
Москвахь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Ӏаьрбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентан Мухьаммад Бен Заид Аль Нахайянан а хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь Мехк-Дас хаам бина телеграммерчу шен агӏонехь.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, Путин Владимира тидам тӏебахийтира хӏокху шарахь шина пачхьалкхана йукъахь дипломатин зӏенаш йолу 55 шо кхочуш хиларна а, Ӏаьрбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташца долу гергарло чӏагӏлуш хиларна а. Ткъа ОАЭ-н Президента цхьаьнакхетарх ша воккхавеш хилар а хоуьйтуш баркалла элира ша дика тӀелацарна.
«Дуьненайукъарчу чолхечу хьоле а, арахьарчу тӀеӀаткъаме а хьаьжна ца Ӏаш Россина а, ОАЭ-на йукъара гӀуллакхаш кхуьуш ду, экономикин а, гуманитарни цхьаьнагӀуллакхашдар шорлуш ду. Оцу гӀуллакхна йукъа хазна Нохчийн Республико а йуьллу: цхьаьна кхочушдеш тайп-тайпана дӀадолораш ду, дуккха а дакъошкахь чӀагӀлуш йу йукъаметтигаш. Мехаллаш а, Ӏалашонаш а цхьаьна йогӀу, цо къаьстина чӀагӀ а до, пайде а до цхьаьнагӀуллакхашдар.
Нохчийн Республикехь гуттар а хаалуш дара Ӏаьрбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара цӀена а, мехала а долу гӀо. И гӀо а, терго а, халчу муьрашкахь а тӀаьхьа хилла долу, вежараллин масал ду», – аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.