Кадыров Рамзан Чуьйри-Эвлахь цементан завод йечохь хилла

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхарчу заместительца, НР-н автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Ӏийсаца цхьаьна Шелан кӀоштарчу Чуьйри-Эвлахь цементан завод йечохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Со лерина хьаьжира объектехь беш болчу белхашка, теллира хьалха хӀиттийна Ӏалашонаш муха кхочушйеш йу. «Чеченцемент» АО-н гендиректора Байбатыров Ӏабдул-Хьамида хаам бира завод йаран белхаш хӀокху шеран чаккхенехь а, монтажни белхаш тӀедогӀучу шеран бекарг беттан йуккъехь а дӀабоьрзург хиларан хьокъехь.

И проект кхочушйарна йукъаозийна баккхий инвесторш бу, йукъадалийначу ахчанан йукъара барам 20 млрд сов сом бу. Иза санкцийн хьелашкахь цу тайпана Россехь а хьалхара проект йу», – аьлла Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, и проект кхочушйарехь дакъалоцуш меттигера говзанчаш а, Беларусь Республикера лакхара говзалла йолу эксперташ а бу. Оцу заводо бӀеннаш белхан меттигаш а хуьлуьйтур йу, регионна дика продукци а латтор йу, гӀишлошйаран дакъа кхиорна йукъа йоккха хазна а йуьллур йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: