С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекин белхахоша, ешархоша «Читай Лиханова» флэшмоб-акци вовшахтоьхнера хIокху деношкахь. Иза лерина яра Iилманча, яздархо волчу Лиханов Альбертан кхоллараллина. Оцу гIуллакхана лерина «Писатель. Ученый. Гражданин мира», А.Лихановн произведенийн юкъара цитаташ тIе язйина кечйина йолу дайджесташ яра акцин дакъалацархойн карахь.
Берийн библиотекин кетIара дIабуьйлабелла Соьлжа-ГIаларчу Дагестански, Путинан, Кадыровн цIарахчу урамашкахула чекхбевлира уьш. ТIехбуьйлучу бахархошна дайджесташ йийкъира флэшмобан дакъалацархоша.
Лиханов Альберт адамаш дезарца, дикаллица къаьсташ яздархо ву. Цо шен произведенешкахь кхиазхойн дуьненах, берашна хила тарлучу хазахетарех, халахетарех лаьцна яздо. 50 шо гергга хан ю Лиханов берийн дуьненах а, берашна лерина а яздеш волу. Цуьнан дуккха а книгаш зорбане евлла США-хь, Германехь, Японехь, Италехь.
Берийн библиотекин директоран заместитела Хожаева Дешис дийцарехь, и флэшмоб-акци вовшахтохаран коьрта Iалашо яра А.Лихановн кхолларалла вайн бахархошна, къаьсттина берашна, шуьйра йовзийтар.
«Цхьацца яздархочунна лерина кест-кеста «Литературни портрет» а, «Поэтические нотки» а вовшахтухуш хилча, берашна дика евзар ю аьлла хета яздархойн кхолларалла. Цул совнаха, берийн ойла книгаш ешарна тIеяхийтарна а Iаткъам бо цу тайпанчу цхьаьнакхетарша», – бохура Д.Хожаевас.
З.ХАСИЕВА
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо