накъосталла дира казахо. ТIаьхьо, вайнахана дехьа-сехьа бовла жимма паргIато йаьлча, шайн верасаш болчу Алма-Ата дIабаха аьтто а бира. Алма-Атахь сихха балха йахара Есимат. Ткъа кхуьнан бIаьхаллин некъах дерг девзича-м, Алма-Атан 12-чу куьпахь фельдшер балха дIахIоттайо иза.
1948-чу шарахь шолгIа маре йоьду Мазаева Есимат, Шеларчу Асхабов Мохьмаде. Иза а вара блокадни Ленинградехь тIом бина, цу заманан турпалхо. Мохьмадан ваша, Асхабов Ахьмад Брестан гIопехь тIом беш хилла. Асхабов Ахьмадах дерг, ма-дарра Ошаев Халидан «Слово о полку Чечено-Ингушском» киншки тIехь йаздина ду. Ткъа Мазаева Есимата дуккха а шерашкахь фельдшеран болх бо вай билгалйаьккхинчу 12-чу куьпахь. И больница заьIапхойн цIа лоруш дара. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман заьIапхой бара цигара дукхах болу дархой. ТIеман хьал дика девзаш йолчу Есимата цIеначу даггара бора дархошца болх. Цундела иза массарна а дукхайезара.
ТIаьхьо, Алма-Атахь гидроэлектростанци йуьллуш, цига хьажайо вайн махкахо, лаккхарчу корматаллин лор Мазаева Есимат хиларна. Вайнахана цIаберза некъамаршо йаллалц цу ГЭС-хь болх бо цо.
1957-чу шеран лахьанан беттан 7-чу дийнахь дай баьхначу лаьтта тIе цIабоьрзу Есиматан доьзал. Вайнехан гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, хIусамда схьаваьллачу Шела дIагIурту хIорш йуьхьанца. Амма Шеларчу хIусамашка дог ца дохуьйту кхаьрга. АсхабовгIеран керташкахь Iаш жIайхой бара, цIавирзинарг Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхо вара аьлла, кхуьнан дех дисина ков-керт дассон хIумма а дагахь боцуш. Девне бийларх шаьш толург ца хиларх дика кхеташ болу ЕсиматгIар, тIаккха Iен-баха Эна-Хишка дIабоьлху. Цу муьрехь 37 шо дара вайн турпалхочун. Хьалха маре йаханчохь йина хилла йоI дIайаьллера кху пекъаран хийрачу махкахь мацацалло ницкъ бина. Асхабов Мохьмадана йина кхин цхьа йоI йара Есиматан, Тамара цIе йолуш. Ша санна, каде а, тIахъаьлла а кхиийра нанас шен цхьаъ бен йоцу йоI. Шен нана йаьхначу Эна-Хишкахь Iаш-йехаш йу иза хIинца. Дуккха а шерашкахь Эна-Хишкарчу №1 йолчу ишколехь хьехархочун болх бира Тамарас. Тамарина тахана а дагахь лаьтта ненан хьехамаш. «Хьегнарг дIадолу, – олура цо, – халкъалахь йуьсуш йерг стеган цIе йу». Бакъду, Мазаева Есимата, мел йоккха хало, харцо, шело, мацалла дуьхьалайаларх, къар ца луш, зуламечу мехашка ша гора ца хIоттайойтуш, ларйина шен сийлахь цIе. Вайн декхар ду нохчийн халкъан оьздачу йоьIан сийлахь цIе иэсехь латтор.
1957-чу шарахь Эна-Хишкарчу больнице балха дIахIоьттинчу Мазаева Есимата 1992-гIа шеран гIуран бутт тIекхаччалц хьанал къахьийгира, шена дукхабезачу йуьртахойн могашаллина гIаролехь лаьтташ. Болх дукха дика барна Iедало алссам дина совгIаташ дара Есиматан. Делахь а, вайн халкъана, махкана уггаре а доккха совгIат Мазаева Есиматан сийлахь цIе йу.
2008-чу шеран асаран беттан 23-чу дийнахь чекхдевлла Мазаева Есимата доьналлица гездина некъаш. Шен бералла дIайаханчу Эна-Хишкахь лахьтин кийра йирзина, вайх хIораммо шех дозалла дан хьакъйолу и турпала зуда. Дала гечдойла цунна! ТIекхуьучу чкъурана доккха масал ду цуьнан турпала дахар. Цуьнан цIе карлайаккхар, йиц ца йеш, иза дагахь латтор вайн декхар ду, сийлахьчу Даймехкан маршонна гIаролехь лаьттиначарех цхьаъ йу и, нохчийн оьзда йоI, цхьа а шеко ца йуьттуш Даймехкан бIаьхо шех ала вайна бакъо йитина цо.