Иштта вар-кха шун юьртахо

Гуьмсан кIоштарчу Энгель-Юьртара Бетарсолта кхелхинера. ДоьалгIачу дийне даьлла, тезет дуткъделлачу хенахь, цхьа къонах веара кхелхинчух кадам бан. Бухарчех цхьанна а вевзаш цахиларехь гуш дара, лула ярташкара воцуш, генаро веана хьаша иза хилар.

Верасашка кадам бина, хьаша охьахиъначул тIаьхьа, цхьа а вист ца хуьлуш, жимма хан елира. Юха, ша беана некъ бовзуьйтуш, вистхилира хьаша.

– Тезета воьдург а цхьа некъ эце воьду-кха, цхьана бехкенна я гергарлонна, – долийра цо шен къамел. – ХIокху кхелхинчун верасех цхьа а вевзаш ца веана со я со вевзаш стаг вац кхузахь, бакъду, хIара Бетарсолта вовзар нисделлера сан. Кхалхийначохь дара иза, ГIиргIизойн махкахь. Вайнахана хала еана гуьйре яра, мацалло бIарздина хьийзара адам. Мухха а ка даьлла, колхозан хьаьттара кIезиг ялтех хIума еанера ас. И гучудаьлла, лецира. ХIетахь нохчашца дукха луьра дара Iедал. «Полуторка» олучу машенахь районе вуьгуш, цхьана юьртахь сецира машен. ТIех волуш волу со санна цхьа миска, леррина соьга хьаьжна, вистхилира: «Къонах, нохчи ву-кха хьо?». Тхойшиъ доцца тIекаре велира. Со лаьцна вуьгуш вуйла шена хиъча, «тахана хьуна дан кхин вешийла дац сан» олуш, шена тIера яьккхина кетар а, ша четахь лачкъийна  а хьош хилла бепиган булка а кховдийра хьала. Ас хIан-хIа бахарх, юха а ца ийцира. Оцу заманахь кетар елча а, баьпган булка лур йолуш стаг дукха хир вацара. Иштта вар-кха шун юьртахо, Дала гечдойла цунна.

Сараханов АбутIахира дийцира шена аьлла, хIара хабар дийцира тхуна Энгель-Юьртан вахархочо Шабазов ЖанIелас.

 

Хь.АБАЕВ

№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: