
Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан Мехк-Ден кхерамзалла латторан гӀуллакхаллин хьаькам, Нохчийчоьнан кхерамзаллин советан секретарь, Путин Владимиран цӀарахчу Россин спецназан университетан куратор Кадыров Адам Нохчийчоьнан Мехк-Ден гӀоьнчица, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министраца Дудаев Ахьмадца цхьаьна хилла вайна волу 7 шо кхаьчна Мудаев Джабраил лоьхучохь. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, Адам дайначу беран деца цхьаьнакхетта а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера цо гӀо дӀаделла а хилар.
«Дакъалоцуш ницкъаллийн структурийн а, Ӏедалан органийн а куьйгалхой а, кӀоштийн администрацийн векалш а болуш, леррина кхоьллина оперативни штабаш йу цигахь болх беш. Таханлерчу дийнахь иттаннаш йиъкӀов километр меттиг теллина. Тхан Ӏалашо Джабраил карор а, иза гергарчаьрга дӀавалар а йу. Оха дерриге а дийр ду и болх дика тӀаьхье а йолуш кхочушбан», – йаздина Кадыров Рамзана.
Билгалдаккха догӀу, Нохчийчоьнан Мехк-Ден тӀедилларца жима Джабраил лоьхуш эзарнаш МВД-н а, МЧС-н а, Росгвардин а, Оборонин министерствон а, кхечу ведомствийн а белхахой а, волонтераш а, республикера а, луларчу регионашкара а бахархой а хилар.