
Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана Нохчийн халкъан кхоллараллин а, культурин а, спортан а «Бенара бӀаьсте – 2025» фестивалан вовшахтохараллин комитетаца кхеташо дӀайаьхьна Бенахь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
ХӀокху шарахь оцу фестивалан 10 шо кхочу. Ламасте дирзина ма-хиллара, юбилейни фестиваль а Бенахь дӀахьур хӀокху беттан 21-чу дийнахь йу.
«Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Ӏийсас хаам ма-барра, оцу гӀуллакхна кечамаш бар лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьош ду. Фестивалан гурашкахь тайп-тайпана къийсадаларш дӀахьур ду: говраш хахкар, йуьртан бахаман гайтам, спортан а, культурин а къийсадаларш», – аьлла Кадыров Рамзана.
Тумхаджиев Ӏийсас билгал ма-даккхара, фестиваль дӀайахьарна кечамаш барехь цхьа а халонаш йац. Оцу тӀехь гӀо деш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу гӀоьналлин фонд а йу.
Оцу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, Сийлахь Къуръан дешаран къовсамна тӀе леррина тидам бахийта безаш хилар.
«Къаьсттина терго йан йеза Сийлахь Къуръан дешаран къовсам дӀабахьарна. Со тешна ву иза лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьуриг хиларх», – аьлла цо.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Бенарчу бахархошна, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президенте, Россин Турпалхочуьнга Кадыров Ахьмад-Хьаьже ла а доьгӀна, меттигера бахархой кхечу меттигашка дӀаса ца бахарна. Цо ма-аллара, тахана Бенахь дахаран тоьлла хьелаш ду. Керла школаш а, берийн бошмаш а, могашалла Ӏалашйаран хьукматаш а йина, меттахӀоттийна инфраструктура, кхуьуш йу туризм, 90 процент некъаш асфальт йиллина ду.
Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, «Бенара бӀаьсте – 2025» фестиваль лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьуриг хиларх ша тешна хилар.