Нохчийчоьнан делегацис дакъалаьцна Тергамхойн Йерригроссин Конгрессехь

Нохчийн Республикин йукъараллин палатин Аппаратан куьйгалхо Гайрбеков Шамхан коьртехь волчу Нохчийчоьнан делегацис дакъалецира Москвахь дIайаьхьначу тергамхойн Йерригроссин Конгрессан балхахь. Делегацина йукъахь бара Нохчийн Республикин йукъараллин палатин председателан заместительш Каримов Iалу а, Хамадов Бекхан а. Конгрессехь дийцаре дира 2026-чу шарахь хин болчу харжамашна тIехь йукъараллин терго латторна кечамбаран гIуллакхаш.

Москвахь хилла тергамхойн Йерригроссин Конгресс мехала хилам бара йукъараллин терго латторан институт кхиорехь. Оцу хиламо дуьххьара 89 регионера 700 гергга тергамхо цхьаьнатуьйхира. ЦIейахханчу эксперташца цхьаьна дакъалацархоша шайна зеделларг довзийтира, лакхайаьккхира шайн корматалла, дийцаре дира йукъараллин терго латторна кечам муха бан беза боху гIуллакхаш.

Конгрессан коьрта декхарш дара – 2026-чу шеран электоральни циклана тергамхойн йукъаралла чIагIйар, тергамхойн хаарийн тIегIа технологешца болх баран, хаамийн кхерамзаллин, эвсаречу коммуникацийн дакъошкахь лакхадаккхар, ткъа иштта харжамашна мониторинг йаран гIирсаш ницкъ ма-кхоччу тобар цхьаьний дийцаре дар.

«Йукъараллин тергонан институтан Россехь йаккхий таронаш йу. Конгресс мехала хьаьрма хилла дIахIоьттира уьш йийцаре йан», – билгалдаьккхира СПЧ-н декъашхочо, НОМ Ассоциацин председатела Брод Александра.

«Йукъараллин тергамхой – жигара адамаш ду, бен-башха ца хеташ адамаш дац, цара гайтина талхорашна дуьхьал латта шаьш хьуьнар долуш хилар. Адамаш теша бозуш боцчу тергамхойх. ХIунда аьлча уьш партийн дахарна йукъахь бац, шайн лаамехь гIуллакхдеш бу, законодательство кхочушдайтаран дуьхьа, кхаж тасар бIегIийлачу, аттачу, даррехь долчу хьелашкахь дIадахьийтарна кхачойаран дуьхьа болх беш бу», – дагадаийтира А.Брода.

«Вайн делегацина йукъахь бара Россин йукъараллин палатин а, НОМ Ассоциацин а дешаран семинарашкахь дукхазза а шайн хаарш лакхадаьхна, харжамийн каппашкахь болх баран доккха зеделларг долу тергамхой. Тахана йукъараллин хьашто йу электоральни циклан дерриге а муьрашкахь – кандидаташ хьалхататтарна тIера кхаж тасарна жамIаш дарна тIекхаччалц – дерриге а даррехь, къайле йоцуш хилийтаре. Цундела йукъараллин тергамхой кийча бу шайн декхарш кхиамца кхочушдан», – билгалдаьккхира Гайрбеков Шамхана.

Йерригроссин Конгрессан программа вовшахтуьйхира тергамхойн предложенийн буха тIехь. Иза дIайаьхьира «ЦIеначу харжамашкахьа» корпусо, Президентан грантийн фондо а гIо лоцуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: