Солтаханов БойсагIар вина 1997- чу шарахь Иорданехь. 5-чу классе валлалц меттигерчу школехь дешна цо. Шена Дала деллачу хьуьнаршца школехь цхьацца къийсадаларшкахь дакъалоцуш дуккха а толамаш баьхна цо спортехь. Цул тIаьхьа, Нохчийчу цIа вирзича, шен дай баьхначу Шелахь № 9 йолчу юккъерчу школехь чекхдоккху цо дешар. Оцу хенахь а кест-кеста спортзала чу воьдуш вара БойсагIар, бакъенаш йоцучу латаран кепехь шен хьуьнарш зуьйш. Цуьнан ницкъ кхочура дегIана шел веза а, ханна воккха а волчуьнца яхь къовса.
Делахь а, оцу спортах дIора дог ца летара цуьнан. Цундела шен ден Висханан хьехаршца куьг охьадуьллу спортан кеп хаьржира цо. И спорт чIогIа тайра цунна. Шелахь гIаравелира иза массеран а куьг охьадуьллу бохуш. Дукха хан ялале, Нохчийчохь хьалхеяккхаран къийсадаларшна кечам бира цо. Цу хенахь Нохчийн Республикин армлестрингин Федераци хIинц-хIинца кхоллаелла яра. 2012-чу шарахь дуьххьара хилира Шелан районехь охьатохарх куьг лотуьйтуш турнир. Цу хенахь 15 шо бен доцучу БойсагIара дегIан йозалла 66 кийла йолчуьнца охьатохарх куьг лотуьйтуш толам баьккхина, Шелан районан кубок яьккхира. Ткъа 2013-чу шарахь цунах Нохчийн Республикин чемпион хилира. Билгалдаккха догIу, Аргунехь дIаяьхьначу турнирехь дегIан йозалла 80 кийла йолчаьрца яхь къовсуш цо хьалхара меттиг яьккхина хилар. Россин спортан мастер ву иза.
ХIокху шарахь Россин чемпионатехь армлестрингехула хьалхара меттиг яьккхина Солтаханов БойсагIара.
«Цу хенахь соьца куьг лотуьйтуш хиллачу Андреев Сашица хIинца а куьг латийта Iалашо ю сан, кху шеран 23-24-чуй июлехь Владикавказехь дIахьон йолчу «А-1» дуьненаюкъарчу турнирехь. Цигахь цуьнца къовсавала аьтто бер бу аьлла хета суна сайн» — дуьйцу БойсагIара. Цо дийцарехь, цигахь хир болуш бу Iамаркера а, Европера а гIарабевлла спортсменаш. БойсагIаран дегIан йозалла 86 кийла ю, ткъа цо куьг латийта дезарш дегIан йозалла 95 кийла йолуш. Таханлерчу дийнахь Шелара и спортсмен Россин вовшахтоьхначу командехь тоьллачех цхьаъ ву аьтту а, аьрру а куьг лотуьйтуш. Ша баьхначу толамех къаьсттина мехалниг лору цо кху шеран май баттахь Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш Нохчийн Республикехь дIаяьхьначу турнирехь хьалхара меттиг яккхар.
МАТАГОВ Исхан
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо