Кадыров Ахьмад дешаран декъан куратор хӀоттийна

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель – Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министр Кадыров Ахьмад республикин дешаран декъан куратор хӀоттийна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

«Вайн йукъаралла а, пачхьалкх а кхиорехь уггаре а мехала хӀума гуттар хилла а, долуш а ду дешаран дакъа. Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан вице-премьеран декхарш суна тӀедахкарца, соьх тешийна мехала агӀо курировать йар», – аьлла Кадыров Ахьмада.

Цо билгалдаьккхира, Кадыров Рамзана тӀедехкинчу декхаршца а, Ӏалашонашца а догӀуш, регионехь жигара дӀахьош бу дешар дикачу тӀегӀана тӀе даккхаран болх. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министраца Дааев Хож-Баудица шен хиллачу цхьаьнакхетарехь цо дийцаре дина дешар кхиоран гӀуллакхаш.

Кадыров Ахьмада дагадаийтира, уггаре а халчу хенахь дешар меттахӀотто волавелларг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: