Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьна Йерригроссин «Росси – халкъийн цӀа» форум

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалаьцна Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу Йерригроссин «Росси – халкъийн цӀа» форумехь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Форуман дакъалацархошка вистхуьлуш ас дагадаийтира, таханлера Нохчийн Республика – иза дукха хан йоццуш хьалха, Росси йохон кхерам болу лазаме хиламаш хуьлу регион хилла хилар. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хаьара цуьнан тӀаьхье муха хир йу. Россин Президента Путин Владимира гӀо а деш референдум дӀайаьхьира, тӀеийцира республикин Конституци. Оцу сацамо машар а, къепе а дӀахӀоттийра.

Бина болу некъ атта бацара. Оха лакхара мах белла пачхьалкх чӀагӀйан а, дуьненайукъара терроризм эшон а. Цундела мехала ду къаьмнашна йукъара барт чӀагӀбар», – аьлла Кадыров Рамзана.

Оцу форумехь Нохчийчоьнан Мехк-Дас Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочунна Баринов Игорьна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал йелира. Ткъа Нохчийн Республикин Мехк-Ден Баркаллин кехаташ делира Йерригроссин йукъараллин-политикин «Хьалхарчийн болам» берийн а, кегийрхойн а боламан правленин председательна Орлов Артурана а, «Россин халкъийн цӀа» федеральни хьукматан директорна Полежаева Аннина а, Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон СКФО-ла, ГӀирмин Республикехула а, Севастополехула а йолчу регионашна йукъарчу урхаллин куьйгалхочунна Разживин Сергейна а.

Форум лаккхарчу тӀегӀанехь дӀайахьарна Къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхочунна Баринов Игорьна а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчина, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна а баркалла элира Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: