Кадыров Рамзана тӀедиллина Путинан цӀарахчу кӀоштахь йухкуш йолу хӀусамаш СВО-н декъалацархошна лахарчу мехашца йохкаран декъехь болх бар

Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца цхьаьна республикин коьртачу шахьаран гӀишлошйаран масех майданахь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Цкъа хьалха тхо хилира вайн Президентан Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт йечохь. Кхузахь хӀинцале а гуш ду жамӀаш. Хьалхарчу могӀарехь гӀишлошйаран белхаш чаккхене бахана, иштта дӀадоьрзуш ду гонахара меттиг кечйар а. Герггарчу хенахь хӀара хаза дакъа схьаделла кийча хир ду. Циггахь ас Кадыров Хас-Мохьмадна тӀедиллира, оцу кӀоштахь йухкуш йолчу хӀусамийн мах тӀеман лерринчу операцин декъашхошна лахбаран хьокъехь инвесторшца барт бар», – йаздина Кадыров Рамзана.

Цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан Мехк-Да хилира Шериповн урамехь. Цо билгал ма-даккхара, цигара белхаш а чаккхене боьлхуш бу. Проектаца а догӀуш, некъ шорбина, лаьтта бухула йоьлху инженерни зӀенаш карлайаьхна. Къаьсттина тӀе тидам бахийтина оцу урамехь деш долчу тӀайна. 72 метр долу тӀай кхузаманан технологешца деш хиларе терра, чӀогӀа дика хир долуш ду.

«Со реза хилира сайна гиначунна. Даггара баркалла боху республикина мехала йолчу проекташна тӀехь къа мел хьоьгучарна», – дерзийна Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: