«Турпалхо – Герои 95» кадрийн проектана дIакъасторан кхоалгIа мур бу дIаболалуш

Нохчийн Республикехь чекхбаьлла «Турпалхо – Герои 95» регионан кадрийн проектан шолгIа мур. Талламаш баран жамIашца проектехь дакъалоцуш хиллачу 466 стагах берриге а талламех а, тестированех а кхиамца чекхваьлла 160 стаг. Уьш кечамаш беш бу дIакъасторан кхоалгIачу муьрана.

Нохчийн пачхьалкхан университетан буха тIехь асаран беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь хIоранца шец-шеца собеседовани дIахьур йу. Тестированих кхиамца чекхбевлла дакъалацархой цхьаьнакхетар бу эксперташца а, кадрин проектан векалшца а. Корматаллин хаарш, говзалла гайтина ца Iаш, церан гайта дезар ду стратегин ойла йан, хьесап дан хаар, хьекъала сацамаш тIеэца хаар, адамашца эвсаре цхьаьна гIуллакхдан хаар.

Собеседованих кхиамца чекхваларо некъ схьабоьллу проектан рогIерчу муьрана – очни мероприятешна. Цигахь дакъалацархошна конкурсан керла декхарш тIедохкур ду, иштта кхитIе а таронаш схьайоьллур йу корматаллехь кхиарна.

Делахь-хIета къоначарна, йахь йолчарна чIогIа мехала а, оьшуш а проект йу «Турпалхо – Герои 95». Цигахь шен ницкъаш, таронаш, хаарш зер сийлалла йу. Цо Iамор ву шен халкъана а, махкана а пайдехь хила, амал йахчо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: