ТIеман лерринчу операцин дакъалацархошна а, церан доьзалшна а догӀуш долу гӀо

Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствос дуккха а гIуллакхаш до тIеман лерринчу операцин дакъалацархойн а, церан доьзалийн декъашхойн а гIолацарехь. Къамел ду ахчанаш даларан хьокъехь санна, иштта хIусамашца, ребилитаци йарца, къинхьегамца, балха хIитторца гIоленаш йаран хьокъехь. Цунах лаьцна ма-дарра дийцира федеральни регистран гIоленаш йечаьрца болх баран отделан хьаькаман декхарш кхочушдеш йолчу Халаева Каринас.

Кхелхинчу бIаьхойн доьзалшна коммунальни хьашташна компенсаци йар

Мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу эскаргIуллакххойн доьзалшна гIо дар. Иза хьакхалуш ду хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна йинчу ахчанан харжашна компенсаци йарх. «Цу тайпанчу гIоьнах пайдаэца бакъо йу кхелхинчун берийн, иштта цунах йисинчун, нагахь кхечуьнга маре ца динехь», – кхетийра К.Халаевас.

Нохчийн Республикин 2013-чу шеран гIуран беттан 27-чу дийнахьлерчу №41–Р3 законца нийса а догIуш, компенсаци 100% харжашна йо – цунах 60% федеральни бюджетера, 40% республикин бюджетера тIело.

Контрактехула цкъа ахча далар

Нохчийн Республикин Мехк-Ден 2024-чу шеран товбецан беттан 19-чу дийнахьлерчу №267 йолчу Указаца нийса а догIуш, контракт йинчу эскаргIуллакххошна цкъа ахча ло. Иза эца бакъо йу 2024-чу шеран хьаьттан беттан 1-чу дийнахь дуьйна 1 шарна а, цул алсам йолчу ханна а контракт йинчу тIеман лерринчу операцин дакъалацархойн.

«Ахчанан барам 400 эзар сом бу. И ахча эца йиш йу Нохчийн Республикин военкоматаца йа Росгвардин вайн республикехь йолчу подразделенешца контракт йиначеран», – билгалдаьккхира Халаева Каринас.

И гIуллакх иштта хьакхалуш ду дозанал арахьарчу гражданех а, республикин военкоматашкахула контракт йина болчу а, ткъа иштта мобилизаци йиначарех а, эскаре кхайкхинчарех а (тIеман вузийн курсанташ боцучарах).

Ахча схьаэцаран къепе

ГIолацаран оцу гIуллакхах пайдаэцархьама эскаргIуллакххой шаьш Iаш долчу меттигерчу къинхьегаман а, социальни кхиаран а отделе баха беза. Иштта, «Госуслуги» порталехула дехар чудала таро йу. «Документийн пакета йукъадогIу контракт йаран хьокъехь долчу омранна тIера схьайаздар (выписка), паспортан копи, СНИЛС, банкан реквизиташ, дехар. Дехар циггахь йаздан мегар ду. Билггал омранна тIера схьайаздиначуьнца къастадо оха контракт ахча даларан билламашца догIуш хилар», – дийцира ведомствон векала.

Цо дийцарехь, заявкашка хьажаро белхан ши де дIалоцу. Нагахь санна дерриге а документаш нийса хилахь, шина кIиранчохь ахча дехар диначун чоьта тIе долу.

ХIусаме газ тасар

ТIеман лерринчу операцин дакъалацархошна а, церан доьзалшна а гIо до шайн долахь долчу цIенош чу газ тосуш. И гIуллакх билгалдина Нохчийн Республикин Правительствон 2024-чу шеран оханан беттан 2-чу дийнахьлерчу №60 йолчу Сацамца, кхочушдеш ду Къинхьегаман министерствос.

Реабилитацин а, социальни а хьашташ

ЭскаргIуллакххойн доьзалийн иштта бакъо йу рагI йоцуш хьашташ кхочушдарх пайдаэца:

– заьIап берийн реабилитацин хьашташ – лерринчу туьшашкахь;

– доьзалийн къеначу декъашхойн социальни хзьашташ – стационарашкахь;

– цIахь маьхза социальни хьашташ кхочушдан.

И дерриге а гIуллакхаш хьалхарчу рогIехь деш ду, цунна кхачо йо республикин социальни службашкахь.

Балха нисбар, йуха Iамор

Къинхьегаман министерствос тIеман лерринчу операцин дакъалацархойн а, церан доьзалийн декъашхойн а гIолоцу балха нисбарехь а. Оцу гIуллакхна шаьш Iаш долчу меттигерчу бахархой балха нисбаран Туьше ваха мегар ду йа электронни сервисашкахула – «Госуслуги» порталехула  йа «Россехь Болх» хьажа мегар ду. «Заявка чу лучу хенахь билгалбоху корматаллин, дешаран, кхечуьнан хьокъехь болу хаамаш, цунна богIуш болу болх харжарна оьшуш болу. Цул тIаьхьа балха нисбаран службин говзанчаша балха хIотторан кепаш хоржу», – билгалдаьккхира К.Халаевас.

Цул сов, тIеман лерринчу операцин дакъалацархошна хьалхарчу рогIехь бакъо ло корматалла харжа, деша баха, кхитIе а дешар деша, гIо до балха хIотта.

Бай лоруш хиллачу тIеман лерринчу операцин дакъалацархошна хIусамаш йалар

ТIеман лерринчу операцехь дакъалаьцна а, хьалха буобер лоруш йа дай-нанойн Iуналла доцуш лоруш хилла леринчарна гIо дарх хьакхалуш кхин цхьа гIуллакх а ду. Царна бакъо ло хIусамашца хьалхарчу рогIехь кхачойарна. Социальни гIо даран и гIуллакх чIагIдина Нохчийн Республикин Правительствон 2013-чу шеран товбецан беттан 3-чу дийнахьлерчу №230 йолчу Сацамца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: