
Нохчийн Республикин делегаци дакъалоцуш йу Дуьненайукъарчу муниципальни БРИКС-2025 форумехь. Цу хьокъехь хаам бина Гуьмсан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Магамадов Хьамзата.
БРИКС-2025 – дакъалоцуш 100 пачхьалкхера 5 эзар стаг а волуш, боккха хилам бу.
Нохчийн делегаци йукъахь ву: Гуьмсан кӀоштан администрацин куьйгалхо Магамадов Хьамзат а, Курчалойн кӀоштан администрацин куьйгалхо Ирасханов Асламбек а, Устрада-ГӀалин мэр Масаев Илес а, Веданан кӀоштан администрацин куьйгалхо Абдулазизов Турпал-Ӏела а, Шелковски кӀоштан администрацин куьйгалхо Бугаев Ӏелабек а.
«Форумехь гӀуллакхийн йоккха программа йу. 15 сов йолчу секцешкахь дуьйцур ду экономика а, социальни дакъа а, дешар а, экологи а, инновацеш а, культура а, туризм а, интеллектуальни градостроительсиво а кхиоран гӀуллакхаш. ХӀокху дуьненайукъарчу форумехь дакъалацаро вайн аьтто бо Нохчийн Республикин муниципалитетийн кхиамаш бовзийта а, зеделларг дӀакховдон, схьаэца а, белхан зӀенаш чӀагӀйан а», – билгалдаьккхина Магамадов Хьамзата.