НОХЧИЙН  КЪОМАН ДОЗАЛЛА — БАГАЛОВА  ЗУЛАЙ

Нохчийн къоман театран искусствехь цхьа мур бу цуьнан башха кхолларалла. Дерриге а дахарна оьзда йукъ йихкина, халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьоьгуш чекхйаьлла иза. Асет, Алпату, Бусана, ПетIамат, Бэла, Асель, Луиза, Зулай, Наси, иштта дIа кхин а, йийцина цаваллал дукха йу Нохчийн къоман театран сцени тIехь цо ловзийна ролаш. Царах хIора а роль хьовсархойн сих хьакхалуш йу, адамалле, къинхетаме, дикане кхойкхуш йу, дахаре безам кхуллуш, кханенах дегайовхо чIагIйеш йу. Пхийттара йалале йеара иза театре балха. Цкъа а кIад ца луш, шен хьовсархойх йоккхайеш, къоман культура, хьаналчу къинхьегамца серлайохуш схьайеана иза таханене кхаччалц. 60 шо сов хан дIайелла Багалова Зулайс Нохчийн театрана. Вай массара шех дозалла дан хьакъ долуш, вайнехан тоьллачех цхьа актриса йу иза. Хьаьъна шовда санна йолу сирла кхолларалла йезачарна мерза кхаъ бу и похIме актриса хIинца а театрехь болх беш хилар. Цкъа мацах къона актриса хиллехь а, тахана Нохч-Г1алг1айн халкъан а, Россин халкъан а артистка йу иза. Дала, могашалла латтош, оьмар йахйойла цуьнан! Декъалйеш, дог лаьттачу дикане кхачайойла Веза-Воккхачу Дала!

Мила хир ву вайн махкахь иза ца йевзаш, цуьнан похIмех дозалла ца деш? Дукха жима йолуш йеара Зулай къоман театре, амма кхидIа йолчу ханна цуьнан дерриге дахар сценица доьзна дара. Ткъа цкъа мацах, Iедал орцахдаьлла, хала йалийра иза театре…
       Вайнах Казахстанера цIабирзина мур бара иза. Кхойтта шарахь байлахь лаьттина Нохчийчоь йуха денйала эгIаза ка-мIараш йетташ йара. Кхин тоделла хьал дацара къоман театрехь  а. Дера Ленинградерчу театран институте деша хьовсийна кегийрхой а ма бара. Делахь а, уьш цIаберззалц болх ца беш Iойла дацара Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран. 1958-чу шарахь болх карлабаьккхинчу театро Ошаев Халидан пьеси тIехь «Асланбек Шерипов» спектакль хIоттийнера. Гуьржийн туьйра бухехь долу «Майра Кикила» спектакль карлайаьккхинера. Керла спектакль хIотто йолчу Iалашонца Гамзатов Расулан «Асет» поэма йара йеша схьаэцна, инсценировка йина кечйеш. Делахь а, цу тIехь беш болу болх, ца догIучу дагца болийнера режиссераша Минаев Минайс, Горькая Лидияс. Догцадаран шен бахьана дара. Коьртачу турпалхочун роль ловзо тамехь актриса йацара театрехь. И сингаттам бевзаш бара Нохч-ГIалгIайн культурин министерствехь, хьехархойн институтехь, КПСС-н обкомехь. Къоман театраца бала мел берг, массо а актриса лохуш, къоначу мехкаршка бIаьргбетташ вара. Эххар а, дагахь доцчуьра кхечира кхаъ. Дала декъалвойла иза, нохчийн меттан говзанча хиллачу Джамалханов Зайндис хабар-кост даийтира, ша болх бечу хьехархойн училищехь и тайпа йоI йолуш йу аьлла. Режиссераш Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище бахара. Уьш реза хилира йоIана. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а, ладогIархойн синкIоргене кховда ницкъ кхочуш, говза стихаш йоьшура цо.   Хелхайала хаьара. Сцени тIехь товш хир йолуш йара. Дала схьаделла совгIат дар-кха. Иштта хетара режиссерашна. Амма йоIа театре ша йогIур йац, нанас йоуьйтур йац, – аьлла, доцца хадийра къамел. ТIаккха гIаьттина дара лакхахь хьахийна и орца. Мокхазан гIап хилла дуьхьалйаьлла Зулайн нана къарйира цу орцано. Иштта кхечира Багалова Нохчийн къоман театре. Хьалхара гIулчаш сцени тIехь мел хала хиллехь  а, «Асет» спектаклан премьерехь, шен дуьххьарлера роль тIехдика ловзийра цо. Цу муьрехь арадевллачу газеташа дийцарехь, сцени тIехь къоначу йоIа йохучу дуьххьарлерчу гIулчаша а тоьшалла дора, кхунах дукха хан йалале, халкъана а, махкана а йевзаш похIме актриса хирг хиларна. Зулайн хеннара йара «Асет» спектаклехь кхуо васт кхоьллина турпалхо. Амал а кхуьначух тера йогIуш йара. Ламанхойн гIиллакхех къилба дина хене болучу доьзалехь хьалакхиийна йара иза. Цуьнан да жаIу вара, хьаналчу къинхьегамца доьзална напха латтош. Кавказан шира ламасташ хIайкал санна лардеш дара кхузахь. Хьаша-да тIеэцар сийлалла лорура. Балхана пебеттар осалалла хетара. Цкъа делла дош, эчигах йаьккхина гериг санна, нуьцкъала дара. Асет, дукха жима йолуш, йехна йара йуьртарчу кIантана, дас йоуьйтур йу аьлла дош деллера. Амма йоIана ца веза, цкъа мацах баккхийчеран барт хилла, шена къастийна жимха. Иза реза йац цуьнга маре йаха. Асет итт класс чекхйаьккхина институте деша йаха лууш йу. Ткъа дена ша деллачу дашна тIехь чекхвала лаьа. Декхар, синхаам вовшашна бIостанехьа боьрзу. Холчохь йу коьрта турпалхо. Цунна чIогIа дукхавеза шен да, делахь а, цавезачуьнга а йахана, къаьхьачу кхолламе къона дахар хьашийта ца лаьа. И чолхе хьал говза гайтира Багалова Зулайс. Спектаклан кульминаци нуьцкъала исбаьхьаллин тIеIаткъам болуш йара. Хьовсархошна хала дара бIаьрхиш совцо. Иштта йезаш адамаша спектакль тIеэцаран бахьанан доккхах долу дакъа къоначу актрисин хьуьнарца доьзна дара. Къегинчу басаршца кхоьллира къоначу актрисас Алпатун васт а. Мусаев Мохьмада йазйинчу «Цхьана йуьртахь» пьеси тIехь, нохчийн къоман театро изза цIе йолуш хIоттийначу спектаклана йукъара дара и васт. Мелла а башхалла йара оцу шина ролана йукъахь. Асет шен ирсехьа къуьйсуш хиллехь, Алпату йуьртан бахамерчу кхачамбацаршца къовсаме йаьлла йу. Цхьана йоккхачу колхозехь мехкарийн тобанна куьйгаллехь йу Зулайн кху спектаклера турпалхо. Халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьега болчу лаамах богуш бу мехкарий. Амма колхозан куьйгалхо дикка гена ву кегийрхойн цIеначу ойланашна. Колхозан зовкх ша цхьаъ, председатель бахьанехь дебна моьттуш ву иза. КъайлагIур йуй хиъча, хьарамлонах къаьхкаш вац. Совса цIе йолу хаза жеро йу, йукъ-кара дагах гилгаш дохуш, керлачу безаман аналле кхойкхуш. РСФСР-н халкъан артист Зубайраев ЯрагIи вара колхозан председателан Аптин роль ловзош. Зулай даима сапаргIат хуьлура, ЯрагIи сцени тIехь хилча. Белхан алссам зеделларг долуш волчу цо, хаддаза шен семачу тергонехь латтадора къоначу актрисин кхиар, оьшучохь гIо-накъосталлица орцахволуш. Самукъане спектакль йара «Цхьана юьртахь». Ира забар, цIена нохчийн мотт, зевне эшарш хиларна хьовсархоша йезаш тIеэцнера иза. И спектакль бахьанехь вайн махкал арахьа а йовзар хилира Зулайн. «Театральная жизнь» йерригсоюзан журнало йоккха статья тоьхнера шен агIонаш тIе, Нохч-ГIалгIайн театро хIоттийначу «Цхьана юьртахь» цIе йолу спектакль хестош. Коьртачу ролашкахь хиллачу Зубайраев ЯрагIин а, Багалова Зулайн а суьрташ долуш. Театран институт чекхъяьккхина йацара аьлла, мел чолхе васташ кхолла, корматалла ца тоьаш цкъа а ца йисина актриса. Цуьнан дуьззина ткъа шо а дацара Нохч-Г1алгIайн къоман театро М.Ю.Лермонтовн «Бэла» повеста тIехь спектакль хIоттош. Хетарехь, режиссера Харлип Павела къаьсттана Зулайн говзаллина тIейоьгIна хIотто билгалйаьккхина спектакль йара иза. Къегина похIма долчу актерийн тоба йара спектаклехь дакъалоцуш. Печорин Григорийн роль ловзош, цу муьрехь Ленинградехь кхиамца театральни институт чекхъяьккхина, цIавирзина Давлетмирзаев МутIелип вара. Максим Максимычан васт кхоьллинарг Зубайраев ЯрагIи вара, Бэлин васт кхоьллинарг Багалова Зулай йара. Кхузахь суна билгалдаккха лууш цхьа бакъдерг ду, «роль ловзайо» бохург цкъа а догIуш ца хилла актрисин сирлачу кхоллараллехь. Иза даима «йехаш» хилла муьлххачу шен турпалхочун дахарца. Иштта дара цо кхоьллина Бэлин васт а. Йуьхьанца йоI къехка ларамза синкъераме нисвеллачу мехкан воцчу хьешах. Нуьцкъала ога хилла лаьтта цу шинна йукъахь кавказхойн оьзда гIиллакхаш. ЙоIа лардо шен децIийнан сий. Амма безам, цунна эгIаза дуьхьало йу-кх, мел луьста дуьйцинехь а декхарийн зIар. Цул сов, Бэла ша ма ца йоьду, мел нуьцкъала безам къоначу кийрахь кхехкахь а, Печорине маре. Цунна йамартло йо шен вашас. Йуьхьанца Печорина хаза дуьйцу, милла Iехаваллал. Оьрсийн эпсаран лела хааро хье дIаоьцу Бэлин. Къоначу даг чохь гIаьттина шовкъе безам хила там бу цунна бехке. И тайпа ойланаш карзахйохура Зулайс говза кхоьллинчу васто. Вайнехан гIиллакхаш мел луьра делахь а, хьовсархошна ца лаьара Бэла бехке йан. Актрисин говзалла йара цунна орцахйаьлларг, массо а бехках а иза хьалхайохуш, цуьнан дакъазаллина декъа ийзош. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран кхузткъалгIачу шерийн йуьххьехь дара Нохч-ГIалгIайн къоман театро, немцойн драматурган Ф.Шиллеран «Йамартло а, безам а» драми тIехь спектакль хIоттийча. Цу муьрехь театран коьрта режиссер хилла волу Вайнштейн Владимир вара и спектакль хIоттийнарг. ТIаьхьо нохчийн къоман дозалла хилла дIахIиттина къона артисташ бара спектакль сирлачу басаршца къагийна кхиаме кхачийнарш.  РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутIелип, РСФСР-н хьакъйолу артистка Исаева Асет, РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Неля, Нохч-ГIалгIайн халкъволу артист Дениев Iаьлви, Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Хадзиев Мохьмад. Оцу похIмечу актерех, мел халахеташ делахь а, дукхах берш боцуш бу. Дала гечдойла царна!
      Багалова Зулай – Миллер Луиза йара цу спектаклехь. ХVIII-гIа бIе шо. Кхаьънаш ийдаро, питанаша, эладитанаша сийсош йолу Германи. Хьарамлонаша дебийна хьал – цхьаболчеран, доза доцу къелла – вукхеран. Лаьхьанийн уьйригах тарйеллачу цу туьшахь, кхелли тIе ларамза даьллачу кIайчу зезагах тера йу, къечу музыкантан йоI Миллер Луиза. Дагахь доцуш цунна вевза президентан кIант Фердинанд (артист Давлетмирзаев МутIелип). КIантана йезало къечу бен чуьра йоI. Луизина хазахета жимачу стеган цIеначу безамах хьаьгна дог-ойла. Амма йоIана цкъачунна ца хаьа кIант хьенан, мила ву. Бакъду, дукха хан йалале, Фердинандан дена тосало, кIант хIора суьйранна къехойн куьпа лесташ хилар, Луизига цуьнан безам хилар. Дас дерриге до къоначийн безам, эладитнашца хьаьшна дIабаккха. Цуьнан аьтто болу цу тIехь. Йамартлоно Iовжайо Луиза. Амма йохьах-м ца йоккху. Цуьнгахь синъондалла йу, лекхачу ломал лекха. Хьарамчу бахамал адамалла, къинхетам мехала хетачарах йу иза. Иштта гойтура Зулайс Луиза. Цундела хьовсархоша йезаш тIеийцира романтизмах йуьззина йолу Шиллеран турпалхо. Мел къона йелахь а, спектаклан режиссера шена хьалхахIоттийначу Iалашонца, даима санна тIехдика ларийра Зулай. Цуьнан кхолларалла йезачарна гуш дара муьлхха васт кхолла хьуьнар долуш, корматаллин лаккхарчу тIегIанехь говзалла йолуш нохчийн къоман сцени тIехь актриса кхиъна хилар. КIезиг бацара цу заманахь, къаьсттана цо кхоьллинчу васте хьажа сатесна театре богIу хьовсархой а. Цуьнан хIора роль йара милла а йохьеваккха ницкъ кхочуш, дикане кхойкхуш, дахаре безам кхуллуш, сирлачу кханенах дегайовхо чIагIйеш. Царах лара мегар ду Багалова Зулайс Аселан васт кхоьллина Айтматов Чингизан повесть тIехь Нохчийн къоман театро хIоттийна «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг»  цIе  йолу спектакль. Режиссера Харлип Павела хIоттийначу оцу спектаклехь мехала кхин цхьа агIо а йу. Багалова Зулай санна, цуьнан хIусамда Идаев Юсуп вара «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг» спектаклехь коьртачех цхьа роль ловзош. Iаламат похIме актер вара Идаев Юсуп. Ленинградера театран институт чекхйаьккхина цIайирзинчу кегийрхойн тобанна йукъара вара иза, нохчийн къоман театран уггаре а тоьллачу актерех цхьаъ ларалуш. Дала декъалаварг, дукха хьалхе вайна йукъара дIавахара иза. Бакъволу актер санна, сцени тIехь дIавелира 1985-чу шарахь. Бертахь болчу доьзалан ирсан гIад кагдеш, кхо бер байлахь дуьтуш, Зулайн бIаьргаш чу, чаккхе йоцу гIайгIа Iанош. Амма и иэшам сел хьалхе кхочур бу аьлла цхьанна а дагахь дацара оцу спектаклан премьерехь. Актрисас васт кхоьллина Асель, кхиъна догIуш зудабер ду, амма адамалла, болатан амал гIеметтахIоьттинчу стагехь санна йу, акхтарган синтарх тера йолчу къоначу йоIехь. Цундела йезало иза цхьана автобазехь болх беш волчу Илесана (артист Идаев Юсуп). Асельна везало кIант – лекха, товш, малх санна сирла велакъажар долуш, йукъ-кара, цхьана а кепара эвхьазалла йоцуш, забар йан хууш волу жимха. ГIиллаккхца, оьздангаллица, дечу къамелаца кхечу шоферех тера вац Илес. Автобазин диспетчер жеро Кадича йу безамца кIанте бIаьргбетташ. Делахь а, Илеса Асель хоржу, иза йалайо, шо шаре далале кIант хуьлу къоначу доьзалехь. Iанаоьхучу ирсан зIаьнаршлахь хене долуш ду деза шиъ. Амма цу ирсо корта хьовзабо Илесан. Балхахь хеставар, карадогIу ахча, цIера кхерч серлабаькхина аганара кIант и дерриге шен хьуьнарца ду моттаделла пекъарна. Маларх кхета волавелла, наггахь Кадича йолчохь буьйса йаккхар нисло. Йуьхьанца собарца садетта Асела, къаьхьа къурдаш деш. Багалова Зулайн ловзарехь, ца лаьа цунна, когавахана валале, цхьаъ бен воцу кIант бенах вохийна, дех хьего. Амма ца хуьлчу даьлча, Iаьржачу буса, шийлачу догIанехула арайолий дIайоьду иза, шен кIант марахьарчавой. ХIора зудчуьнгахь хила догIу доьналла, шен оьздачу синан сий лардар гойтуш йоккху турпалхочо и гIулч. Дехха тIараш детташ тIеоьцура хьовсархоша и мизансцена. Актрисин башхачу ловзаро исбаьхьаллин тIеIаткъам бора царна, дикане, нийсоне, адамалле кхойкхуш. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран кхиам ларалучех спектакль йу «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг», оцу кхиаман доккхах долу дакъа Багалова Зулайн актерийн  таронаш бахьанехь дара. Хьовсархойн дегнашкахь массо а ханна даха дисина оьздачу йоIан Аселан васт.

Советийн Союзо фашизмана тIехь толам баьккхина ткъа шо кхочуш, вайнехан гIараваьллачу йаздархочо Хамидов Iабдуллас «Лийрбоцурш»  турпалаллин драма йазйира. Советийн Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех йара и драма. Режиссера Хакишев Руслана изза цIе йолу спектакль хIоттийра къоман театрехь, Хамидовн пьеси бухе йиллина. РСФСР-н хьакъволу артист Омаев Дагун вара коьртачу ролехь. Ханпаша тIехьийзачу йоьIан Каметин роль йара режиссера Зулайх тешийнарг. Говза сурт хIоттош, чулацаме васт дара актрисас цу спектаклехь кхоьллинарг. Шен ловзаран шовкъаца трагедига хьалайигира цо драма. Камета тешаме йу безамна. Цо дозалла до Ханпашин турпалчу амалх. Даймехкан хьанал йоI йу иза. ТIамна генарчу йуьртахь Iаш йелахь а, де-буьйса ца лоьруш, къахьоьгу толаман де гергадало. Амма цунна и ган доьгIна ца хиллера. Зуламхойн карах йалар нисло Каметин, хьовсархойн дог Iовжош.

Нийса хир дацара Зулайн кхолларалла йуьйцучохь, цо исбаьхьа ловзийна кхин цхьа роль ца хьахийча. Иза 1967-чу шарахь Хакишев Руслана хIоттийна «ЦIий Iанийна ловзар» спектаклера роль йу. Хакишев Русланан дипломни спектакль йара иза, испанхойн поэт, драматург хиллачу Федерико Гарсия Лоркин, изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна. Леонардон ролехь Омаев Дагун вара. Нускалан ролехь РСФСР-н хьакъйолу артистка Хаджиева Неля йара. Багалова Зулай цу спектаклехь Леонардон хIусамнана йара. Сил дукхавеза цунна хIусамда, амма къевсина даьккхина, ларамза каракхаьчначу ирсо синтеме хила ца йуьту. Иза дика кхета, кест-кеста буса набарха волий, ха хоьрцуш, хIусамдас доху даккхий синош, ша бахьанехь дохуш цахиларх. Кхин йу цуьнан аьрха дог огуш, йицйала ца туьгуш, синтемах ваьккхина, ойланех хьерчаш. Кхеран-м кхуьуш кIант ву. Цунах мукъане Леонардо Iехаваларе сатуьйсу хIусамнанас. Амма схьахазош шога дош дацахь а, Леонардон мерза ойланаш цкъа мацах хиллачу шовкъечу безамца тилайелла, паналлехь нека деш йу. Эххар а, схьакхечи хIусамнанас сатийсина кхаъ: Леонардона цкъа мацах йезнарг маре йоьдуш йу аьлла. Кхосса кечдина Iад санна йулало хIусамнана. Иза кхоьру хила тарлучух. Цунна дика вевза шен хIусамда. Цуьнгахь йолу къонахчун амал йу кхунна Леонардо везавалийтинарг а. Ткъа бакъболчу  къонахаша шайн безаман ирс нахе ца кхочуьйту цкъа а, дуьне духуш латтахь а. Озийна пха санна йара актриса «ЦIий Iанийна ловзар»  спектаклехь. Цуьнан аьтто баьллера ховхачу безамах, ирсечу доьзалах хьоьгучу зудчун васт кхолла. Нохчийн къоман театрехь ша болх бечу 60 шарахь дуккха а ролаш ловзийна РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс. Уьш хIора а  вайнехан театран искусствон мах боцу беркат хилла дIахIиттина. Иза гойту халкъана, махкана актриса дукхайезаш хиларо. Актриса хьуьнаре зуда хиларна къеггина тоьшалла, къоман театрехь бина болх хилла а ца Iа. Балхана юкъах ца йолуш цо чекхйаьккхина А.В.Луначарскийн цIарах йолу Москвара театран институт. Хьалакхиийна кхо бер. Лакхахь билгал ма-даккхара, Нохч-ГIалгIайн халкъан артистана Идаев Юсупана тешаме хIусамнана хилла. Цул сов, Зулай кест-кеста хоржура Нохч-ГIалгIайн Лакхарчу Совете депутат.

Цуьнан Iаламат самукъадолура шен харжамхошца цхьаьнакхетарш дIахьош, церан сингаттамашна, гIайгIанашна ша орцахйолуш. Делахь а, цуьнан дахаран коьрта къилба Нохчийн къоман театр йара. Цунах цхьана а кепара шеко хир йац, цкъа мацах, Россин пачхьалкхан премин лауреат, профессор хиллачу Солцаев Мималта хIоттийна «БIешерийн боданера»  спектакль гиначеран. ГIараваьллачу гIалгIайн йаздархочо Базоркин Идриса изза цIе йолуш йазйинчу романан инсценировка йара Нохчийн къоман театро хIоттийнарг. ЦIарна цIе йахана вайнехан дукха артисташ бара цу спектаклехь дакъалоцуш. Коьртачу турпалхочун Калойн васт кхоьллинарг Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Марисултанов Iела вара. Ткъа Зулайс дукха говза Насин васт кхоьллира. ДагайогIий шуна, Чаборзан нана йара иза. Чаборз Калойна дукхайезаш хилла Зоро йигна жима стаг вара. Девне дала тарлуш дара и захало. Къевсина йаьккхина шегара йоI Калойс цхьаьнгга йуьгуьйтур йацара. Амма Насис, дагахьбоцчу машарца дIадерзийра и шогаллин кеп эцна гIуллакх. Вайнехан гIиллакхашца догIуш дацара Насис динарг ала тарло цхьаболчара. Хила там бу иза иштта а. Амма актрисин хьуьнар, говзалла, похIма тоьира шен турпалхо бакъйан. Уггаре а хьалха нана йара цу чордачу суьртехь вайна гинарг. Шен цхьаъ бен воцчу кIентан синпаргIато, маьрша кхане йара Насис ларйинарг.

   Нохчийчохь сингаттамаш дебош беара ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталуш болу мур. Доха карзаха даьллачу советийн Iедало низаман архаш малйинера. Россин урамашкахь герз эвхьаза даьккхинера. Хьем боцуш и хьал вайн махка схьакхечира. Мехкан куьйгалле зуламхой хIиттира. Царна ца оьшура дешаран серло а, театральни  искусствон исбаьхьалла  а. Зуламхойн каде хьийзаро Нохчийчу тIом балийра. Дуккха адам махках делира, шайн синош довдийна. Бакъду, Багалова Зулай шен халкъаца йисира. Нохчийн къомах  къаьстина хийрачу махкахь ирс ца лехира цо. Дера дерриге а нохчийн халкъо санна цо лайра хало а, харцо а, мацалла а. Делахь а и дерриге лан нуьцкъала амал, синъондалла хиллера вайна дукхайезачу актрисехь. Нохчийн къоман театро шен болх дIаболийначу мIаьргонехь балха арайелира, хастам хиларо АллахI-Дала ца кхоош къеггина похIма делла актриса. ТIаьхьарчу шерашкахь цо дакъалаьцна «Ханума», «Лаьмнел лекха», «Нохчийн махкахь  нохчийн маттахь», иштта дуккха а кхечу спектаклашкахь. Даима санна корматаллин лаккхарчу тIегIанехь ду Россин халкъан артисткас Багалова Зулайс театран сцени тIехь кхуллуш долу васташ. Уьш къегина, нохчаллех дуьзна, хьовсархойн синкIоргене кхийдаш, церан ойланаш марсайохуш, дай баьхна латта деза Iамош, дикане кхойкхуш ду. Цундела дукхайеза вайна массарна похIме актриса Багалова Зулай.

Йеххачу хенахь Нохчийн къоман театрехь болх беш Багалова Зулайс алссам ловзийначу ролех, цхьайерш бен йац тахана вай хьахийнарш. Цуьнан йерриге а кхолларалла йийца йоккха роман йазйан йезар йара. Делахь а, кху деношкахь, 1945-чу шеран асаран беттан 2-чу дийнахь дуьненчу йаьллачу Багалова Зулайн йина де дара, тхуна лиира, тхайна, нохчийн къоман сийлахь оьзда йоI дагайогIий а, цуьнан хьанал къинхьегам биц ца беллий а хаийта. Нохчийн къоман театран исторехь хиллачех тоьлла актриса йу Багалова Зулай. Дала оьмар йахйойла цуьнан. Дуккха а шерашкахь шен сирлачу кхоллараллица хьовсархойн дегнаш хьистинчу йоккхачу актрисин сий-пусар дан, Веза-Воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.

Газиева  Аза

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: