Соьлжа-ГӀалахь билгалдаьккхина Хьехархочун дуьненайукъара де

Соьлжа-ГӀаларчу Омаев Дагунан цӀарахчу даздарийн цӀийнехь дӀадаьхьначу Хьехархочун дуьненайукъарчу денна леринчу даздаршкахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Ас декъалбира вайн хьоме хьехархой дезчу денца, дагадаийтина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, хьехархочо кхуллу къам, аьлла долу дешнаш. Билгалдаьккхира, хьехархочун говзалла жоьпалле а, сийлахь а болх хилар. Иштта, ас хьехархошка дехар дира берашкахь патриотизм кхиор», – йаздина Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхетарехь вистхиллчу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалло а, халкъо а къахьегар бахьана долуш республикехь хӀора а шарца дешар кхуьуш хилар.

Мероприяти дӀахьош Нохчийчоьнан Мехк-Дас республикин тоьллачу хьехархошна лакхара совгӀаташ дира. Нохчийн Республикин лакхара совгӀат – Кадыровн орден йелла 56 шарахь хьехархочун болх бинчу Элдаева Мидонина. «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал Гаибов Ӏабдурахьманна йелла, ткъа, «Ненан сий» мидал – Юсупова Тамарина. Иштта, цхьамогӀа хьехархошна «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлахь билгалонаш а, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» цӀераш а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамоташ а йелира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: