Нохчийн студенташ ABBYY компанехь Iемаш бу

Iемаш бу

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь «Хакатон»  форум хилира. Цигахь кхузаманан технологешца къахьоьгучу студентийн-программистийн хаарш, похIма зуьйш белхаш бира.

«ABBYY», «Computer Art Studio» — компанеша йина яра и форум. Оцу форуман гурашкахь хиллачу конкурсехь толамаш баьхначу проектийн авторшна, студенташна юккъера 3 студент къастийра Москварчу ABBYY компанехь стажировка яйта. Уьш бу прикладни информатикин, автоматизацин факультетан студенташ Махмудов Iайнди, Усманов Муслим, Хашаев Шемал.

Карарчу хенахь Москвахь бу уьш. ХIора дийнахь ABBYY  компанехь хуьлучу дешаран тренингашкахь дакъалоцу цара. Лакхахь хьахийначу факультетан декана Алисултанова Эсмирас дийцарехь, царна лекцеш йоьшу программированин къайленаш йовзуьйтуш, семинарашкахь дакъа а лоцуш, практикин белхаш бо. Цхьаволчунна атта ду а моьттуш, вуоно чолхе белхаш бан Iама дезаш а нисло церан. Масала, чинахойн (китайцы) алфавит чинахойн принтер тIехь схьаяккха еза. Иза 20 шо хьалха лелош хиллачу кIадин принтарца яккха а еза! Оцу принтарца 1 минотехь кехатан 1 агIо бен ца яккхало, ткъа студенташна 307 агIо ю схьаяккха тIейожинарг. Собар а, хан а оьшу царна и болх чекхбаккха. Ткъа уггаре а халадерг – оцу принтеран гIовгIа лан дезар…

Вайн студенташ чIогIа реза хилла шайна кхоьллинчу хьелашна. СадаIаран меттиг, тренажерни зал, стоьла тIехь йолу теннис, футбола ловза майда ю. «Берийн беш» аьлла чоь а ю компанин белхахойн берашна лерина. Белхан низам а чIагIдина ду.

– Суна луур дара кхузахь болх бан, – билгалдо Хашаев Шемала, цо дийцарехь, иза дуьххьара ву иштта программашца кхачояран компанехь.

– Кхечу пачхьалкхийн кинош чохь ма-гайттара дуьхьал туьйсура суна компани. Режиссераша хIума тIех хаздой дуьйцу, гойту аьлла хетара. Амма сайн бIаьргашна схьагича, иза иштта кхачо йолуш, тоьлла хьелаш долуш хилар хиира. ABBYY компанехь тоьлла хьелаш ду, оцу фильмашкахь ма-гайттара.

– Со кхушара 4-чу курсе ваьлла, сайна дукха хIума Iемина моьттуш а вара. Кхузахь кхин лехамаш бу. Со хIинцца бен волавелла а ца хилла оцу Iилманан къайленаш йовза, – дуьйцу Махмудов Iайндис.

Москварчу компанехь нохчийн студентийн ларам бо, цул сов, уьш Соьлжа-ГIалара баьхкина дуьххьарлера стажераш бу.

Цигахь нохчийн студенташ шайн кураторшца цхьаьна а кхийтира. Цара эха шарахь сов гIо дира студенташна «Хакатон» конкурсехь дакъалацарна кечам бойтуш.

Вай теша тIейогIучу хенахь, Гейц Билл, Джобс Стив вайн вешан а хирг хиларх.

 

З.ХИЗИРОВА

№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: