Лаьмнийн баххьаш «эшош» верг

ХIора адамана хьоме ду шен махкаца доьзнарг. Ткъа вайн таханлерчу турпалхочунна Вагапов Рамзанна Iаламат мехала хета шен мохк бовзар а, безар а. Иза Аргыунски пачхьалкхан историко-архитектурни а, Iаламан а музей-заповедникехь Iилманан лакхара белхахо ву. Нохчийн пачхьалкхан университетехь  «Экология и природопользование» кафедрехь хьехархо а ву.

IMG_8569

  Воккхавеш юьйцу цо, вайн мехкан хазалла. Цуьнан дийцарш лаьмнех, шерачу аренех, хих лаьцна дара. Уьш сайна гуш санна хеталора суна. Оццул дагах кхеташ, хаза дуьйцура цо шена гинарш.

–  Хьалхарчу курсашкахь доьшуш волуш, дуьххьара сан лаьмнашка вахар Джабраилов Сайд-Эми (хIинца – Аргунски пачхьалкхан историко-архитектурни а, Iаламан музей-заповедникан директор) вовзар бахьана долуш хилира. Цо дийцарна Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан институтан альпинизман секци дIаязвелира со. Цул тIаьхьа дуккха а некъаш гездина, экскурсешка  а лелла, дуккха а меттигаш евзина. Дешна ваьлча йита дизира альпинизм. Бакъду, гуттаренна а бисина сан даг чохь лаьмнашка болу сатийсам.

2014-чу шарахь Аргунски музей-заповедникехь болх бан волавелла иза. Заповедникехь 150 бIаьвнийн гIаланаш, 20 еза меттиг, 200 сов шира тIеман бIов, I50 сов йохийна гIала, 150 маьлхан а, кхидолу а кешнаш, иштта кхиерш ю. Студенташ экскурсешка буьгуш, царна вайн мохк бовзуьйтуш, болх дIахьо музейн белхахоша.

–  ХIинца студенташца экскурсе вахча, айса лелийнарш дага догIу суна. Студенташ а хуьлу лаьмнийн хазаллех баккхийбеш, бIаьвнех цецбуьйлуш. ХIора шарахь музейхь хIоттийначу графикца тайп-тайпана меттигаш толлу оха студенташца, Джабраилов Сайд-Эмин гIоьнца. Вайн мехкан хазалла Iалаш еш ву иза а, цуьнан накъостий а. Царах ву Яхъяев Хезар, Мунашев Турпал, Умхаев Хьамзат, кхиберш. Дуккха а къахьегна цара вайн къоман истори талларехь .

Казбека буьххье ваьлла дуьххьарлера ши нохчи ву Вагапов Рамзан, цуьнан доттагI Гакаев Рустам. Шен цига кхача ирс муха хилира дийцира Рамзана.

–  Гуьржийчуьрчу «Фонд Кавказа» юкъаралло еш «Кавказ наш общий дом» аьлла акции ю, Кавказера къаьмнийн векалш Казбека буьххье бовлуш, — хаийтира суна Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан университетан «Архитектура»  кафедран белхахочо Махмудова Хьавас. Ас со а гIур вара цига, сан хенарнаш цига боьлхуш хилча, аьлла, сайн лаам бовзийтира.

2009-чу шеран 13 сентябрехь новкъа девлира тхо, соьца цхьаьна нохчийн пачхьалкхан университетехь «Физическая география» кафедрера хьехархо Гакаев Рустам а вара.

Гуьржийчу дIакхаьчначул тIаьхьа, 15-чу сентьябрехь Казбека буьххье хьаладовла дуьйладелира тхо. Дуккха а халонаш, шело ловш, 18-чу сентябрехь Казбекан уггаре а лакхарчу бохь тIе (5033 м) хьалакхечира. Цигахь нохчийн байракх дIаюьйгIира. Тхайн лакхе нохчийн наношна лерира оха. Даккхийчу элпашца «Слава чеченским матерям» аьлла яздира Казбека буьххьехь.

Вайн къоман исторехь шен цIе йитина Вагапов Рамзана. Шен ницкъ ца кхоош, ша санна болчу шен накъосташца цхьаьна Кавказера дуккха а нахана йовзаза йолу меттигаш теллина цара, хIинца толлуш а бу. Карарчу хенахь Джабраилов Сайд-Эми, Вагапов Рамзан «Туристический потенциал Аргунского музея-заповедника» монографи тIехь болх беш ву.

АВХАДОВА Хьава

 № 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: