Уггаре а сирла де

DSC_0465

Хазахетарца сатуьйсу вай уггаре а  сирла де хилла лаьттачу марха достучу  дийне. Къаьсттина самукъадолу берийн.  Мел генахь хиларх, цу дийнахь  вовшашна  тIекхочу гергарнаш, вовшех  марзо оьцу.

Тхо кегий долуш чIогIа сатуьйсура оха цу дийне. Деда, денана долчохь баккха лаьара мархийн бутт. Цаьрца цхьаьна Iуьйкъанна гIаттар а,  марха лацар а, суьйранна марха дастар а ирсе  дара.  Бакъду, тхуна, берашна, бутт кхабар  тIе ца дуьллура.   Кхабалуччул кхобура оха марханаш. Делахь а, марханашца доьзна цхьа а хIума  тосий ца дуьтура.  Иштта тидам бора оха тархье боьлхучу нехан, Iамадора цара мел деш дерг.

Мархийн бутт чIогIа беха хетара тхуна. Марха достучу дийне  сатийсаро бахбеш хиллера-кх иза. ТIекхача  дезачу оцу дийнан сурт бIаьргашна хьалха лаьттара.  Массо а хIусамехь уггаре а  мерзачу кхачанех юьзна  стоьлаш  хиларал совнаха, тхуна дагахь тхайга бахка беза гергара нах хуьлура. Вовшахкхетара дейижарий, дешичой, шичой, церан бераш. Бехха Iара уьш  вовшех марзо оьцуш.  Кхачанах ца кхеташ дIа ца воьдура цхьа а. Мел гIийла воллучун хIусамехь уггаре мерза яахIума хуьлура.

Марха достучу Iуьйранна доккхуш долу сахь а хетара тхуна мехала. ГIийла бохкучу доьзалшна а, буоберашна а дIалора иза. КIа  делла ца Iаш, ахчанца а доккхура сагIа. Оьшучунна и дIакховдоран жоьпалла тхайна, берашна, тIедиллар  дозалла хетара . Царна дуьненан бахам эцна тхаьш доьлху моьттура тхуна.

Цул тIаьхьа, юьртарчу маьждиге Iийде боьлхура божарий.  Цигара  бевлча,  урамашкахула дIасабаьржара.  Беркатечу дийно самукъадаьккхина  нах, хIора керта а боьлхуш, марха къобалдан буьйлалора.  Машенаш дIасаяха меттиг а йоцуш, гIаш лелачу юьртахойх а, хьешех а дуьзна  хуьлура урамаш. Сихачу боларца  йоьдучу замано сихдина, вовшашна тIедахIа ца кхуьуш долчу адамийн синош паргIатдовлура цу дийнахь. Мел генахь вехаш верг а гергарчунна тIевогIура. Марха достучу деноша  чIагIдора  гергарлонаш.

Дала баийтина беза мархийн бутт бахьана а долуш адамаш,  вовшашна къинтIера довлура, доьзалш цхьаьнакхетара, мискачарна гIо дора.

Б.ДУДАЕВА

 № 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: