
Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада белхан кхеташо дӀайаьхьна Нохчийчоьнан вице-премьерашца. Цигахь дийцаре дира 2026-чу шарахь дан леринарг а, Нохчийн Республикин социальни-экономика кхиоран гӀуллакхаш а. Цул сов, кхеташонан гурашкахь жамӀаш дира дӀадаханчу шарахь бинчу белхан.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командо дика а, жоьпалле а болх бар а, Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана даима а гӀо-накъосталла дар а бахьана долуш, хьалха хӀиттийна хилла йолу Ӏалашонаш кхочушйан аьтто хилла», – йаздина Даудов Мохьмада телеграмерчу шен агӀонехь.
Премьер-министра карарчу шарна йолу коьрта Ӏалашонаш а билгалйехира. Цу йукъахь ду налогийн декъехь йолу таронаш алсамйахарехула а, белхан керла меттигаш кхолларехула хьалхуо кхочушйан йолийна хилла йолу проекташ чекхйахар а, Ӏедалан органаша пачхьалкхан программаш а, къоман проекташ а, инвестицийн даккхий гӀуллакхаш а кхочушдарехь жигара дакъалацар а.
Дагадоуьйту, Кадыров Рамзана дӀакхайкхийначу Лаьмнийн кӀоштийн а, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран а шо дӏадахьаран штаб Даудов Мохьмадах тешийна хилар.
Иштта оцу кхеташонехь дийцаре дира Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Россин Федерацин пачхьалкхан Думин, Нохчийн Республикин Парламентан, Грозненски Думин, муниципальни 15 округийн депутатийн а харжамашна кечамаш бар а.
—