
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето а, Соьлжа-ГӀалин хьехархойн колледжо а спортан «Этноверсиада» фестиваль дӀайаьхьира.
Мероприятехь дакъалецира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан цхьа бӀе сов студента а, иштта, республикин дешаран кхийолчу учрежденийн векалша а. Къоман культурин а, спортан а къеггина хилам бара и фестиваль. Цигахь шен хьуьнарш гайтина а ца Ӏаш, таро йара къоман ловзарех а, къийсадаларех а лаьцна дерг алссам довза а, хаа а.
Вовшахтохархоша лаккхарчу тӀегӀанехь кечйинера и мероприяти. Фестивалан Ӏалашо йара – Нохчийн Республикин культурин бахам Ӏалашбар а, цунах лаьцна дерг кегийрхошна йукъахь даржор а.