
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель, ТӀеман леррина операци дӀайахьарехула йолчу оперативни региональни штабан куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан нуьцкъаллийн блокехула волу заместитель Висмурадов Абузейд а, Россин Федерацин оборонин министерствон «АХМАТ» спецназан буьйранча Алаудинов Апти а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а хилира Мариуполехь тӀеман декхарш кхочушдеш болу вайн бӀаьхой болчохь. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
Кадыров Рамзана хаам ма-барра, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера Нохчийн Республикерчу подразделенешна рогӀера гӀо дӀакхачийна цара: СВО-н хьашташна кечйина йолу 100 автотранспорт а, 1000 ФПВ-дрон а, 100 коптераш-мавикаш а, кхин дуккха а дерг а. Цул сов, Халкъан фронтера 10 машен а дӀайелла царна.
Хьешаша цхьаьнакхетар дӀадаьхьира куьйгалла деш Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча Геремеев Ваха а волуш, Ильичан цӀарахчу Мариуполан металлургически комбинатехь кхерамзалла латтош болчу бӀаьхошца.
Цигахь Нохчийн Республикин лакхара цӀе – «Нохчийн Республикин Турпалхо. Къонах» цӀе йелла Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчина, вовшахтоьхначу отрядана буьйранчина Геремеев Вахина а, Россин Федерацин оборонин министерствон «АХМАТ-Кавказ» полкан буьйранчина Межидов Хьусайна а, кхин 30 сов бӀаьхочунна а.