Путинан кӀоштахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бульвар хир йу

Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад хилира Путин Владимиран цӀарах йолчу керлачу кӀоштан шолгӀа могӀа баран болх дӀахьочу майданехь. Цо теллира дӀахьош болу белхаш.

Уггаре а хьалха иза хьаьжира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу бульваре. Цуьнан йохалла 1,8 км йу. СадаӀаран меттигна гуонаха хьаладеш ду дукхагӀаьтнийн цӀенош ду.

Кадыров Хас-Мохьмада тидам тӀебахийтира гӀаш дӀасалелачарна лерина тӀай даран балхана. Объекто цхьаьнатухур йу бульвар керлачу маьждигца. Иза лерина ду 5 эзар стагана.
Иштта, Соьлжа-ГӀалин мэр хьаьжира тоннелаш йаран балхе а.

«Йерриге а объекташ Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца йеш йу. Цуьнан гӀоьнца, накъосталлица къахьоьгуш ду вай вайн гӀалахь бегӀийла хьал хилийтаран Ӏалашонца», – элира Соьлжа-ГӀалин мэра.

Инспекци йина ваьллачул тӀаьхьа Кадыров Хас-Мохьмада билгалдаьккхира, берриге а белхаш хӀиттийначу хенашца дӀахьош хилар. Иштта, цо баркалла элира берриге а белхалошна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: