
Соьлжа-ГIалахь масех де хьалха даздаран хьолехь дIадаьхьира тIеман а, къинхьегаман а ветеранашна лерина башха пансионат схьайеллар. Иза Алда эвларчу «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь йу. Цигахь цхьана хеннахь садаIа а, могашалла меттахIотто а йиш хир йу 230 стеган.
Пансионат схьайелларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель – къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министр Баширов Iусман, официальни кхиболу нах. Цара цигахь дакъалаьцна хиларо гойту Нохчийчоьнан Iедало тIеман а, къинхьегаман а ветеранийн мел боккха гIайгIабо а, церан хьашташка уьш мел лерина хьовсу а.
Кхузаманан исбаьхьа пансионат йина Россин Федерацин Президентан хIутосург баттахьлера указаш кхочуш а деш, «Демографи» къоман проектан гурашкахь. И мехала социальни объект схьайеллар социальни белхахочун денца нисдинера. Хууш ма-хиллара иза хIокху шарахь асаран беттан 8-чу дийнахь билгалдаьккхира вайн махкахь. Иштта, пансионат схьайеллар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалин а, Россин Федерацин Президентан Путин Владимир Владимировичан цIарахчу керлачу кIоштан а шеран гурашкахь деш долчу гIуллакхашна тIедоьгIна.
Циггахь дIадаьхьира социальни декъан къаьсттана билгалбевллачу белхахошна Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан указаца республикин совгIаташ даран даздарш.
Пансионатана хьалха тесна хилла ламасталлин цIен аса хадо сийлаллин бакъо йелира Нохчийн Республикин Правительствон Председательна, тIеман леррина операци дIайахьаран Регионан штабан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, пансионат вайн заманан берриге а лехамашна жоп луш йу. Кхузахь ветеранашна массо агIор гIо дийр ду, медицинин, психологин дерриге хьашташ кхочушдийр ду. Царна токхе кхача латтор бу, садаIа башха хьелаш хир ду. Кхин хIумма а ца хилча а цIеначу хIуонехь, хIорда йистехь, аьхначу тийналлехь, олхазарийн зевнечу эшаршка ладоьгIуш садаIа аьтто хир бу вайн ветеранийн. Царна баккъал а доккха совгIат ду иза.