Делимханов Адамна а, Даудов Мохьмадна а, Висмурадов Абузейдана а, Алаудинов Аптина а «Донецкан Халкъан Республикин Турпалхо» мидалш йелла

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедиллар кхочушдаран гурашкахь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханова Адама а, Нохчийчоьнан Правительствон Председатела, ТӀеман леррина операци дӀайахьарехула йолчу оперативни региональни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан нуьцкъаллийн блокехула волчу заместитела Висмурадов Абузейда а цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Донецкан Халкъан Республикин Пушилин Денисца. Цу хьокъехь хаам Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара Россин Федерацин оборонин министерствон «АХМАТ» спецназан буьйранча Алаудинов Апти а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а.

«Къамелаш деш Пушилин Дениса билгалдаьккхира, Нохчийн Республико тӀеман а, гуманитарни а агӀор доккха гӀо деш хилар. Цо ма-аллара, цхьаьна болх баро аьтто бо Лаккхарчу Коьртачу Буьйранчас, Россин Президента Путин Владимира хӀиттийна Ӏалашонаш тӀехдика чекхйаха», – йаздина Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхетарехь Пушилин Дениса «Донецкан Халкъан Республикин Турпалхо» мидалш йелира Делимханов Адамна а, Даудов Мохьмадна а, Висмурадов Абузейдана а, Алаудинов Аптина а. Ткъа Пушилин Денисана «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» цӀе а, Россин сенаторна Волошин Александрана а, Донецкан Халкъан Республикин Куьйгалхочун хьехамчина Хачанян Яковна а «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш а йелла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: