Кадыров Рамзан: «Бенара бӀаьсте» фестиваль лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьур йу

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана халкъан кхоллараллин а, культурин а, спортан а «Бенара бӀаьсте – 2025» фестивалан вовшахтохараллин комитетан кхеташо дӀайаьхьна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

ХӀокху шарахь оцу фестивалан 10 шо кхочу. Ламасте дирзина ма-хиллара, юбилейни фестиваль а Бенахь дӀахьур йу хӀокху беттан 21-чу дийнахь.

«Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Ӏийсас хаам ма-барра, оцу гӀуллакхна кечамаш бар лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьош ду. ХӀокху шарахь фестивалан гурашкахь мехала 14 хилам дӀахьур бу. Царна йукъахь ду Сийлахь Къуръан дешаран къовсам, говраш хахкар, йуьртан бахаман гайтам, спортан къийсадаларш, концерташ, кхийолу мероприятеш а дӀайахьар. Фестиваль дӀайахьарехь гӀо деш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу гӀоьналлин фонд йу», – йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, толамхошна луш долу слвгӀаташ мехала а, дика кечдина а хила дезаш хилар. Иштта, цо тӀедиллира Сийлахь Къуръан дешаран къовсаман толамхошна луш долчу совгӀаташна лерина терго йар.

Кадыров Рамзана хаийтира, хӀинццалц а санна, хӀокху шарахь а «Бенара бӀаьсте» фестиваль лакхарчу тӀегӀанехь дӀахьуриг хиларх ша тешна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: