Кадыров Рамзанан дуьххьалдӀа эфир дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дуьххьалдӀа эфир дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь. Цунах лаьцна телеграммерчу шен агӀонехь дийцина Кадыров Рамзана.

«Шеран жамӀех лаьцна дуьйцуш билгалдаьккхира, командин балхана со резахилар. Хьалха хӀиттийна йолу Ӏалашонаш кхочушйина. Терго тӀейахийтира коьрта агӀо а хилла лаьтташ тӀеман леррина операци хиларна а. Цунна хьалха хӀиттийна йерриге а Ӏалашонаш кхочушйеш йу, ткъа бӀаьхошна оьшуш долчунца кхачо йеш а йу.

Дукхах долу хаттарш СВО-ца а, цуьнан дакъалацархошна гӀо дарца а, хӀусамийн-коммунальни бахамца а доьзна дара. ЦхьамогӀа дехаршна дуьххьалдӀа эфир йоьдуш а йолуш сацамаш бира ас. Сихонца кхочушдира хӀусамашца доьзна долу цхьадолу дехарш», – йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

ДуьххьалдӀа эфир дӀахьош беспилотникийн тӀелатарх лаьцна а дийцина Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира, уьш бахьана долуш цхьа а кхелхина цахилар а, царна кхачо йоллуш дуьхьало йеш хилар а.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаам бира схьадахкийтина 10 эзар сов долу хаттарш а, дехарш а лерина толлург хиларан хьокъехь. Цуьнан тӀедилларца Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацехь кхоьллина леррина комисси йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: